Масала ду х1ара 1илмано ша 1амийначух эла веш хилар. Хьасан аль-Басрий, Дала къинхетам бойла цунах, воккха 1елам стаг хилла. Цуьнгахь долчу 1илмано лакхаваьккхина иза, нахана и хьашт хилла, амма иза церан дуьненах гена ваьлла хилла.
Лараме бусалба нах! 1илма Аллах1ан дуьхьа 1амадан дезаш ду. Дуьненан дуьхьа 1илма 1амор хьарам ду. Делера йоле сатуьйсуш 1амадан деза 1илма. Делахь а, Дала цу 1илманца дуьненахь лакха воккху 1елам стаг. Дала цо лелош дерг ца дойу. Наха шайн доьзале дуьненан 1илманаш 1амадойту, шарий1атан 1илманна т1е ца берзабо цара шайн доьзал, цу шарий1ат 1илмо царна х1умма а лур дац моьттуш, доьзал къен бисаран кхоьруш. Иза доккха г1алат ду. Дуьненан 1илмано дуьне хуьлуьйту, амма эхарт ца хуьлуьйту. Дуьненан 1илма довзар коьрта ду, оьшуш ду, амма дац шарий1ат 1илма д1а а тесна оьшуш-м. Ший а цхьана 1амадан деза. Амма деккъа шарий1ат 1илма 1амош верг Дала д1атосур вац. Дала вуьтур вац иза Шен диканах. Имам Ибн Жавзийс, Аллах1а къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ша шарий1ат 1илма 1амадан волавелира, шен накъостий дуьне даккха буьйлабелира. Цул т1аьхьа тхо къанделча, хьаьжира со айса гулдинчуьнга а, цара гулдинчуьнга а. Т1аккха суна гира цаьргахь долу дуьне сайгахь а дуй, амма соьгахь долу 1илма цаьргахь дацара».
Хьажа, ма доккха маь1на долуш къамел ду иза. Цаьргахь долу ахча, т1ейуху х1ума, х1усам, кхиндерг а цуьнгахьа а хилла, амма цо 1амадина 1илма цаьргахь ца хилла. Цо йаздина жайнеш, бина хьехамаш, делла жоьпаш, цо йаьккхина 1аламат йоккха ял ца хилла цаьргахь. Т1аккха хиъна цунна, шена цхьа́ а эшам ца хиллийла, амма царна эшам хиллийла. Цундела, д1ало хьайн доьзал 1илма 1амо. Хилахь 1илманча хир цунах, ца хилахь шен дин девзаш дика бусалба стаг хир ву, дуьненахь а, эхартехь а хьуна пайде а волуш, Дала мукъ лахь.