1илма Пайхамарийн, Аллах1ера салам хуьлда царна, ирс ду. Цара т1аьхьадитинарг 1илма ду, дуьне дац. Ткъа Пайхамарийн, Аллах1ера салам хийла царна, ирс схьаэцнарг сийлахь к1ант а, йо1 а ду. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда царна, аьлла: «Баккъаллаъ, Пайхамарш ирс ца дитина динар а, дирх1ам а, делахь а, цара ирс дитина 1илма дитарца. Ткъа иза (1илма) схьаэцначо, доккха да́къа схьаэцна».
Кху хьадийсо гойту, Пайхамарийн, Аллах1ера салам хуьлда царна, ирс схьаэцар доккха дика да́къа схьаэцар ду. Ма доккха ирс ду цо схьаэцнарг. Ма боккха пайда хир бу цунна цу ирсах дуьненахь а, эхартахь а.
Лараме бусалба нах! Вайна 1илма довза деза. 1илма 1амо деза вай. Цуьнца нисдала деза вай. Т1аккха вайна хиънарг кхечарна д1ахьеха а деза вай. Кхечарна д1акхача дан деза вай иза. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Д1акхачаде соьгара цхьа аят кхачадай а».
Цхьа яат бен дацахь а шена хуург д1акхачо дезаш ву бусалба стаг. Шена девза к1еззиг 1илма д1акхачо декхарийлахь ву.
1илма довзар Делера доккха совг1ат ду адаман. Делера доккха дика ду иза цунна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: « Аллах1ан цхьаннийца дика хила лаахь, Цо цунна фикъх1 1амадо».
Фикъх1, – иза шарий1ат 1илма ду. Хьарам, хьанал довзар ду. Стагна 1илма довзар 1аламат ду, Далла цуьнна дика лиъна хилар. 1илманна герга вахар, Далла герга вахар ду. 1илманехь са́валар, Делан диканехь савалар ду. Боккъаллаъ, дика ойла йан йезара вай 1илман хьокъехь. Массо а 1илманна т1ехь са́довлуш хила дезара вай. 1илма 1амор ду хьуна бусалба динах кинижка йешар, хьехаме ладохар, хуучуьнга хаттар. Иза деригг а йоккха ял хуьлуш х1ума ду хьуна, х1унда аьлча 1илма 1амадар долу дела иза, ткъа Дала 1илма 1амаде боху вайга, цундела, цу т1ехь садовла хьовса деза вай.
Дала Шен Элчанна т1едиллина хилла Шега цхьа х1ума деха. Х1ун деха аьлла хаьий хьуна Дала Шега?
Дала къуръан чохь аьлла: «Ахьа ала, х1ай сан Дела! Са́ваккха со 1илманехь».
Къаьсттина и цхьа х1ума деха аьлла Дала Шен Элчане. Кхин долу х1ума деха ца аьлла. Х1унда ца аьлла? Х1унда аьлча 1илмано кхидолу деригге х1ума чулоцу дела. Хьажахьа, ма доккха ду Аллах1ан хьикмат! Ма нийса бу Делан некъ! Вайгахь 1илма хилчхьана, кхидерг деригге вайгахь долуш ду-кх Делан пурбанца, долуш ду бохург, 1илманца и деригге схьадог1ур ду-кха вайна, цкъа хьалха 1илма 1амадахь.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дуьненна не1алт аьлла ду, не1алт аьлла цу чохь долчунна а, Лекха Аллах1 хьахвар доцург а, цуьнца доцург а, 1елам стаг а, мут1елам воцург а».
Стаг галвоккхучу дуьненна не1алт аьлла. Амма Аллах1ан динца тасайелла муьлхха а 1амал уггаре а диках йерг йу. Дуьне лаха дезаш ду, амма Дела оьг1аз а вохуьйтуш лохуш долу дуьне шена не1алт аьлла ду.
1илма 1амор ялсамане боьду некъ бу. Ялсамане ваха ара ваьлла ву 1илма 1амош верг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Миллаъ 1илма 1аморан некъа т1е валахь, Аллах1а атта бийр бу цунна цуьнца ялсамане боьду некъ».
Х1унда аьлча 1илмано дика дерг бен ца довзуьйту. Дикачунна бен т1е ца вуьгу 1илмано. Ткъа дикано ялсамане вуьгу. 1елас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Бахам ахь ларабо, ткъа 1илмано хьо лараво».
Гой вайна, 1илмано вай лардеш ялсамане дуьгу, амма бахам вай ларбабезаш бу, цунах пайда эцахь вайна ялсамани хир йу, ца эцахь ялсаманах девр а ду, Дала лардойла вай вочух, галадовларх.
Дуьненахь наха вовшенца дуккха а х1уманца хьаг1 лела йо. Хьаг1 хьарам йу, делахь а, хьарамца бала берш к1езиг бу кху заманахь. Хьаг1 лелочо са туьйсу, кхечуьнгара х1ума д1а а даьлла, шена иза дисаре. Иза доккха къа ду. Хьаг1 лело мегаш хилча, ши х1ума бен хьакъ дацара хьаг1 лело. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: