Гой хьуна чаг1арах схьа мел даьлла зе. Чаг1арах стаг вехча дуккха а зене х1уманаш дуьйлу цуьнгара, шен хьекъалехь волуш цуьнгара дуьйлур доцуш долу. Хийлаза стаг йуьхь1аьржа х1оьттина чаг1ар бахьана долуш. Хийлаза нахала ваьлла чаг1ар молуш верг. Хийлаза шех нах бела бина цо. Хийлаза дукха бохамаш бевлла цуьнгара чаг1ар малар бахьана долуш. Цундела аьлла чаг1арах «боьхаллийн нана». Х1унда аьлча цуьнан зе доза доцуш ду. Х1ун дер ду ца хаьа молучуьнгара, х1унда аьлча х1ораза а кхин а доьхнарг, кхин а бохаме дерг, кхин а ирча дерг, кхин а нахана беламе дерг бен цуьнгара ца долу дела. Цундела, ларлахьара вай чаг1арах, Аллах1ан дуьхьа дитахьара вай иза.
Чаг1арах гена хилар дикачу нехан куц ду. Абу-Бакр Сиддийкъ, Аллах1 реза хуьлда цунна, цкъа а чаг1ар мелла вац ша, ша бусалба волуш а, бусалба хилале а.
ДИЙЦАР
1абба́с бин Марда́сига хаьттина хилла «Х1унда дитина ахьа чаг1ар?» Цо жоп делла: «Суна ца дийзира 1уьйранна сайн къомана эла хуьлуш, суьйранна царех уггаре 1овдал верг хилар».
И бохург, 1уьйранна хьекъал чохь волуш сайн къомана йуккъахь эла ву со, амма суьйранна аса чаг1ар мелча сайн къоманна йуккъахь 1овдал верг хуьлу со.
Цундела, лараме бусалба ваша, йиша, и боьха чаг1ар хила ца деза вайна йуккъахь, хилахь а д1адаккха деза. Чаг1ар молушверг цунах гена вала веза. Тоба а дина дита деза чаг1ар. Даггара тоба дойла вай, х1ай сан бусалба вежарий, йижарий! Веза-Сийлахьчу Аллах1а боху къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Шу дерза Деле ц1ена тоба дарца – хила тарло шун Дала шу къинойх ц1анда, шу бошмашна чу дига а, шайн бухахула хиш оьхуш йолу».
Тобанан не1 йиллина ма йу дийнахь а, буса а. Даима тоба деш хила везаш ма ву бусалба стаг. Цхьана бахьанца нисделла ахьа чаг1ар малар, амма Аллах1ан дуьхьа дита иза. Къаьсттина Дала Шен дуьхьа дитинчу х1уманан дуьхьа цулла а диканиг лур ду хьуна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаммо цхьа х1ума дитахь Аллах1ан дуьхьа, Цо цунна цуьнан метта цул а диканиг лур ду».
Хьажал хьо, Аллах1ан хазачу бекхаме! Шен дуьхьа хьарам дерг дитинчунна Аллах1а цул а доккханиг, диканиг лург хилча, хьуна а лур ма ду Цо иза. Хьуна ца моьттург лур ду Дала. Хьо ирсе хинверг. Хьуна гонахьара нах а хьоьца ирсе хир болу х1ума. Дуьненахь а, эхартахь а хьуна пайдехь хир дерг. Цундела, варйилахь, нислолахь Делан нийсонна т1ехь.
Дала Ша реза Волчу х1уманан т1ехь нисдойла вай. Дала къинхетам бойла вайх. Дала даггара Шех кхоьручех дойла вай.
БУСАЛБА ДИН 1АМОРАН ЯЛ
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду37:
Лараме бусалба нах! Вайн деригге а дахар бусалба дин хила деза. Бусалба дин вайна массо а хьелашкахь гучу дала деза вайн дахарехь. Бусалба дин вайн дахарехь коьртаниг хила деза. Иза довза деза вайна, т1аккха цуьнца 1амал йан а йеза вай. Бусалба дин 1амор йоккха ял хуьлуш х1ума ду. Доккха дарж ду бусалба дин 1амор. Тахана бусалба дин довзарал а доккха х1ума ца оьшу вайна. Хьо бусалба динах лаьцна кинижка йоьшуш велахь, йа хьехаме ладуг1уш велахь, йа 1илма долчуьнга хоттуш велахь, йа 1арбий мотт 1амош велахь, йа къуръан деша 1амош велахь, йа к1оргге шарий1ат 1амош велахь, – иза деригге а бусалба дин 1амадар ду, шарий1ат 1илма 1амадар ду. Х1ораммо хьоьгучу къине хаьжина йал хир йу цунна. Цундела, вай бусалба дин 1амадар т1ехь сутара дархьама, жигара хилийтархьама, цу т1е г1ертийтархьама, х1ара хьехам бу вай бусалба дин 1амийча хуьлучу йолах лаьцна.