Кху сийлахьчу хьадийсехь Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, луушдерг нахехь долчу х1уманах шега сатийса хьакъ долу х1ума шиъ ду, Делан некъа т1ехь дойуш долу рицкъий, 1елам стаго хьоьху 1илмий. Кхин цхьа а х1ума хьакъ дац нах шех хьега, сатийса. И нийса кхетам тахана нахехь белхьара вайн хьал гуттара кхечу кепара хир дара. Амма адмана тахана оьшуш бац и нийса кхетам, вайна гуш ма дай иза-м, цунделла умматан хьал а иштта ду-кх, вайна гуш ма-хиллара.
1илма 1амор, иза кхечунна д1акхачор йоккха йал хуьлуш х1ума ду. Цу т1ехь сутара хила веза бусалба стаг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хазахетар дойла Аллах1а къонахчунна сан къамел хезина, иза 1амадина, иза д1акхачийнарг шена ма хаззар».
Ма доккха до1а ду иза бусалба дин хьоьхучунна. Кхечуьнга иза д1акхачочунна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьоьху вайна бусалба дин д1акхачор, даржадар. Вай иза дарна вайна до1а дина цо, ткъа цхьа а шеко йац Аллах1а цуьнан до1анна жоп лург хилар, бусалба дин даржочунна и до1а хирг хилар. Дала царех дойла вай.
Лараме бусалба нах! Маьждигехь къуръан 1амадо олуш хезний шуна? Шеко йац, хезна шуна иза дуккха а. Делахь а, дуккха а нах маьждиге ца оьху, къуръан 1амада. Царна хаахьарий шайна хуьлуш болу эшам, шеко йоцуш лелар бара уьш маьждиге къуръан 1амо. Ма йоккха ял йу хаьий хьуна маьждиге лелар, къуръан йа кхин долу 1илма 1амадан. Ладог1ийша кху хазачу хьадийсе а, дийцаре а.
ДИЙЦАР
Му́са бин 1алис аьлла: «Суна хезнера сан дас дуьйцуш 1укъбат бин 1а́мирера».
Цо элира: «Ара велира Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, тхо суффатехь38 (маждиг чохь) долуш».
Цо элира: «Шух хьанна дезара х1ора дийнахь Бут1хьа́не39 вахна йа 1акъийкъе40 (вахна) цигара ц1а ван боккха букъ болу ши эмкал йалош, къа ца латош йа гергарло ца хадош?»
Оха элира: «Х1ай Аллах1ан Элча! Тхуна деза-кх иза!?» Т1аккха Цо элира: «Шух цхьаъ маьждиге а вахана цо 1амадича, йа дешча ши аят Веза-Сийлахьчу Аллах1ан жайни (къуръан) чуьра, дика ду цунна шина эмкалел, кхоъ (аят) дика ду кхааннал (эмкалел), диъ (аят) дика ду йеаннал (эмкалел), аятийн бараме хьаьжина дика ду цу эмкаллийн барам».
Лараме бусалба нах! Гой шуна ма йоккха ял йу маьждиге вахна 1илма 1амор, къуръан 1амор. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эмкал хьахайина, цу хенахь 1аьрбойн уггаре тоьлла бахам эмкал лоруш хилла дела. Тахана а йац эмкал г1ийла лоруш. Тахана а йу эмкал боккха бахам. Ткъа ахьа ойла йе, дуккха а эмкалш йаха хьо реза хирг хилча, царел диках ма ду хьуна къуръан 1амадар. Цунах хуьлу ял массо х1уманал йоккха ма йу. Цунах хир болу бекхам а массо х1уманал боккха ма бу. Дуненан дуьхьа къахьоьгур вай хилча, эхартан дуьха кхиъ ч1ог1а къахьега ма деза вай. Цундела ма деза дукха Аллах1ана гергахь 1илма 1амор, къуръан 1амор.
Лараме бусалба ваша, йиша! Ма йоккха ял йу маьждиге вахна Делан 1илма 1амадар. Делан дин 1амадар. Ма доккха х1ума ду иза. Хьажахьа кху хьадийсе. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаъ маждиге вахча лууш воцуш (маьждиге воьдуш) дика дерг 1амада бен йа иза (дика дерг) хьеха бен, цунна хир йу хьадж дечунна йолу ял, кхоччуш хьадж дечуьнан».
Хьажа, ма беза некъ бу маьждиге боьду некъ. Ма йоккха ял хуьлу х1ума ду иза. Ма сема хила дезара вай цу т1ехь, лараме бусалба нах. Ма к1езиг нах бу тахана маьждиге оьхуш. Маьждигехь Делан 1илма 1амош. Лул-кулахь маьждиг доллушехь цига ца боьлхуш 1аш дукха нах бу. Воккханиг а, жиманиг а маьждигца уьйр йолуш хила веза. Маьждигехь Делан дин 1амош хила веза. Т1аккха цунна хир йолу ял ма йоккха йу-кх, кху хьадийсашкахь вайна гуш ма хиллар.