Мимбаран нур. Хьалхара жайна Сайд-Селиман Кiант Хьусайн Шовхалов

© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн Шовхалов, 2025


ISBN 978-5-0067-2146-3

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а – цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа – цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду» [(Бухари: 1, Муслим: 1907.


2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».


3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг – хууш ду, цамагийнарг а – хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг – шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг – хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг – иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь – дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь – дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза – дог ду» [(Бухари: 52, Муслим: 1599)].


4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь – тIадаман куьцехь, тIаккха оццул хенахь – цIийн улхан куьцехь, тIаккха кхин а оццул хенахь – дилханан кийсиган куьцехь. Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду – жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду – ялсаманин охIланан гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза» [(Бухари: 3208, Муслим: 2643)].


5-Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, сала а хуьлда цунна) элира аьлла: « (ХIай, нах!) Боккъалаъ, АллахI – ЦIена ву, Цо цIенаниг бен цхьа а хIума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира – новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза – иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?» [(Муслим: 1015, Тирмизи: 2992)].


6- Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю – цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.» [(Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду, Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна и)].


7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а иман диллина хир вац – шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.» [(Бухари: 13, Муслим: 45)].


8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: « (Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.» [(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].


9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина.» [(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].


10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дин – догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а» [(Муслим: 55)].


11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо – АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо – нахана а везар ву хьо»» [(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].

МИМБАРАН НУР

ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм. Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош, кхобуш волучу, вайна Ислам дин дахьаш Элча ваийтина волчу, Джах1лан боданера 1илман серлоне вай даьхна волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн Элчанна Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, Асхьа́башна, царна т1аьхьа мел ваьзначун а къемат де даллац.


Лараме бусалба нах! Ислам динал сийлахь х1ума дац вайна, цул деза а, мехала а х1ума дац бусалба стагана. Ислам динехь вахар уггаре доккха ни1мат ду адамана, цуьнан серлонца дуьне а, эхарт а доккху цо шена. Ислам динца нисвелларг – баккъалла а нисвелла ву, Ислам динца вехашверг – баккъалла а вехаш ву, Ислам дин лелош верг – баккъалла а дийна ву, Ислам динан пусар деш верг – баккъалла а Веза-Сийлахьчу Далла гергахь сийлахь ву.


Х1ара хьехамаш тайпа-тайпана меттигашкахь бар нисделла вайн: Рузбанехь а, таравихь ламазехь а, хааме г1ирсашкахь а. Ткъа вайн бусалба вашас хьахийнера вайга и хьехамаш йазбина жайни т1е баьхча дика хир дара аьлла. Цуьнан дешнаша ойла а йайтира вайга, баккъалла а, цхьа пайда хила а мегар цунах аьлла. Ткъа вайн Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: Д1акхачаде соьгара (нахана) цхьа аят кхачадай а.


Цундела, лиънера вайна х1ара хьехамаш жайни т1е йазбан, мимбар т1ехь бинчул т1аьхьа бусалба нахана пайда хиларе сатуьйсуш. Веза-Сийлахьчу Деле доьху вай кху балхах беркат дар, бусалба нахана пайда бар.

Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.

ЛАМАЗ

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьса́нин ила́ йавмиддийн. Амма ба1ду1:

ЛАМАЗ ФАРЗ ХИЛАР

Дала къуръан чохь боху: «Аш д1ах1оттаде ламаз».


Кху аятехь Дала ламаз фарз дина т1едиллина вайна. Ламаз доккха фарз ду вай х1ормаммо дан дезаш.


Иштта Дала боху къуръан чохь:

«Х1ай ийман диллинарш! Руку́1и г1о, сужуде г1о, шайн Далла 1ибадат де, дика дерг де шу декъала хила там бу».


Руку1 дар, сужуд дар ламаз дар ду, цундела Дала ламаз де боху вайга.

ЛАМАЗАН ДАЗАЛЛА

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Шуна муха хета, шух цхьаннийн не1ара хьалха татол хилча, цу чохь х1ора дийнахь пхоьазза лийчича, цуьнан (дег1а т1ера) моданах х1умма а йуьсур йарий?

Асхьабаш, Дела реза хуьлда царна, элира: Цуьнан моданах х1умма а йуьсур йацара. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна элира: Иза пхеа ламазан масала ду, Аллах1а цаьрца2 къинош д1адоху».


Субхьаналлах1! Лараме ваша, йиша! Дийнахь-буса пхиъ фарз ламаз дешверг пхоьаза хи чохь луьйчушверг санна ву, ткъа пхоьаза хи чохь луьйчушволчуьнна дег1а т1ехь цхьа а мода йуьсур йац, иштта пхи фарз ламаз деш волчунна т1ехь къа дуьсур дац. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламазан пайданах вай дика кхетийтархьама далийна масал ду иза.