Лараме бусалба нах! 1илманах тасадала деза вай. Бусалба динах а, дуьненан пайденчу х1уманах а лаьцна кинижкаш йеша йеза вай. Т1аккха вайн дахар даима хаза а, дика а хир ду. Дала Шен дине хаза йуха дахкадойла вай.
ЧАГ1АР
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду25:
Лараме бусалба нах! Вайна массарна а хууш ду корта бахош долу малар хьарам хилар. Веза-Сийлахьчу Дала хьарам дина ду и малар. Дала ч1ог1а та1зар дийр ду аьлла и молуш волчунна. Бусалба стагца дог1уш а дац корта бахош долу х1уманаш лелор. Цунах ларвала веза бусалба стаг. Вайна хаа бусалба стага чаг1ар мала ца дезий, амма вайна хаа бусалба наха и чаг1ар молий а. Иза 1аламат доккха ирча х1ума ду. Бусалба нахана ч1ог1а эшаме х1ума ду иза. Цундела Дала нахана йуккъахь бохамаш ца хилийта, царна эшам ца хилийта хьарам дина ду иза. Цу т1ехь нисбала беза бусалба нах.
Чаг1ар х1ун ду? Чаг1ар- муьлхха а корта бахош йолу х1ума йу, иза муьлххачу а х1уманах даьккхина далахь а. Хьекъал д1ахьуш йолчу х1уманах олу чаг1ар. Иза хьарам йу. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллла: «Йеригг вахош йолу х1ума чаг1ар ду».
Кхечу хьадисехь Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «йеригге молуш йолу вахош йолу х1ума хьарам йу».
Лараме бусалба ваша, йиша! Дег1ана марзделла муьлхха а х1ума дита хала ду. Цунах къаста хаза ийман а, боккха лаам а, доккха доьналла а оьшу. Бакъдолуш атта дац иза. Йехачу хенахь дег1ана марзаделла, хазаделла, цунна дика хетта х1ума дита ца лаьа дег1ана. Амма хьуна хаийла, хьо цу х1уманах вихкина ца хилар. Иза Дала хьуна чу диллина ца хилар. Цхьана бахьница марзаделла хьуна иза, амма хьан даг чохь йолу ийманан марзоно д1айоккхур йу цу хьарамчу х1уманан марзо. Хьан даг чуьра ийман ду хьуна Дала чу диллинарг. Иза бу хьан коьрта бахам. Цу хьан ийманан марзоно г1о дийр ду хьуна, ахьа деш долу хьарам х1ума дита. Мичахь йу и марзо сан даг чохь, аьлла хатта там бу ахьа. Аса олу хьоьга иза мичахь йу. Аллах1 везий хьуна? Аллах1ана хаза хета х1ума дезий хуна? Аллах1ан Элча везий хьуна? Цхьа а шеко йац хьуна Аллах1 а, Цуьнан Элча а везаш хилар. Иза йу хьуна хьан даг чуьра ийманан марзо. Цу марзонца арадаккха ахьа хьайн дагчуьра чаг1ар. И боьхалла ара а йаккхий, ийманах хьаладуза ахьа хьайн дог.
Дала къуъръан чохь чаг1ар хьарам деш аьлла:
«Х1аийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир26 а, ц1уш27 а, пхерчий28 а – шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах – шу даккхийде тарло»29.
Дала кху Шен дашехь хьарам дина чаг1ар малар. Доккха къа ду чаг1ар малар, иза молуш волчо тоба дина дита деза чаг1ар малар.
Лараме бусалба ваша, йиша! Дала шайга чаг1ар ма мала аьлча, цу хенахь хиллачу бусалба наха х1ун дина хир ду аьлла хета хьуна? Цара муха т1елецира Дала чаг1ар шайна хьарам дар? Бусалба дин дале хьалха а, деъначул т1аьхьа а чаг1ар молуш хилла уьш. Дала бусалба дин доссо долийча а чаг1ар хьарам ца динера царна, церан ийман ч1агдаллац, йеха зама йаьхьна хилла и молуш, чаг1ар дит лур доцу дела цаьрга, церан ийман ч1аг1даллац 1ийна Веза-сийлахь Дела. Бусалба дин деъна йалхитталг1ачу шарахь хьарам дина Дала чаг1ар малар. Амма цу хена хилла бусалба наха, асхьа́баша, Аллах1 реза хуьлда царна, Дала иза шайна хьарам дича дитина чаг1ар малар. Шайна чаг1ар Дала хьарам диний ма хиънехь, эццахь шайн чуьра чаг1ар ара даьккхина урамашка д1адоьттина цара. Чаг1ар молуш 1аш болу асхьабаш, Аллах1 реза хуьлда царна, иза хьарам диний хиъча чаг1ар ца молуш севцца, шайн карар чаг1ар д1адоьттина цара. Царех масал эцна хьоьга а диталур ду иза. Кийрахь бусалба дог долуш, ийман долуш бусалба стаг ма ву хьо! Аллах1а Ша реза волчу х1уманан т1ехь са воккхийла хьо.