Дала цкъа хьалха Ша бен дела воцийла хаийла бах хьоьга, айхьа «астаг1фируллох1» алале хьалха, цул т1аьхьа «астаг1фируллох1» ала. И бохург х1ун ду? Дала хьалха Ша бен Дела воций хаий бен «астаг1фируллох1» ма ала х1унда аьлла? Цуьнан жоп: «Астаг1фируллох1» бохург «аса геч дар доьху Аллах1е» бохург ду. Ткъа ахьа хьайна геч дар доьхуш, айхьа хьаьнга деха деза хаа дезий хьуна? Деза. Цуьнга муха деха деза хаа дезий хуна? Деза. Иза мила ву хаа дезий хьуна? Деза. Цундела аьлла-кх Дала, цкъа хьалха Ша вовза, Ша цхьаъ вуй хаа, Шега муха деха деза хаа, т1аккха Шега деха.
Гой хьуна, лараме ваша, йиша? Мел ч1ог1а коьрта ду 1илма вай йечу 1амалехь! Мух-муха а йича нийса ца хуьлу 1амал, Дала ма бохху нийса ца йинехь. Ткъа Дала ма бохху 1амал нийса йан хуур дац вайна, вай Делан 1илма девзаш ца хилахь. Цундела ду 1илма уггар коьрта х1ума. Уггар сийлахь х1ума. Цундела Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг « Икъроъ» ду, йешар ду. 1илма 1амор ду. Х1унда аьлча Ислам дин 1илманца бен нислур дац адаме. Цкъа хьалха Ислам дино и 1амал муха йе боху хаа деза, т1аккха и 1амал йан йеза.
Лараме ваша, йиша! Ма доккха х1ума ду 1илма Аллах1ан гергахь. 1илма боху дош къуръан чохь дукха хьахийна ду! Ойла йайша, дукха хьахийна хилча ма йоккха терго йина Дала 1илманна. Ткъа вай йой цунна йоккха терго. Ахьа мел терго йо 1илманна? Масс кинижка йу хьан чохь Ислам динах лаьцна? Хьайн чуьрчаьрга Ислам динах кинижкаш йоьшитий ахь? Берашка Ислам динах лаьцна кинижкаш йоьшитий ахьа? Баккъалла сема хилалахь цу т1ехь, х1ай сан лараме ваша, йиша!
1илма доцург хьайбех тера ву. 1илма адамийн массо а хьелашкахь оьшуш ду. Массо а хьелашкахь ша х1ун дан деза, муха дан деза, маца дан деза, мел дан деза, кхин д1а а хьелашкахь оьшуш ду.
Шайт1ан болх – адам галдаккхар бу. Адам тилдар. Амма 1илма долу стаг гал ца ваккхало цуьнга, цундела 1илма долу стаг шайт1ан луьра мостаг1 ву. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цха факъийх1 (1елам стаг) хала ву шайт1ана эзар 1а́бидел». 1а́бид Далла 1амал йеш верг ву, амма 1илма дац цуьнгахь. 1амал йеш волчу эзар стагана дуьхьал латта атта ду шайт1ана, цхьана 1елам стагана дуьхьал лаьттачул. Бакъволу 1елам стаг веза ву, сийлахь ву, х1унда аьлча 1илма ду цуьнгахь.
Ибан 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла Иблисан уггаре дукха цавезарг ша ву, х1унда аьлча Иблисо цхьа х1ума йукъа доккху, 1илма доцу нах цу х1уманна т1аьхьа бозу, ткъа Ибн 1аббаса иза дохадой д1адоккху, нахана иза нийса ца хилар билгал а доккху. Цундела ца везаш хилла иблисана Ибн 1абба́с. Ибан 1абба́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, воккха 1елам стаг хилла. 1илма хилла цуьнгахь, цундела чекхдолуьйтуш ца хилла цо иблиса лела до х1уманаш, цундела иблисана ч1ог1а новкъа хилла иза. Иштта х1ора а 1илма девзаш волу стаг иблисан мостаг1 ву. Амма шегахь 1илма а доцуш, Далла муьт1ахь хила г1ерташ волчу стагана иблиса цхьа х1ума хаза до, ткъа шегахь 1илма ца хиларе терра и х1ума иблисера дуй хаа, и стаг цу балхана т1аьхьавозу ша дика до моьттуш, ткъа иблиса иза гал воккху. Цундела, 1илма уггар хьалха хила дезаш ду. Цундела, 1илма 1амо деза вай. 1илма довза деза вайна. Бакъболчу 1елам нахе ладоха деза.
1илманца ца делла жоп галдаьлла жоп ду. 1илманца ца дуьстина х1ума нийса дуьстина дац. 1илманца ца хадийна мах нийса хадийна мах бац. Иза билгал долу вайна, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дийцинчу хьадийсаца. Цо аьлла: «Боккъалла а, Аллах1а нахера 1илма схьа ца доккху (оззийна) схьадаккхарца, делахьаъ 1елам нах д1еэцарца 1илма д1аоьцу Цо. Эххара цхьа а 1елам стаг ца витича, цара лоцур бу (шайн т1е) жех1ал коьрташ (1илм доцу нах), цара (наха) цаьрга хоттур ду (динехь х1ума), цара жоп лура ду (шайгахь) 1илма доцуш, тилбелла уьш (жех1ал кортош), (нах а) тилбина цара».