Х1ай чаг1аран марзвелларг! Баккъаллаъ, дитахьара ахьа иза! Чаг1ар молуш а волуш хьан д1авалар хилахь, чаг1ар молуш а волуш Далла дуьхьал г1атта а вийр ма ву хьо, ткъа цулла а йоккха дакъазалла йан а йуй? Йуха валахьара х1ора чаг1ар молуш волу стаг. Диканна т1ехь нислахьара.
Лараме бусалба нах! Эхартехь ма къаьхьа бекхам хир бу чаг1ар молучунна.
ДИЙЦАР
Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу Еман махкара стаг веъна. Цо хаьттина Пайхамаре, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаьчк1ах даьккхинчу маларах. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Ваха вой цо»?
Стага аьлла: «Х1аъ».
Т1аккха Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Йеригге а вахош йерг хьарам йу, баккъаллаъ, Вези-Сийлахьчу Аллах1ана т1ехь ч1аг1о йу чаг1ар молучунна, цуьнга т1ийнатул хоба́л чуьра малийтар». Наха хаьттира: «Х1ай, Аллах1ан Элча! Х1ун йу т1ийнатул хоба́л»? Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Жоьжахат ох1лан хьацар ду».
Йа Аллах1! Ма ч1ог1а ларавала везар чаг1арх. Атта дац хьуна ялсамани чохь хьайн ни1матехь ваха, жоьжахатан чохь цуьнан ох1лан хьацар муьйлучулла а? Дер дуй, дукха атта-м. Цундела, Аллах1а беш бекхам бу иза чаг1ар молуш хиллачунна, цо ша валале тоба а дина, иза дохко ца валахь, цунна хир ду и 1азап эхартехь. Цундела, варийлахь сиха дохко валалахь, тоба делахь, чаг1ар диталахь, ма хилалахь жоьжахатан ох1лан хьацар мер долчарех, хьо хилалахь ялсаманан малар мер долчарех!
Ткъа дуьненахь чаг1ар молуш хилларг, ша ялсаманан чаг1арах воккху цо. Ялсаман чохь а хир ду чаг1ар, амма вахош хир дац иза. Дуьненахь чаг1арх ларбеллачара мер ду иза, амма дуьненахь чаг1ар молуш хиллачара мер дац ялсаманчуьра чаг1ар.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаъа а чаг1ар малахь дуьненахь, цул т1аьхьа цо цунах тоба ца динехь, цунна хир дац иза30 эхартехь».
Лараме бусалба ваша, йиша! Бакъдерг алахь, эхартера чаг1ар дика хир ду, йа дуьненан чаг1ар дика хир ду? Шеко йац ахьа эхартараниг г1олехь хир ду олург хиларан т1ехь. Цундела, эхартан х1уманан т1ег1ерта ца деза вай, дуьненан хьарам х1ума 1ад а дитина? Дера дезий эр ду ахьа. Цундела, варийлахь, ма ваккхийталахь хьо дуьненан чаг1аре эхартан чаг1арах. Собаре хилалахь дуьненан чаг1ар маларх, эхартахь мера ду ахьа иза, Дала мукълахь.
Валлах1и, ма кхераме ду-кх чаг1ар молучуьн хьал. Хьажа, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар муьйлуш верг ц1ун31 1ибадат деш верг санна ву».
Йа Аллах1! Ма кхераме х1ума ду чаг1ар мийлар. Ц1ун 1ибадат дар ширк ду, Аллах1аца дела лацар ду иза. Ц1ун 1ибадат деш верг уггаре доккха къа латадеш ву. Цу къа т1ехь веллачунна Аллах1а геч дийр дац, даима жоьжахати чохь хир ву иза. Ткъа чаг1ар молуш верг Аллах1аца накъост лоцуш верг санна хилча кхераме ца хуьлу цуьнан хьал!? Сагаттадан дезаш х1ума ду иза вай.
Ц1унна 1ибадат деш верг керста ву, амма и бохург дац чаг1ар молуш верг и санна кериста ву. Делахьа а, чаг1ар молуш верг цу керистах тера ву, х1унда аьлча керистачу стеган ламаз Дала къобал ца до, иштта чаг1ар молучуьнан ламаз а къобал ца до Дала. Кхин т1е а ц1унна 1ибадат дарий, чаг1ар маларий цхьана хьахийна Дала къуръан чохь, цундела а ву и шиъ вовшех тера. Дала аьлла къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир32 а, ц1уш33 а, пхерчий34 а – шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах – шу даккхийде тарло»35.
Кхин а и шиъ вовшех тера хуьлу, ц1унна 1ибадат деш волчо шена ц1унна 1ибадат дар хьанал дина, т1аккха иза кериста хилла, х1унда аьлча Аллах1а хьарам динарг хьанал дина цо. Иштта чаг1ар молучо а чаг1ар хьанал ду аьлла малахь, иза а кериста хуьлу, х1унда аьлча, Аллах1о хьарам динарг хьанал дина цо. Амма цунна чаг1ар малар хьарам дуй хууш, т1аккха а цо иза малахь, кериста ца хуьлу иза, амма г1ийла бусалба хуьлу, Далла гергахь шен хьал кхераме долуш, ц1унна 1ибадат деш волчу кериста стагах тера волуш.