«Шуна ца деза тарло цхьа х1ума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа х1ума, и шуна вон а долуш. И Аллах1 хууш ву, шу хууш дац»19.


Лараме ваша, йиша! Гой хьуна, мел деза а, доккха а х1ума ду истихарат ламаз. Мел ч1ог1а оьшуш ду иза вайна, вешан дахарехь г1алаташ ца даха, гал ца довла, вешан г1уллакхаш дика а, беркате а хилийта. Цундела, варийлахь, сема хиллахь кху ламаз дарна т1ехь, Деле хьайна дикахдерг харжар доьхуш хилалахь, хьайна хетачунна т1е тевжина ма лелалахь, цхьана Аллах1ана т1етевжина лелалахь. «Цхьана Аллах1ана т1етовжа, шаьш муъминаш20 делахь»21 – аьлла Дала къуръан чохь.


Аллах1а Шен дине йуха дерзадойла вай хаза дерзадарца. Субхьа́накаллох1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка. Акъу́лу къовли х1аза ва астаг1фируЛЛо́х1а ли́ ва лакум, фастаг1фиру́х1у фаиннах1у Тавва́бун Рохьийм, ва а́хиру да1ва́на анильхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, вассала́му 1алайкум ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у.

1ИЛМА

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду22:


Лараме бусалба нах! Ислам дин – нуьре дин ду. Ислам дино боданехь долу адам серлоне доккху. Нийсачу некъа т1е х1оттадо. Ткъа Ислам дино иза до 1илманца. Адамна 1илма 1аморца и адам хаза ирсечу дахаре кхача до Ислам дино. 1илма – Ислам динан герз ду. 1илманца бен Ислам дин д1а ца х1утту нахана йуккъехь. Цундела, Далла ч1ог1а ч1аг1дина т1едиллина вайна 1илма 1амор. 1илма девзаш хилар. Вай боданера серлоне довлийта, харцонера нийсоне довлийта, дакъазаллера декъалхиларе довлийта.

Ислам дин дале латта т1ехь бода хилла. Бода хилла бохург, нахехь 1илма ца хилла бохург ду. Адам ша х1ун лело деза а ца хууш шена луъ-луъург леладеш хилла. 1аламат дукха харцонаш, г1алаташ, зулманаш хилла. Нийса дин девзаш ца хилла. Дела вовза ма-веззара вевзаш ца хилла. Цунна 1ибадат деш ца хилла. Амма, Ислам дино иза деригге къобал ца до, цундела, Ислам дино иза деригг а д1адаьккхира. Иза деригг д1а а даьккхина, 1илма делира Дала адамана.

Дала 1илма деза лерина, 1илма девзаш верг а веза лерина. 1илма девзашверг а, 1илма ца девзашверг а цхьатерра ца лору Дала. Дала боху къуръан чохь: «Цхьатерра буй хуушберш а, ца хуушберш а? Баккъалла а, ойла йийр йу хьекъал долчара»23.


Кхузахь Далла луушдерг 1илма хуушверг а, 1илма ца хуучул а веза хилар ду. Ойла йе боху вайга Дала. 1илмана т1едерза боху вайга Дала. 1илмадерг веза ву, тоьлла ву, дика ву, нийса ву, 1илма доцучул а бохург ду иза. 1илманца бен дуьне а, эхарт а девзар дац. 1илманца бен и шиъ даккхалур а дац.

Вай кхузахь дуьйцург уггаре хьалха шарий1ат 1илма ду. Ислам дин довзар ду. Ислам динах цхьа а х1ума ца хууш ца хилар ду. Шена оьшучул Ислам динах 1илма хилар ду. Амма тахана нахана Ислам динах лаьцна цхьа а х1ума ца хаьа. Цхьа к1еззиг бу 1илманца бала берш, иза 1амош берш. Дукхачарна т1ехула х1уманаш хаьа, амма нисса, къеггина, х1ора х1ума шен-шен меттехь долуш дийца ца хаьа. Ца девза тахана нахана 1илма. Цундела дуьйцу вай х1ара, 1илмана т1аьхь сутара девр дацара теша вай? Хьехамашка ладоьг1на а, кинигаш йешна а, хьехаре ладоьг1на а 1илма 1амор дацар теша вай?

1илма ч1ог1а оьшуш ду вайна! Иза коьрта х1ума ду адамийн дахарехь. 1илмий бен кхин башхалла йац адамашна а, хьайбанашна а йуккъехь. Дера йац!

Хьажал, Дала 1илма мел деза лерина къуръан чохь! Къуръан чохь 70 000 сов дош ду. Царех Дала вайга уггар хьалха аьлларг « Икъроъ» ду. « Икъроъ» бохург «йеша» бохург ду. Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг 1илма 1амор ду. 70 000 сов дашан йуккъера «йеша» дош х1унда аьлла вайга Дала кхи дош а ца олуш? Ламаз де, йа марха кхаба, йа саг1а ло, йа дика хила, йа кхидерг х1унда ца аьлла Дала вайга? Дера ца аьлла цу деригге х1уманан дог1а 1илма долу дела. Уьш муха дийр ду царех лаьцна 1илма ца хилча, цундела 1илма хьалхадаьккхина Дала. Х1унда аьлча 1амалш йарх кхачам бац, уьш нийса йеш ца хилча. Ткъа уьш нийса муха йийр йу? Дер йийр йу царех лаьцна 1илма 1амийча. Масала,«астаг1фируллох1» олукх наха. Цхьа жима дош дукх иза. Цхьа дош бен дац-кх иза. Делахь а, и цхьа дош олуш а, иза алале а цкъа хьалха цунах лаьцна 1илма 1амаде аьлла вайга Дала. Хьажал, Дала къуръан чохь боху