Валлах1и, ма ч1ог1а Далла муьт1ахь хуьлуш хилла асхьа́баш, Аллах1 реза хуьлда царна. Хьажа кху масале.

ДИЙЦАР

Анас бин Ма́лика, Аллах1 реза хуьлда цунна, дуьйцу:

«Со Абу-т1олхьатна а, хьенехан а, хьенехан а чаг1ар дуттуш лаьтташ вара царна уллохь. Цхьа стаг веара тхуна т1е, цо элира: Хабар кхаьчний шуьга?

Цара элира: Х1ун хабар?

Цо элира: Чаг1ар хьарам дина!

Цара элира: Д1а1анайе х1ара пхьег1аш, х1ай Анас.

Цара ца хаьттира чаг1арах лаьцна х1умма а, хабар бакъ ду йа дац, х1ун ду мила ду, шайга и хабар кхаьчча».


Иштта хилла церан Аллах1ан муьт1ахь хилар. Даламукълахь, царех масал оьцур ду вай а. Уьш санна хила деза вай, эрна къамелаш а ца деш, г1арч1 аьлла, Делан дуьхьа дита деза чаг1ар. Ойла йе, мел хала хилла царна иза дита, х1унда аьлча деха шерашкахь чаг1ар цара мийлина дела. Чаг1ар ца дезаш бацар уьш, делахь а, Аллах1 алсам везара царна, шайна дезачу массо х1уманел а, цундела Аллах1а хьарам дича эццахь дитира цара чаг1ар. Хьуна а атта дац иза дита, делахь а, Аллах1ан дуьхьа ахьа муьлхха а х1ума дуьтур дуй хаа суна, цундела, ахьа а дуьтур ду иза, шеко йоцуш, Аллах1ан дуьхьа.

ЧАГ1АР МОЛУЧУННА ТА1ЗАР

Ма кхераме х1ума ду чаг1ар малар. Ма йоккха дакъазалла йу иза. Дала не1алт аьлла чаг1ар молучунна. Дала не1алт аьллехь цхьа а кепара ирсе хир вац и стаг, х1унда аьлча дакъаз ваьлла дела иза. Дала лар дойла вай цу балхах.

Аллах1ан Элчано, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Не1алт аьлла Аллах1а чаг1аран, иза молучунна, иза дуттучунна, иза духкучунна, иза оьцучунна, иза доккхучунна, иза доккхийтачунна, иза д1ахьочунна, иза хьадоуьйтучунна».


Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Цу чаг1арх хьакхмелвеллачунна Аллах1а не1алт аьлла-кх. Ма ч1ог1а ца дезна и Аллах1ана! Ма ч1ог1а оьг1аз вахийтина Аллах1 чаг1арах хьакхлучара! Тоьар дацара царна оццулл Аллах1 оьг1аз вахча?!1ад дита мегар дацар цара иза, оццул Аллах1а не1алт аьлла хилча?!Шена т1аьхь не1алт долу адам ма кхераме ду-кх. Ма декъаза некъа т1ехь ду и адам. Варийлаш, лараме бусалба нах, герга ма хилалаш цу чаг1аран цхьанна а кепара, баккъаллаъ кхераме х1ума ду шуна иза. Хьуна ма-гарра чаг1ар молуш воцучунна а хуьлу Аллах1ан не1алт, чаг1арах иза хьакхавелла дела. Цхьаннан мотта тарло, чаг1ар молуш ца хилча иза леладан мегар ду. Аьттехьа а дац иза. Цунах муьлххачу а кепара хьакхавелларг Аллах1ан не1алт буха воьдуш ву.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, Аллах1а а, Цуьнан Элчано а хьарам дина чаг1ар дохкар!»

Чаг1ар дохкар а хьарам ду, цунах хилла ахча а хьарам ду.

Чаг1ар малар ч1ог1а кхераме х1ума ду. Иза молучуьн бусалбаналлан ч1ог1а кхераме х1ума ду иза.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мер ма дац, иза молучу хенахь иза муъмин а волуш».


Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза. Чаг1ар молучу хенахь ша муъмин волуш мер дац цо иза. Муъмин Аллах1аца ийман диллина стаг ву. Ткъа чаг1ар молучу хенахь цуьнан ийман д1аайало цунна т1ера, т1аккха ма кхерамечу хьолехь ву иза. Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза, ма боккха болх бу иза! Ма цу т1ехь сема хила дезара вай. Ма дита дезара чаг1ар молучо и боьха малар. Хьарам малар. Иза молучу хенахь шен ийман д1адоьдуш хилча, цу хьолехь ша лахь х1ун дан воллу иза?! Ша ийман долуш лийр вуй хаий цунна? Х1ай лараме бусалба нах, ларлахьара шу цу боьхачу маларах.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьана х1уманна т1ехь ваьхнарг, цу т1ехь лийр а ву, цхьана х1уманна т1ехь велларг, цу т1ехь г1аттор а ву (къемат дийнахь)».


Лараме ваша, йиша! Хьажа деза вай, муха дехаш ду вай кху дуьненахь. Муьлхачу 1амал т1ехь ду вайн дахар. Вай дехаш долучу х1уманан т1ехь далар а хир ду вайн, ткъа деллачу х1уманан т1ехь Веза-Сийлахьчу Аллах1ана дуьхьал х1иттар а хир ду. Цундела, дикачу 1амал т1ехь даха деза, цу т1ехь вешан чаккхе хиларан са а туьйсуш.