И бохург, пхи фарз ламаз дича, шовзткъе итт ламаз дича санна йал йу. Хьажахь Веза-Сийлахьчу Дала вайха биначу къинхетаме, шовзткъе итт ламаз а ца дуьллуш вайна т1е пхи ламаз диллина, амма пхи фарз ламаз дича шовзткъе итт ламаз дича санна йал йитина. Т1аккха дан ца деза вай фарз пхи ламаз? Оццул деза и хилча, оццул йоккха йал хуьлуш хилча, и пхи ламаз дан дог1ура вай, уьш фарз ца хилча а. Амма уьш фарз хилча вайн цхьа а харжам бац, лаахь а, ца лаахь а дан дезаш ду вай уьш, Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина декхар ду иза вайна х1ора дийнахь-буса. Ламаз до хан адам сема хуьлу хан йу, цундела Веза-Сийлахьчу Дала цу хенашкахь ламаз дар т1едиллина Шен лайшна, х1унда аьлча ламаз Веза-Сийлахьчу Делаца з1е йолу дела, ламаз Делаца къамел дар долу дела, ламазца лайний Веза-Сийлахьчу Деланий йуккъера йукъметтиг ч1аг1ло дела, цундела Веза-Сийлахьчу Дала пхи ламаз фарз дина т1едиллина вайна, Ша вайна даима дагахь хилийта, Ша виц ца валийта Шен лайна, Шеца йолу йукъаметтиг ч1аг1йалийтархьама цуьнан. Цундела, пхи ламаз фарз хилар Веза-Сийлахьчу Делера боккха къинхетам бу.
ЛАМАЗАН НУР
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Ламаз нур ду».
Ламаз нур ду бохург х1ун ду? И бохург ду: Фарз ламаз а, суннат ламаз а дечунна, цо деш долу ламаз нур ду, и бохург цуьнан ламазо иза 1есаллех, боьхаллех, хьарамчух ларво, нийсонна т1енисво нуьро боданехь некъа т1е нисварах терра. Цуьнан ламаз – нур ду цуьнан даг чохь, йуьхь т1ехь, каш чохь, къемат дийнахь. Ц1енна дан ма дезза ламаз дечунна шен даг чохь ирс карор ду, синпарг1ата хир ву, йуьхь сирла йаьлла хир ву, беркате стаг хир ву иза. Иштта боккха пайда бу ламазах.
ЛАМАЗ ДАН МАЬЖДИГЕ ВАХАРАН ЙАЛ
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Шен чохь ламаз а эцна, цул т1аьхьа Аллах1ан х1усамех цхьана х1усаме вахнарг7, Аллах1ан фарзашах фарз ламаз дархьама, цо йоккхуш йолу шина г1улчах цхьана г1улчо къа д1адоккху, вукхо даржехь са воккху».
Хьажахьа, мел йоккха йал йу ламазе вахар. Стагна а, зудчунна а йу иза. Цул совнаха, цул а доккха дерг алий аса хьоьга?
Делан Элчано, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Миллаъ шен х1усамера ара валахь ламаз эцна волуш фарз ламаз дан, цуьнан йал хьадж дихкинчунна санна йу».
Субхьаналлах1, ма йоккха йал йу иза. Ма атта ду вайна и йал йаккха тахана, делахь а ма г1ийла ду вай цу т1ехь. Ма сутара дац вай маьждиге ламазе дахаран т1ехь. Ма нисдала дезара вай, х1ай лараме бусалба вежарий, йижарий.
Къаьсттина деза ду боданехь 1аьржа йолуш ламазе вахар, иза 1уьйра, пхьуьйра ламазе вахар ду.
Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Кхаъ баккхалахь г1аш боданехь маьждиге боьлхучаьрга, кхоччуш нур хирг хилар (царна) къемат дийнахь».
Йа Аллах1! Ма даккхий совг1аташ ду уьш ламаз маьждигехь деш хиллачунна. Тахана вайна х1оранна уллохь маьждиг ду, х1оранна аьтто бу цига а вахана ламаз дан, делахь а ма деса ду тахана вайн маьждигаш, ма к1езиг бу цига боьлхурш. Х1ара дуьне д1адер ду, дуьсундерг эхарт ду вайна, ткъа цунна кечам бан безара вай, уггар хьалха ламазца а беш. Вай ца доьлхуш а, ца кхочуш а меттиг бан а бац, мичча а доьлху вай, делахь а, маьждиге ца доьлху. К1езиг доьлху вай Аллах1ан х1усаме. Алсам даха хьажа деза вай цига, лараме бусалба ваша, йиша.
ЛАМАЗАН ПАЙДАНАШ
1-Ламаз деш верг хуьлу Аллах1а т1едиллина 1ибадат кхочуш деш, бусалба стеган дог шен Делаца тасало.