Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, уггаре хьалха лайне къемат дийнахь цуьнан 1амалх хоттурйерг ламаз ду. Ткъа иза дика хилахь, баккъаллаъ декъала хилла иза, аьтто хилларг а хилла иза. Амма (ламаз) доьхна хилахь, баккъаллаъ дакъаз ваьлла иза, эшам а хилла цунна».
Гой хьуна, ламазах доьзна ду хьо декъал хилар а, дакъаза валар а. Хьан 1амалех уггаре хьалха хоттурйерг хьан ламаз хилча, хьан ламаз гуттар нийса, дика, кхоччуш хила деза. Цундела, ламаз т1ехь к1адо йан мегар дац. Шен хеннахь нийса, дика дан деза иза, сих а ца луш, х1ора меттехь тем беш, парг1ата дан деза бусалба стага ламаз. Ламазах вада ца г1ерташ, сихха дина т1ера даккха ца г1ерташ дан деза. Цунах самукъа долуш, синтем хуьлуш дан деза ахьа хьайн ламаз. Цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, олуш хилла Билалига, Аллах1 реза хуьлда цунна: «Х1ай Билал! Сада1ийта вайга ламазца».
Ламазехь садо1уш хилла цара, цунах церан самукъа долу дела, иза делера доккха ни1мат дуй царна хуу дела, иза Делера боккха къинхетам буй шайна хуу дела. Ламаз дан дезаш доцуш хира дара дика, йа ламаз дан дезаш долуш хира дара? Ойла йе, дийнахь-буса пхоьаза Аллах1ана хьалха х1уттуш воцуш, пхоьаза Аллах1аца къамел деш воцуш, пхоьаза Аллах1 Шен йуьхьца хьуна т1евоьрзуш а воцуш хьо хилча муха хир дара хьан дахар?! Иштта болчу нехан дахаре хьажа, т1аккха хуур ду хьуна. Дера хир дара вай т1аккха хьайбанех тера. Хьайбанел эшна а хира дара, х1унда аьлча хьайбано Дала шена т1едиллинарг кхочуш до дела. Ламаз ца хилча Аллах1 дага вог1ур вацара хьуна, Цунах гена вер вара хьо, Иза вицлур вара хьуна, Цунах вер вара хьо, Цуьнан къинхетамах. Цундела, гой хьуна мел ч1ог1а оьшу вайна ламаз.
ФИРДАВС
Ялсаман чохь уггаре лакхара меттиг Фирдавс йу. Фирдавс ялсаманан уггаре тоьлла меттиг йу ялсамани чохь. Ткъа ламаз деш хилларг Дала Фирдавс ялсамане вохуьйтур ву. Дала боху къуръан чохь: «Шайн ламазаш 1алашдеш9берш. Уьш бу верасаш. Шайна ирсана Фирдавс кхочуйерш, уьш цу чохь гуттар хир болуш»10.
Ялсамани чу бахна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре дикачу меттехь хир бу уьш. Цундела, лараме бусалба ваша, йиша! Жима х1ума дац хьуна ахьа деш долу ламаз, йа к1езиг х1ума а дац. Мелла а гуттара дика дан хьажалахь иза, х1унда аьлча Дала хьуна хьан ламазан дуьхьал луш дерг кхин а доккха х1ума долу дела. Ахьа ламаз дика мел до, Дала хьо Шен диканехь кхин а сов воккхур ву хьуна. Дала боху къуръан чохь: «Баккъаллаъ, Аса ца йойу 1амал йечун 1амал, и стаг велахь а, йа зуда йелахь а»11.
Цундела, ахьа мел дина ламазаш хьан кашчохь а, къемат дийнахь а хьуна карор ду, царех ни1мат а хир ду хьуна хьан кашчохь а, къемат дийнахь а, цундела, ма-хуьллу дукха ламазаш дан хьажалахь, фарзаш а, суннаташ а.
Хаалахь, веллачу стага ч1ог1а сатосу ламаз дан. Ладог1а кху дийцаре.
ДИЙЦАР
Абу Х1урайра, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:
«Баккъалла а, Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, (цхьан) кашана т1ехвелира. Цо элира: «Мила ву х1окху каша чохь верг?»
Наха элира: «Хьенех ву».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: « (Ламазан) ши рака1ат т1ех ч1ог1а деза кхунна шуна дисина долчу дуьненал а».
Лараме ваша, йиша! Тахана ма дукха ламазаш дан аьтто бу хьан, ма дукха мела баккха аьтто бу хьан, беллачеран боцуш болу. Хьо дийна мел ву ламазаш деш хилалахь, цкъа цхьана дийнахь д1ахедар ду хьуна х1ара дуьне. Ойла йелахь цунна. Тахана Дала ма дукха парг1атонаш йелла вайна. Вайн х1усамашкахь ма парг1ата ламазаш дан йиш йу вай. Чохь йовха йалахь шел йан аьтто бу, шийла йалахь йох йан аьтто бу, буха таса к1еда куз бу, кхин дуккха а аьттонаш бу, вайгахь лаам хилчхьани. Цундела деш хилла хьуна вайл хьалха хилчара дукха ламазаш. Шайн фарзаш дина ца 1аш, цаьрца суннаташ дина ца 1аш, кхин а меле ламазаш деш хилла цара. Масала, Имам Ахьмад бин Хьанбалас, Аллах1 реза хуьлда цунна, х1ора дийнахь 150 мелан ламаз деш хилла. Бусалба нехан паччахь хилла волу Х1арун Рашийдас, Дала къинхетам бойла цунах, х1ора дийнахь 100 мелан ламаз деш хилла. Кхин а мел дукха ду и масалш. Цара санна дукха ца дахь а, фарзаш а, цаьрца хьалхара, т1аьхьара суннаташ а мукъна диэ. Йуха кхин а суннат ламазаш де. Царех ца хедаш даима уьш деш а хила, хена йохалла дуккха а ламазаш гуллур ду хьуна.