Жимма хан йаьлча, шен кийрахь хуьлучу хийцамашца Ольга кхийтира ша доьзалхочух йуй. Цо чIагIо йира и бер дIа ца доккхуш дан а, кхио а. Иза тешна йара ша ИбрахIимана кIант вер ву аьлла. Кхолламо хIун хьоьху ца хаьара йоьIана, амма хIинца дахар деса ца хетара, дахаран маьIна цуьнан дагца нийсса кийрахь детталора. Ольгас хIинцале сатуьйссура ша вина кIант воккха хилча йа лор, йа хьехархо хиларе, хIунда аьлча ИбрахIима а ма дуьйцура шена бераллехь хьехархо хила лаьара бохуш. Иза тешара ша дерриге а диканца дIадоьрзур хиларах. Ойланаша лаьцна йехха Iаш йара иза ИбрахIима совгIатна йеанчу Лермонтовн «Кавказан поэмаш» книгин агIонаш дIа а луьстуш.

Цу книгас дуьххьара ИбрахIим вевзинчу дийнахь санна йуха а йадийна нохчийн лаьмнашка йигира иза. ХIинца и шатайпа мохк хийра бацара йоьIана, хIинца цуьнан кийрахь кхолладелла и жима са нохчийн лаьмнийн тIамарах схьадаьлла ма дара. ХIинца кхи тайпа хьоьжура йоI дахаре. Дас дийцинарг а шеконе дуьллура. Хуьлийла дац и тайпа доьналлех боьттина нах Даймахкана йамарт, хуьлийла дац лаьмнашкахь кхиънарш кIиллой. И цхьа гIалат ду… дахар дуьзна ма ду цу гIалатех. ИбрахIимах хIара къастар а ма ду дахаран цхьа Iаламат доккха гIалат.

Чехкачу догIанан Iовраш санна йоьIан йуьхьтIехула охьахецаделира бIаьрхиш.

– ХIунда хили те хьо соьца сел къиза? – цхьа къора мохь белира йоьIан кийрара.

Хаац хьанна хьажийна дара цо и хаттар – йа кхолламе, йа шен безаме, йа дерриге а дуьнене. Цунна цкъа а карор дац цу хаттарна жоп. Цуьнан дагчуьра Iийдало и бIаьрхиш цхьаъ цхьанна тIаьхьа йоьIан карахь долчу ИбрахIиман суьрта тIе лоьгура… цо белхабора шена кхин ган ца боьгIна безам…

Амма, и шиаъ ца кхетара, и ша дерриге а шаьшиммо латийначу къинаца доьзна хиларца…


III

ХIуммаъ тIекаре ца хиллера Афганистан пачхьалкха. Йа бехк а бац. Цхьанна а безара бацара шеца Iожалла йахьаш богIу хьеший. ИбрахIимана хIинца хийлозза дагатуьссура воккхах волчу вашас СаьIида дийцинарг, цо шега деш хилла долу хьехарш. Ма бакъ луьйш хиллера иза. Интернациональни декхара, афганцашна оьшу гIо иза ша дерриге а башха кIоргера ойла йан ца хуучарна лерина долу деса къамелаш хиллера. Цига дIакхоччушшехь кхийтира цунах ИбрахIим.

Маьрша адамаш дайар а, гIаланаш а, йарташ а тIе бомбанаш йетташ хIаллак йар а цхьаьна ца догIура Советски Союзан пропагандица.

Йуккъерчу бIешерашкахь дуьйна йина хилла и шира гIаланаш а, йарташ а, адамийн цхьа декъаза Iер-дахар а, аккха Iалам а – афганцашна гергара делахь а иза ша дерриге а, амма советски саьлтишна ма хийра дара иза. Цундела ца кхетара уьш вовшех. Дийнахь йуьхьаьнцара сел маьрша хета афганцаш хIора буса кара герз а оьций, мостагIашна дуьхьал тIом бан арабовлура. Советан Эскарехьа берш а бара кху махкахь, амма церан терахь вуно кIезиг дара.

Ша лелош дерг харц хилар дагчу тассаро новкъарло ца йира ИбрахIимана цу тIамехь шен йист йоцу къонахалла гайта. Иза майраллица воьдура муьлха а кхерамна дуьхьал, доьналлица чекхволура тIеман халонех. Кавказера волчу цунна кхи болчарел аттох дара ламанийн некъаш цеста а, йовхо лан а.

Кандагарана гена доццуш хиллачу цхьаьна къиза латарехь ИбрахIима куьйгалла деш йолу отделени шен кхиамашца массарел а къаьстира. Йалх сохьтахь цхьаьна а шайн стагах ца хедаш, сецийра цара шаьш дIалаьцна лекхалла. Цу тIамехь доьналла гайтарна ИбрахIимна орден а йелира, иштта бархI денна цIа ваха мокъа а витира. Иза лаккара совгIат дара. Амма ИбрахIим цIа ваха ца тигира, хIунда аьлча кхуьнан доттагIа Крутов Юрий лазийнера. Иза кхуьнца цхьаьна батальонехь вара, амма талларан ротехь. Церан взводана кIело йинера. Юрий чIогIа лазийнера – пехах а хьакхалуш, букъчухула чекхйаьллера цунна даьндарг. Тамашийна хIума дара иза дийна виссар а.