Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира ИбрахIима – дерриге а дегIах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн хIаваъ. Хеталора цу хIаваа нехан махкахь кхо Iанийначу цIийх хIара цу мIаьргонех цIанви. Генна дIахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.

– Да висса, Нохчийчоь… йиш йалара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна ИбрахIим минот йаьллехь шен урамна тIехволуш хиллера. ЦIахь хаьара хIара кху деношкахь цIа кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вогIур вуй. Кийра буьзнера ИбрахIиман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара гIайгIа а…

Москвахь ИбрахIим Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата тIехь йаздина хилларг. Галинас дуьйцура ИбрахIимера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. СабIарзделлачу шина йоьIа-м Литвиновга а гIо дехнера, амма капитана гIо дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух йара. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а йаханза деш долу и бер цо дIа ца даьккхира. Бер деш Ольга дIайелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде дIадахана.

И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма ИбрахIиман бIаьргах хин тIадам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел чIогIа Iовжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела бIаьрхиш а ца догIура. Цуьнан шеко йацара Ольга йаларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен йезар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу тIом беш, нехан цIий Iаночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И тIом герзаца бан безаш а ма бацара. ХIара стенна ваха веза хIинца? Мичахь ду дахаран маьIна? ХIара ма вара Iожалло лаца везаш верг, иза ма йацара. Стенна до те кхолламо сел къиза таIзар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем цIаьххьана бIаьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.

Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена тIера орденаш, погонаш. Юха тIера схьайаьккхина китель охьа а кхоьссина тIе мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало гIерташ, нуьцкъала ИбрахIим гIанта охьа а хаъвина, хи делира цунна. ИбрахIима масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма ИбрахIима жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.

Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьайеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, хIара тойнехь ган шайна чIогIа лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу гIертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и ИбрахIиме дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттагIа шена уллохь хила лаам буйла дIахаийтар.

ШолгIачу дийнахь цара ИбрахIимана бедарш ийцира, хIунда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь тIеман духар тIедоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана дIаелира. Цул тIаьхьа Юрийс ИбрахIим Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий дIакъаьстира вовшашка кехаташ йаздан а, гергарло лелон а тешо а йина.


…Машен йуьрта чуйогIуш йара. Дахаро Iовжийначу ИбрахIиман дагна молха хилла схьахIоьттира хьомечу йуьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузахь дахар. Массо а маьIIера схьахезаш йара зIаькардаьхниша йен гIовгIа, гуьйре йалахь а, хIинца а баьццара лаьттачу дежийлашка дIаоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна богIура зударий, цIен тIехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма цIена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна тIекхача лууш санна, кху йуьрта кхача хьаьгна вара ИбрахIим. Хеталора урамаша а йерзор йу кху тIаьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дегIана а дахаро мел йина чевнаш.