Ирс гIан санна доца ду, ирс ткъес санна чехка ду. Къастаран мIаьрго мел йуха теттарх ца Iаш тIекхочу. Цо иза неIаре кхаччалц новкъаваьккхира. Ткъа кIанта цуьнан лере а теIна элира:
– Суна сайна дахарехь гина дацара ишта хаза хIума… хьоьх тахна сан дуьне ма хили…
Амма ца магийначу безаман марзо кхетамо сиха къахьеш хиллера. Ша цу чуьра ара воллушшехь минот хьалха дегIах а, дагах а хьаьрчина цу йоьIан и йовхо ИбрахIиман кийрахь хийцира шелоно. Иза кхетара ша тховса Iадатна йамарт хиллий, дас шена чудиллиначу гIиллакхашна йамарт хиллий, ткъа иза лан хала дара. Хала дара ИбрахIимна кхета шен дегIан лаамна ша тховса эгIаза хиллий. Оцу ойланаша хьере вина дIа кхечира иза тIеман декъе…
II
Ольгин да-нана цIа деанчул тIаьхьа, доллучу хIуманан бала кхочучу лулахоша, Ольги нене сихона дIадийцира цуьнан йоьIана тIехьийзаш Кавказера кIант ву аьлла. ЙоьIе хIуммаъ а ца олуш, Вера Степановнина ша дерриге а хиира оцу кIантах лаьцна. Кхи дIа биначу талламашца иза кхийтира хIинцале хIара гIуллакх саца ца дахь, иза гена долуш дуйла. Иза шен хIусамдеца дагайелира, цуьнга ша дерриге дIа а дуьйцуш. Ткъа Ольги дена сиха хиира цу хьолера кIелхьараволийла. Цо сацам бира Хабаровск гIаланна сихонца ИбрахIим гена ваккха…
Подполковник Тарасов Николай Петрович эпсаршна а, саьлтишна а йукъахь а кIоршаме амал а йолуш, шен куьйгкIелахь болчарна жимма а гIалат ца могуьйтуш волу куьйгалхо санна вевзаш вара. Дахарехь уггаре а деза хIума дара цунна шен цхьаъ бен йоцу йоI. Иза кийча вара цуьнан дуьхьа шен ницкъ кхочург дан, амма нагггахь нислуш хуьлу де-ненан и тайпа бIаьрзечу безамо беран дахар талхош меттигаш.
Тарасовна Тасуев ИбрахIим уггаре а тоьлла саьлти санна вевзара, амма подполковникана коьрте а догIур дацара иза шен йоьIана везалур вуй. Цуьнан йоьIана, цуьнан хьоме Оленькина везавала йиш йац цунна цхьа а кхане кховдор йоцу кавказхо, цул совнаха цуьнан дай а хилла махкана йамарт бу аьлла цIера баьхна. Цо цкъа а могуьйтур дац шен йоьIана и санна дерг…
Нийсса ши кIира далале лаккхара сержант Тасуев ИбрахIим Афганистане дIахьажочу шайнлаамхойн тобанна йукъавахийтира. Цунах лаьцна ИбрахIимана ша новкъавала масех сахьт диссича бен ца хиира, цундела кIентан аьтто ца белира Ольгин Iодика йан а.
Холчу хIоьттинчу ИбрахIима Юрийга дийхира Ольга йолчу а гIой, цуьнга и шена йиц ца йеллий а, ша и йолчу вогIур вуй а дIахаийта аьлла. Амма Юрийс шен гIайгIа ца лечкъош элира доттагIчуьнга:
– Сан аьтто хир бац хьан дехара кхочуш дан, хIунда аьлча со а ву хьоьца цхьаьна Афганистане дIавоьдуш. Амма вайшиммо и гIуллакх Москвара сержантана Крушинский Сергейна тIедуьллур ду. Цо иза кхочуш ца деш дуьтур дац, цундела сихонца хьайн кехат кечде.
ИбрахIима схьадаьккхира шен кочахь кхозуш хилла дато сом. Иза нийсса йуккъах дийкъира цо. Сом беттасан кепехь хилира. Цуьнан цхьа ах шен коча тессира цо, ткъа важа кехатана йукъа а диллина Крушинскийга дIаделира. И сом эскаре воьдуш нанас делла дара цунна.
Хедас дукха жима йолуш дуьйна безамца лардеш лелош дара иза.
Цунна и шен ненера кхаьчнера. ИбрахIиман неннанас нохчийн къам Казахстане махкаха даьккхинчу хенахь хийлозза мацаллех шен доьзал ларбеш бепигах йа, шуранах хуьйцура иза, амма йуха а шен аьтто боллушшехь цIа дерзадора.
Юра а, ИбрахIим а Афганистане дIавахара. Дато соьмаца кхечира Ольге и шийла кхаъ. Везарах къастар чIогIа хала лайра йоьIа. Ткъа дас-нанас цуьнан сатедеш сих-сиха олура:
– Гой хьуна! Боккъалла а хьо йезаш хиллехь, иза цкъа а гIур вацара тIеман кIурла!
Ольгина шен дахарехь кхин ца хиира да-нана бехке дуй ша везначух къасторна. Цуьнан кехат йух-йуха доьшуш, йоI тешара иза шена кеста гур хилар. Иза дукха хIумнах ца кхетара, муха нисделла хIара ша дерриге а ишта, амма мухха а делахь а иза тешара кIентан безамах, тешара иза йуха воьрзур хиларах. Цхьаьна книги тIехь дешнера цо Ширачу Грецехь дукха чIогIа безам къа а лоруш, безнарш къастош хилла бохуш. ЙоьIана ша бехке хетара сел чIогIа ИбрахIим веза а везна цунах къастарна.