ТIекхечира мехкарша сатийсина шотде. Кегий нах зезагийн курсаш а эцна баьхкинера. Цу гIуллакхо кхин а чIогIа ирсе йинера ши йоI. Бакъ волчу тIемалочун хотIехь волчу шина кIанта бен доцуш ца йуьтура мехкарийн ойланаш. Ма эсала йелакъежара и шиъ кIенташна, азаллехь дуьйна и шиъ вевзаш волуш санна.

Уьш бехха Iара паркехь, къамел ца хедаш. Малхана гуо туьйсу дуьне санна чехкачу боларехь церан кхетамна тIегIертара безаман синхаам. Кегийчу наха сарралц цхьаьна хан йаьккхира. ХIинца дуьйна и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлура церан.

РогIера цхьаьнакхетар дийцаре деш, ИбрахIиман а, Юрийн а сацам хилира шишша дIасакъаьстина хан йаьккха. Цундела рогIера цхьаьнакхетча Галина Юрийца паркехула йолайала йахара, ткъа ИбрахIим Ольгица гIанта охьалахвелла хан йоккхуш Iара.

Маржа-йаI жималла! Ма хьере хуьлу-кх хьо синхаамо йийсаре лаьцча. Кегийчарна шайн синхаам чIург йетта догIу шовда санна цIена хетало, царна ца хаьа иза эххар а гIалато шен йоьзачу мIаранашка лоций. ИбрахIиман кийрахь боьдуш боккха къовссам бара – Iадато къуьйссура цу йоьIе баханчу безамца, иза дегIаца а, сица а йерриге а йовза дагчохь кхехкачу лаамца. Хьекъало, кхетамо кхойкхура цуьнга, доьхура цуьнга:

– ДIагIо! Дохко вала! Ма кховда цунна тIе! Ма латаде хьайх къа! Ма делла айхьа хьайна Жоьжахатан кевнаш!

Амма бIарзделла са а, дегI а хьекъалан аз хаза къора хилира. Цу хьере лаамо чуьра дуьйна хIаллаквеш вара иза. Цо вадийна вуьгура иза бух боцучу Iин йисте. Ма чIогIа марзлуш хиллера ца магийнарг. Цуьнан чам бовза цу Iин йисте шайтIано тоьттура иза. Харц лаамо машано санна лецира къона дог. Амма латийна къа мел мерза хилахь а, цуьнах хуьлучу таIзаран къаьхьо а ма йеза Iовша…

Йешна книгаш, гина фильмаш йийцаре йеш, дехха къамелех тоам ца хуьлура безамо дахийначу шинна. Йилбазан мох хилла хьевзира церан вовшашка кхийда и хьере ойла. Цкъа меллаша, йуха чIогIа йоьIан куьйг шена керайукъехь Iевдира ИбрахIима, ткъа йуха цуьнан йовхонах шен кийра бузош, маракъевлира. Цуьнан белша тIе корта а биллина ИбрахIиман бIаьра хьаьжира Ольга. Ма дукха хIума дуьйцура цу бIаьргаша, ма кхойкхура цара, ма лоьхура цара иза, ма кхерстара цу бIаьргашкахь и йовха алу. Дуьххьара шен дахарехь, цуьнан дерриге а дегIах цIе латош, йоьIан ховхачу балдийн чам хиира ИбрахIимана…

Ма боккха бу безаман ницкъ. Цу синхаамо а бен ца ло адамашна дош даше ца долуш вовшех кхета аьтто. ХIунда аьлча ша дерриге а бIаьргашчохь йаздина хуьлу. Бакъ болу безам даима дахаро зуьйш бу – халонех, бIаьрхих, деган лазамах чекхболу иза, амма цу халонаша чахчийна безам, ламанца дистина догIучу ахкано шарбина кхера санна цIена хуьлу. Массарна а белла бац и синхаам. Цкъа мукъне а шен дахарехь иза бевзинарг дуьненчохь ирс гинарг лара мегар ду.

ИбрахIиман а, Ольган а йукъаметтигаш де дийне мел долу чIагIлуш йара. Муьлха а мокъа минот йаьлча цхьаьнакхетара уьш. Цхьаьна къомах а, цхьаьна динах а доццушшехь, ма чIогIа йоккха уьйр йара цу шинна йукъахь, хIунда аьлча цара къамел дийриг безаман мотт бара. Мотталора цу шинна йуххера дуьне сецна, оцу кепара цхьа хIума гуш дацара царна. Цу шинна ца гора шаьшинна тIегIерташ эладиттнийн дохк дуйла…

Царна йукъахь йаьлла цIе кхин а чIогIа марсайелира ИбрахIим Ольга йолчу хьошалгIа веанчу дийнахь. ЙоьIан да-нана Къилбе хIорда йисте садаIа дахана дара. Йухьанцара ца хIуттура Ольга ИбрахIим хьошалгIа кхайкха, ша цунна атта хетарна кхоьруш, амма хIете а цуьнга болчу безамо дIайеккхира и шеко.

Чохь дезарш деш йоллура йоI шен веза хьаша тIеэца. Чоьхь хезара са тедеш, цхьа тийна мукъам. ИбрахIиман кочахь хIоз хилла хьаьрчира йоьIан ховха ши куьйг, ткъа цул тIаьхьа йуха а цуьнан дегIан шатайпа йовхоно вадийна ворIх ломал дехьа воккхуш санна хеталора. ИбрахIиман карахь эрз санна йуьткъа йара йоI, цуьнан цу жимачу дегIаца кхийлина бара кIентан берриге а лаамаш. Шен кийрахь хиллачу цу тIамехь эшнера ИбрахIим, эрна хиллера кхетамо биттина мохь, эрна хиллера дагца къиссар, эрна хилира шайтIанца къиссар – цо толам баьккхира. Цкъа а диц ца дала дагчохь диссира цуьнан довха садеIар, цуьнан дерина дина санна долчу дегIан массо а сиз. Ткъа йоI ирсе йара. Муьлха а зудчо шен дахарехь сатийсина ирс хьаьрчира цуьнан сих а, дегIах а. Иза кийча йара цуьнан карахь йага…