Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма АллахI Дела ву теш – суна дика хаьа сайн шина бIаьргана гинарг, сан йишин шина бIаьргана гинарг, кхин а шина тешан бIаьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу мIаьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма хIете а цхьа бакъ ду – таханлерачу дийнахь суна дуккха а аттох ду шуьца хIара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, хIунда аьлча бехкениг цIанва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул.

Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха цIанва гIерта ца деза, цу боьхачу гIуллакха йукъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош.

Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха йуьхьIаьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш КъорIан тIехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй теIэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн Iадато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу КъорIантIехь ишта дуй баа беза! – Нагахь санна шайн йишица, йа шайн тайпанара зудчуьнца хIара кеп хIоттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье хIума хетар дацара аьлла…

И дуй бианчул тIаьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар тIеоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, тIаккха шун Ахьмада шена тIера хеча йаьккха йеза, ша бехке хилар а, шена тIедогIу эхь а тIелоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, тIаккха Ахьмадан доьзалера, йа шайн тайпанера зуда, йа йоI сийсаза йайта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза дацахь, тIаккха тIахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна йукъахь машар хила а кхин агIо йац шуна.

Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан хIума дац. Оха зудчун сий духкуш йа, оьцуш лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна. Кху хIусамехь тIаьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен тIаьхье сий дайна йаха йуьтур ца хиларах.

ИбрахIиман къамело Iадийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера хIара дуьне кIордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна тIам а хезар болуш тийналла хIоьттира цу кертахь.

И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо:

– Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна бIегIийла ца хета кху сонтачу жимхаца хIара къамел дан. Амма дIахаьийла шуна! ХIара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан Iедало ма-бохху закон а лардеш…

– ТIаккха, СаьIидбек, хьо советан Iедалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вогIуш, – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас, – Жимачу стага нийсонца догIуш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь йаьккхинчу хенан лакхенца дустича хIара кIант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна цIий Iана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьгIча дика хир дара аш а, вай массара а.

Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, чIир хьаьрчина вара. Ша чIирхоша витина воллушшехь, цунна товш ца хетара Iадатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца, шен хIусамехь нахана хьалхахь! Иза хIусамден доккха гIиллакх ду.

Сан цуьнца болу ларам кхин а чIогIа алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна, и ала шегахь доллушехь. СаьIидбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна тIехь долу декхара кху доьзална дIа а ло.