III
Йуха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьртана тIехула шен сийналла йаржош. Заурбекан кертахь йуха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна мIаьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а йацара.
Заурбекан хIусаме боьду и шуьйра урам дIалаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, йуьртхоша а. Хилларг сихонца дIасадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха дIадоьрзур ду хIара гIуллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, хIара чолхе киртиг тIехIоьттинчу шина тайпано, шина доьзало. ЦIенна хьалха йолу жима майда йеса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. ИбрахIим шен нийсархошна жима йуьстах а ваьлла дIахIоьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дегIахь, мел хаза товш вара и массарна а йукъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши бIаьрг, тахана замано зийначу къаночун йуьхьтIера санна хьоьжура дуьнене.
Ша лаьттачуьра меттах ца велира ИбрахIим шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш йуха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша арайаьккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна йаьлла хаза йоI.
Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьайалош веанчух цхьаммо иза дIахIотта йеза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.
– Цара хIун леладо?! – бохуш гIовгIа хезира адамашна йукъахь.
Ткъа йоI-м шега аьлларг муьтIахь кхочуш деш, йахана дIахIоьттира. ДогIанан Iовраш санна охьауьдучу бIаьрхиша йашийна шен къона, хаза йуьхь Iаьржачу йовлакхца дIа а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу мIаьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан йаьлла йелахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоьIан нана йуйла. Цуьнан кхоьлина йуьхь тIехь кхерам бацара, мелхо а шен йоIана орцах йала, цунна доьхна деанчу дийнахь улло дIахIотта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара. Шен йоI лаьттачу гуонна йуккъе, корта айбеш дIа а хIоьттина, цо элира:
– Со кху йоьIан нана йу… кхунна кхочуш долу дакъа тховса суна а кхочу, цундела шаьш цунна тIехь кхочуш дан ойла йерг, суна а де…
Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.
– Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза йаккхахь!
Хедас йелакъажарца марйоьллира шен йоI:
– Ма дийца Iовдал дерг, Зарган! Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.
Божаршна йукъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а йалийна дIахIоттийна йоIа-м – гуьйренан мохо лестаде гIа-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь хIинцале шайна йукъахь харжам а хIоттийна бара нана, йа йоI хьанна кхочур йу. Иза вуно чIогIа ирча а, цаIрмат а сурт дара ма-дарра аьлча.
Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина йуххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира. ГIовталан тIам дIа а кхуссуш, шаьлтанан мукъ а лаьцна, цо элира:
– Ас Делах дуй ма буу, кху керта йеана йолу милла а зудчунна раз бIаьра хьаьжна йа, харц дош аьлла вас йиначун ас цу мIаьргонехь са хьала доккхур ма ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу…