– ИбрахIим хIинца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла хIуманах, цунна шен доьзална тIедеана доккха эхь хетта – бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.
– Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха Iаш хиллера, водитель Iаш волчу машенан гIантана тIехула пхьарс а баьккхина. КIаьгнаштIехула йолуш машен кхоссайелча, цуьнан малделла куьйг йоьIан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа цIий чехка ИбрахIима иза шен йиша сийсазйан гIортар, цунна тIе ницкъ бан гIортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг ИбрахIима шайна тIедеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах дIабала а реза ду, – нахана йукъахь реза ца хиларан гIугI хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора, – тхо кхета жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна йукъахь машар баран некъа тIехь хьалхара гIулч йаьккха кийча а ду, богIу мах дIалуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолгIаниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, хIунда аьлча иза церан цIентехь йу. Ткъа оха тхайн рогIехь цуьнан хIусамден дерриге а тайпанна хьалха КъорIан тIехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган Iалашо ца хиллера аьлла. Цундела шу – цу йоьIан гергара нах оха цу гIуллакхах мокъа дуьту. КхозлагIниг, коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана йеттар Iедале ца даккхар а оха тхайна тIелоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду, цул совнаха шиъ теш а ву.
Нахана йукъахь соцунгIа хилира. Ткъа йуха Зарганан мардас дош дийхира:
– Масех шо ду Заурбекан йоI сан хIусаме йеана. Оцу кепара хIетахь дуьйна тхан доьзалшна йукъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йоI санна дукха йезаш йу. Цуьнан догцIеналла, цуьнан оьздангалла суна дика йевза. Таханлерачу дийнахь ас дукха хIума дIалур дара хIара киртиг тхуна тIехIоьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека хIара гIуллакх къасторан урхаш соьга а йелла, ас уьш йухаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна. Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна тIеэца дезар ду шун.
– ТIаккха Заурбеке ду-кх дош! – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.
– ХIан-хIан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи. – Нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладогIахь. Кхин болу тешаш, ИбрахIима шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг Iоьттиначунна йеттар бен гина боцуш санна лелаш бу. – гуш дара цо Заурбекан доьзалан агIо лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь. Хьунда аьлча, Абу-Хьаьжина гуш бара – бакъона-харцона богIам!
Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин йукъараллехь ишта дика цIе йаккхар, цунна ШарIаца а, Iадатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.
Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, СаьIид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша ИбрахIимана улло а вахана, цуьнан букъа тIехьа дIахIоьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар кIантана хоуьйтуш. ИбрахIим къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг бIаьргашчохь деша гIерташ. Цу мIаьргонехь Заурбек а хьаьжира кIанте, ткъа бIаьргашца цо хоьттура:
– ХIун де вай хIинца?
– Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…
– Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! – ИбрахIиман дешана йукъаиккхира Абу-Хьаьжи.
– ТIаккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа, – долийра шен къамел ИбрахIима. – Нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу хIунда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар хIунда ца дира аш тхайна шу карабаллалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Тхунам шу цакарийнехь-м – шу догIарг ца хиллер, шайн махуьлла лачгIа гIоьртан аш хиллера, изаъ вайна хууш ду, ма-дарре аьлчам. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана йукъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха хIуманна декхарийлахь буйла хууш. ТIаккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх.