– Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун йаьхь охьатаIо ца гIерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна тIедожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь Iаш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан Iедалан законашца и кIелхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. ЙоI шен цIахь Iийр йу, сан доьзала и гIуллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь тIедеана аьлла тхан йиша шайн хIусамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и тIе а лоцур йу.
Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла дIасабаха пурба делира, Iуьйренца ван аьтто болуш верг, вовшахкхетар ву аьлла.
Зарган шен нана йолчура ара йолуш а йацара. Масех де дара иза йуучух ца кхеташ, гIайгIане йоьжна йолу. ГIайгIанан йийсарехь церан нана Хеда а йара. Ненан дог барам боцуш лозура берех, хIусамдех, кханенах.
КIоргерчу буса дIадайра Заурбекан хIусамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.
II
Дукха Iуьйрре ИбрахIим самаваьккхира шайн кертара схьахезачу шатайпа гIовгIано. Корахула арахьаьжча цунна гира кхуьнан деца а, СаьIидаца а, кхин болчу гергара нахаца а, аз айдина къамел деш, хан йаьлла масех стаг. ИбрахIим сиха аравелира, амма хIара ара воллушшехь хьеший Заурбекаца а, СаьIидаца а цхьаьна кхеран кертахь долчу шолгIачу цIеночу бахара. Цаьрца цхьаьна чоьхьавелира ТасуевгIеран тайпанара масех къано а. ИбрахIиме дийцира баьхкинарш Ахьмадан гергара нах бу аьлла.
Дикка хан йелира ИбрахIим Заурбек волчу чукхайкхале. ХьешанцIа чохь кхуьнан да а, масех гергара стаг а, иштта Зарганан марзхошах нах а бара. Ден йуьхь кхоьлина йара. СаьIид а вара оьгIазвахана вуйла гуш.
ИбрахIим кхийтира къамел шегахьа доцуш дIадирзина хиларах.
ДIахIоьттина тийналла йохош, дийкира ден аз:
– Хьадийцал хIинца хIун ду ахь динарг? Муха бехказа вала воллу хьо кху масех денна йукъахь айхьа мел диначунна? Цхьа а бахьана а доцуш нехан стагана йиттина ахь, вайн дерриге а тайпа а гIаттийна, цунна тIаьхьаваьлла лелла – Заурбек йемалдарца хьоьжура кIанте.
– Ас кхин цкъаъ ма-дарра дуьйцур ду хилларг – волавелира ИбрахIим.
– Ца оьшу! Ма-дарра соьга дийцина хьоьл хьекъале а, хьоьл чIогIа кху дуьнено зийна а болчу наха. Со царех теша. Хьо берана къонахех ловза лиънера? Йишин ойла йан а ца йинера ахь? Ца йинерий? ЧIир леха дагадеанера хьуна? Хьуна чIир хIун йу мукъне а хаьий?
– Ишта оьгIазе ма хила цуьнца Заурбек, – йукъагIоьртира къамел дохьуш веанчарех цхьаъ. Жима ву, амал чехка йу. Галваьлла, хуьлуш хуьлу. Коьртаниг ду вай Делан къинхетамца вовшахкхетар. ХIара пайда боцу хIума бахьана долуш, доккха зулам долура вайна йукъахь.
Жимма корта а оллийна, корах арахьоьжуш лаьттара ИбрахIим. Церан кертахь дукха адам дара гулделла, дукха хьолахь уьш массо а ТасуевгIеран гергара нах бара. Республикин дозанал арахьа бехаш болу ИбрахIиман ненахой а, дехой а баьхкинера, оьшучу меттехь гIо лаца а, тIаьхьа хIотта а. Дикка хан йаьлла берш а, къона берш а уьш цхьаъ цхьанна тIаьхьа чуоьхура. Чоь-м готта йара уьш массо а тIелаца, цундела сацам хилира къамел арахь дан. Къаношна охьаховша гIанташ делира, ткъа кегий нах цаьрга леррина ладугIуш лаьттара.
ИбрахIим массарех схьа а къаста вина, гулбеллачеран гуоне йукъаваьккира. И ша цхьалха лаьттара, харцахь леларна чехо дIахIоттийна бер санна.
КIентан алу хилла йогучу йуьхьтIе хьаьжча гуш дара, баккхийчу нахана хьалха собарах ца воха гIерташ, мел кхехкаш бу цуьнан кийра. Кхехкара цIий а, ишта а хьере йолу ойланаш кхин а чIогIа карзахйохуш. Лаге хIоьттина шад а бара, кхуьнан доьхначу собаран теш хила кечделла бIаьрхиш шена чохь къуьйлуш. Цо гIиллакхах ца воха, дагчохь доьхура Деле и собар. Гуо баьккхина лаьттара шортта адам, цIеххьана ИбрахIиман бIаьрг кхийтира Абу-Хьаьжих. Цо тIеIаткъам бинера Заурбек чIирхошца куьйге вахарна а, ткъа хIинца йуха а заманан майданахь кхеран доьзалан дахарехь маьIне дакъалацар тIедожийна цунна Ахьмадан гергарчу наха. Царна хаьа Абу-Хьаьжи йукъараллехь муха ларам болуш, муха цIе лелаш стаг ву, цундела Заурбек цунна дуьхьал вер вац. Цунна а, кхузахь вовшах мел кхеттачу адамна а, нохчийн бIешерашкара схьадеана Iадат дохош, нехан зудчух, нехан йоьIах боьхачу ойланца куьйг Iоттар, пайда боцу дар-дацар а дина тIедаьхьна.