Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа йуьхьатIехь ИбрахIима диттинчу буйнашах йиссина таммагIаш йара гучуйуьйлуш.
Йуха а къамелана йукъаиккхира Ахьмадан некъахо.
Киснара кехатан кийсиг схьа а йаьккхина, цу тIе цхьаъ дIа а йаздина, иза ИбрахIиме дIа а кховдош, меллаша вистхилира иза
– ХIара дар-дацар дIадоьрзур ду… хIуммаъ дац…
– Хьо-м вац соьца и дIадерзо лууш, хIан? – цуьнан къамелана йукъаиккхира ИбрахIим. – Нагахь санна валахь йуьстахвала, ас гойтур ду хьуна дар-дацар дIа муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, йахийта кхузара массара а, со дохко валале! Мацца карийна а, шу массо а каронза Iийр вац со!
Чубуза кечбелла малхо шен зIаьнарш йаржийра сийначу стиглахь. Шаьш йуьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, ИбрахIимна а бицбеллера. Киранан машентIехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш дIасакъаьстира. Iелас цIа кхетийра Зарган а, ИбрахIим а.
Синтем бойна буьйса тIекхечира. ТасуевгIеран хIутIера гIаж таккхол мел верг гIаьттинера.
Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. ИбрахIим воккхах волчу вешица СаьIидца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь хIорш цецбохуш элира 90—44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина йац аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.
ДоьалгIа де дара ТасуевгIара уьш лоьху. ДоьалгIачу дийнахь СаьIидан бIаьрг кхийтира Соьлжа-ГIалин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, дIаиккхина йоьду «Волга». СаьIида сихонца тIаьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ йацара: 90—45 ЧИС.
Нагахь санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила йеза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:
– ДоттагIа! Цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?
90—44 ЧИС лоьмараш хьенан йу-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур йу аьллера соьга, тхойшиъ машен йуьлучохь вевзинчу хенахь.
– Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера йалийна а йара и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош – райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь йу, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву – Ливандовски урам, цIено 29.
ТасуевгIеран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре тIе а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь Iаш ву. Ахьмад Соьлжа-ГIалин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш тIехьара гуш дара ши гIатт йолу доккха цIено. ИбрахIима ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира жIаьла. Кевнан херонашна йукъахула ИбрахIимана гира корах арахьоьжу, берхIиттарайаьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йоI.
– Мила ву цигахь? – хаьттира цо.
– Тасуев ИбрахIим ву! Деа когахь долу хIара жIаьла саца а дай, Ахьмад цIе йолу шина кога тIехь долу шайн жIаьла арахеца.
– ДIадовла дIагIо! ЦIахь цхьа а вац. Ас хIинца милици телефон тухур йу!
– Шайн жIаьлига дIаалалахь ас шен цIогантIе ког баькхиний…
Вежаршна шайн цIахь гулделла ТасуевгIеран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.
Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи дIа Ахьмадана хIун дан деза а, муха кхиэл йан йеза цо динчунна а.
ЙоьIаца, зудчуьнца и тайпа сийсаза хIума дарна Iадато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна тIера нуьцкъара хеча йоккху, йа цо ша шен бехк тIелоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла дIаваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, йа цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина йа, йоьIана, йа кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, тIеIоттаделларг къастор шайна тIехь ду, цундела йукъа ма гIерта бохуш. Ткъа ИбрахIима жоп делира: