Шалхонаш лелайар иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.

ХIора а къоман культурин шен башхалла йу. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан йаьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.

…Йуьхьанцара цу гIуллакхах ца кхетта, воьхна хилла ИбрахIим цIехххьана дера экха санна цергаш йухкуш тIекхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин дIа хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дегIаца дIа а хьулъйеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало мIара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош йацара. Вешин хIуманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана дIайаьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.

Машен цIеххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо дIа схьа а къастош. ИбрахIима цу мIаьргонехь машенан неI схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. ХIуммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара ИбрахIим. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхерайеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самайаларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо гIерташ. Машен чохь волчо йуханехьа чуийзавора шен накъост водителана тIе мохь а бетташ

– ДIайахийта сиха машен, сихо йе! Цо Ахьмад вуьйр ву хIинца!

ИбрахIим цу минотехь къора а, бIаьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостагIа бен кхин хIумма а дацара. Маьхьарца тIейетталу йиша дIа а теттина, иза йуха а тIекхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна йуьхьа тIе саццанза буйнаш доьттура ИбрахIима. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма йуха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, гIора дIадаьлла некъа тIе охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан бIаьрг кхийтира сихъйелла дIайоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90—44 ЧИС – шеко йацара машен пачхьалкхан гIуллакххойн хиларан.

Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу хIума бекхам боцуш дIайахийтарна. Муха хьажа веза хIинца ден а, ненан а бIаьра? ХIун ала деза йишин хIусамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу ИбрахIимана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара ИбрахIимал.

– Сиха чуховша! – мохь туьйхира цо, неI схьа а йоьллуш.

Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха хIоьттина сурт гинера, шуна гIо оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. ИбрахIима иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а дIадийцира.

Цуьнга леррина ла а доьгIна, жима стага доггах элира:

– Геннара гира суна машенчуьра цхьаъ охьаваккха гIерташ тийссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха тIаьхьакхочур ду царна.