– Соьга лоь хьо? – ца кхийтира со.

– Кхузахь хьой бен кхин стагга а вуй? – елаелира Губани, со улло кхаьчча аз шабаршка доккхуш хаьттира:

– Хьо Малиже вист ца хилла х1инца а?

– Со х1ун аьлла хуьлу цуьнга вист, иза 1умарийца доттаг1алла лелош хилча, – бехказа валан г1оьртира со.

– Хьайна дика хуур ду хьуна, Йо1-м къовсаш товш ду. Иза-м ахьа вист хира ву аьллачул т1ехьа хьоьжуш ю моьтту суна, – шена хетарг элира Губанис.

Ишколана геннахь а хезира долуш горгали бийкира, дешархой уроке кхойкхуш. Суна дег1ах чекх хьожуш санна со зуьйш соьга а хьаьжина Губани Малижина т1ехьакхиан сихъелира.

«Къовса-м къовсура яра и, ткъа къевсина яьккхича стенга яхьан еза и. Сайн нанна а, вежаршна а дан г1о доцуш 1аш волчу аса?» – жимчу беро санна ойла йора аса, ишколехьа зудберашна т1аьхьа д1а а волалуш.

Кхин цхьа урок чекхъяьлча со сайн метте ишколан кет1а вахара. Губанис аьллачунна т1ехьакхиан г1ерташ ойла а еш, волавелла лелаш вара со, ц1аьххьана сайн ц1ейоккхуш хезча. Ойланийн карара волуш аса корта айбича, ринжа доллучохь соьгахьа йирзина лаьтташ яра Малижа. Со йо1ана улло вахара.

– Ахьа соьга кхойкхурий? – хаьттира йо1а.

– Асий? – ца кхийтира со.

Амма йо1 иэхь хетта хааелла сихха т1етуьйхира аса:

– Губаница къамел-м хиллера сан. Цо эларий хьоьга, аса кхойкху аьлла? – Губанин х1илланах кхийтира со.

– Х1аъ, – жоп делира йо1а, цхьанхьа-м хьожуш, д1айоьрзуш.

Маржа я1, ма новкъа бара-кх суна йо1а х1инца хьаьжъюккъе х1оттийна шад. Иза-м ойла еш даима а ша-шаха х1уттуш хиллачух тера дара цуьнан. Амма оцу шадо и сол а цхьа б1е шо йоккха хоьтийтура суна. Со-м цунна хьалха боккъал а бера санна вухий вуьсура. Х1ун алан дезара аса цуьнга, х1ун дийца, х1ун хатта? Со-м сайн дахарехь дуьххьара йо1е вист хилан дезаш вара, б1аьсте санна езаеллачу йо1е.

– Малиж… Малижа, баркал хьуна г1о дарна! Оцу математиках цкъа а кхетарволуш вац со, – карийра суна алан дешнаш.

1умарас Малижига дуьйцуш хилларш дагадаьхкира суна. Амма соьга дийцалура долуш хабарш дацара уьш. Йо1-м кхетачух тера дара со х1инца а бераллера валанза вуй. Цо г1о дира суна:

– Хьо массарех хервелла, хьуо лелаш ма ву. Ма тамашена стаг ву хьо… кхечарех тера а воцуш, – элира цо.

– Акха ву алан г1ертий хьо? – бегаш бира аса.

– Акха-м хирг хира вацара хьо. Хьо саннарг къайлаха байташ язъеш хуьлур-кх. Вуй хьо байташ язъеш? – елакъежаш хьаьжъюккъера шад баьстира Малижас.

Стиглара доьссина малик гича санна хийтира суна х1инца, хьалха а санна.

– Байташ язъян-м хьекъал тоьур дацара сан. Ишкола чекхйоккхуш экзаменашкахь шиънаш ца дохуш к1елхьаравалахьара, – экзаменаш дагаяьхкина догкхуьйлира сан.

– Кхин д1а дешан дагахь вуй хьо? – хаьттира Малижас.

Суна-м 1умарас Малиже дуьйцуш сайна хезна къамел дагадеира.

– Стенгахь? – хаьттира аса.

– Институтехь, – иза иштта олуш санна атта долуш санна элира Малижас.

– Сан некъ боьдуш лаьтташехь Советан Эскаршка д1абоьдуш бу, – сайн дог-ойланах кхетийра аса йо1.

– Ткъа эскаршкахь г1улкх дина ваьлча ма мегар ду деша. Эскарехь ахьа хьо дика гайтича, институте хьажош кехаташ ло боху цигахь, – шенчунна т1ера ца йолура йо1.

– Сан институт трактор хир ю моьттуш ву со, – 1умаран дешнаш ца дицлуш йо1ана 1оьттира аса.

Йоь1ан хьаьжъюккъехь шийла шад д1ах1оьттира, сан дег1е шело хьодийтуш.

– Тракторан т1ехь а бан беза цхьамма болх. Дукха дика к1ентий, божарий бу техникаца болу болх безаш-м, – аьлла со цецваьккхира Малижас.

– Хьо юй дешан дагахь? Хаьржаний ахьа хьайна институт? – хаьттира аса.

– Ца хаа, конкурсаш яккхий ю боху институташкахь. Чекхъйолий-м ца хаьа, – элира йо1а ойлане.

Шен дан дезарг а, шен дахарехь ша дан г1ертарг а хууш, баккхийчара санна ойлаеш яра Малижа. Ишттачу нахах хуьлу-кх 1илманчаш, хьехархой, хьаькимаш. Са-м дацара оцу йо1ехь долучунна ах хьекъал а. Со-м висинарг а вохийнера йо1а.