Со ц1аьххьана кхийтира, Вах1ид оцу Везчу Дала сан миска ц1ока к1елхьараяккха суна ваийтина хиларх.

– Вах1ид, – дехаран т1ег1ана т1е а волуш лулахочуна коча вахара со. Хьо суна орцах ца валахь, воккхура волуш-м ву со ишколера д1а а! Х1инца а т1аьхьа дац-кх! – дийхира аса лулахочунга.

Амма Вах1ид воьхна гуш велахь а, сох ца кхеташ шаверг а хаттаран хьаьрк а хилла соьга хьоьжуш лаьттара.

Со-м сих ца лора и кхетон, цуьнан кхин а жимма догдохош, к1аддеш.

– Вах1ид, хьо тхан ненан гергара стаг ма ву? – хаьттира аса.

– Ву, геннара… тайпана.., – х1ун хилла, дийций валахь, – собар ца тоьура сан лулхочун.

– Хьо тхан гергара ву аьлла, х1инцца тхан классан куьйгалхочунна т1е ца ваг1ахь, соьга ишколана аьттехьа гучу ма вала аьлла-кх, – жим-жимма гучу йоккхура аса сайн къайле.

– Ткъа х1ун оьшу хьогара оцу классан куьйгалхочунна? – ца кхетара лулахо.

– И къена стаг ма ву. Ткъа къена нах уьш даима а цхьанна реза боцуш хуьлу. Цхьанна дов ца деш де чекхдаьлча, царнна буьйсана наб а ма ца кхета. Ткъа тхан воккхастаг-хьехархо-м дов дича а ца 1еба. Уллохь теш а волуш дов ца дича цунна-м минга долу. Цо х1уъу а дийцахь а «х1аъ» бохуш цхьана пхеъа минотехь лаьттича, кхин г1овг1а ян-м цуьнан могшалла а, ницкъа а тоьур бацара, – дехаре велира со.

– Зийнина хаьий хьан хьал? – шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.

– Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна почта д1асакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо? – х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.

Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма х1инца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьненчохь.

– Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? – эххар а резахилира сан догдика лулахо Вах1ид.

Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.

Букът1ехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букът1ехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.

– Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, – кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.

Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.

– Ненан ваша? – хаьттира цо.

– Ненан шича, – жимма лахдира аса ненавешин дарж.

– Ненан шича? – Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.

– Геннара… – олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.

Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан яьлча, шен дахарехь, невцалг1а ваг1ча а оццул ницкъа ца хилла волу Вах1ид, мукъаволийтуш, сан т1оьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.

Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона б1аьргаш дара бехкен. Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан г1ертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.