Т1аьххьара к1иранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш. Дешаран йистте мел г1оьрти а, басех чухьаьдда вордана санна сиха хьийза йолаелира хенан ч1ургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхаяхан г1ерташ. Со цхьаъ вара хи чуйоьжна ч1ешалг санна дахаран тулг1енаша шайна ма тов д1ахьош.

Малижа массо а урокашкахь дика кхеташ, хьекъалца дика ларалуш яра. Дешаран шо чекхдолуш а цхьа а х1ума ца тергалдеш дешарна т1ейирзина хуьлуш йолу иза х1инца ишкола чекхйолуш-м дешар бен кхин х1ума гуш а яцара. 1умар-м накхармоза зезагна санна гуотуьйсуш вара йо1ана, амма к1ант гуонаха хьийзарах х1инца к1езига самукъадолучух тера дара Малижийн. Хьаьжюккъера шад ца бостура йо1а х1инца, к1ант уллохь волуш а. Аса х1инца бен тидам ца бинера, и шад-м дукха хьолехь лаьттара йоь1ан хьаьжюккъехь. К1ант уллохь воцуш а ца бостура цо-м и. Х1унда? Де дене мел дели а 1умар чехавора Малижас. Суна-м х1инца мелла а къахета а доьллера 1умарах. Эххар а вовшен юкъахь кег-мегара девнаш а хаалора цу шиннан. Со х1инца х1ора дийнахь воьдура Сулиман волчу. Сулиман волчу-м со боккъал а воьдура, амма цига д1акхачале Малижин уьйт1а хьоьжуш вехха лаьттара. Цхьана дийнахь со д1авахан туохавелчи, Малижа шайн уьйта елира. Ша санна т1ехь хаза зезагаш долу ц1ахь лелон ч1ог1а цуьнгахь товш коч яра цунна т1ехь. Ишколан духарал дуккха а хьомен хаза а хийтира суна йоь1ан ц1ера духар. «Х1унда дац тхойшиъ х1ордана юккъехь цхьана г1айрена т1ехь 1аш, кхин стагга а воцуш уллохь?» – ойла хьаьвзира сан коьрте. Малижина тусаялан езара и сан ойланаш. Х1ун дийра дара техьа цо? Даима а санна шен хазчу хьаьжъюккъе шад х1оттон мегара цо. Сан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьаьжъюккъе шад бина, ша санна шийла сийна б1аьргаш, оьг1азен лепа юьхь. Шело хьаьдира сан дег1е оцу минотехь.

Цхьа-ши де делира со Малижин ц1адолчу аг1ора ца воьдуш. Ишколехь-м дешаран шо чекхдолуш, тхан а, кхин шина уьтталг1ачу классийн арахецар т1екхочуш кечамаш беш бара хьехархой а, шаьш дешархой а. Амма урокаш-м гуттар а аьрхаевллера, контролан белхаш доладелира. Гуманитаран дисциплинаш-м саготта воцуш дика яра сан, амма цифрашца доккха дов дара сан, цкъа а машар хир боцуш дов. Малижин-м доттаг1алла дара массо а дисциплинашца. Математикан контролан болх д1абоьдучу хенахь, со вара тховт1ехь яздина х1ума ца карош, сайна хууш х1ума а доцуш 1аш. Хьехархо д1авирзича, Малижас ц1аьххьана кехатан цуьрг кховдийра соьга. Кехат аса даржийча кхийтира со, сайна деш г1о дуйла. Иза-м урок йолалушшехь шен хьаьжъюккъера шад ца бостуш, гуонаха цхьа а ца гуш, шен болх беш яра. Суна-м дагахь дацара йо1ана со гуш ву аьлла. Со цецваьккхинера цо. «Цунна-м со гуш хилла!» – ч1ог1а дагна там хиллера суна. Амма кестта хааделира суна Малижас 1умарна а кховдош иштта кехатан цуьрг. Со кхийтира, Малижас суна иштта баркал аьллера аса шен сурташдахарна. Урок чекхъяьлча со ишколан ринжех араваьлла суо висира, наггахь д1асавоьдург ца лерича. Уьш-м баккхий нах бара, шайн цхьацца г1уллакхе сихбелла лелаш. Цара-м сан цхьанаклассера бераша санна шайн ловзарш коча ца туьйсура суна. Аса-м кхин еш ойланаш а яцара, дуьххьал д1а суо висан лиънера суна. Йоккхачу шозза т1ек1елйинчу ишколан уьйт1ара-м берийн зевне аьзнаш дара кхузахь а хезаш. Со дикка гена волуш д1аваханера, амма урокана т1ехьависахь а аьлла вухаволавелира. Ишколан керта йисттехула чувоьду ринжехьа со схьаволавелча суна гира цхьанхьа-м туькана яханчуьра ишколе схьахьаьдда йог1у Губаний, Малижий. Вовше-м цхьаъ олуш, Малижа цхьажимма хьалха д1айолаелира, Губани сецира. Соьга хьоьжуш хийтира суна и.

– Схьаволалой валахь, х1инцца уроке горгали тухур бу вайна! – йистхилира Губани.