– ХIаъ, даш доккхучу.

Iаьлбагна ца лаьара Берсин цамгар хьехо. И ша динa мaсех хаттар а дира цо гIиллакхна.

– ДІатовжий Iехьа, Берса. Хийла къонах дIахуьйди оцу неIалт хиллачу Сибрехо. Цкъа хьалхадевриг хир ду-кх вай кхy балех.

Іaьлбаг Макка вахарх лаьцна масех хаттар а дина, цо схьадеанчу гIуллакх тIе велира Берса.

– Iaьлбаг, Сибрехара цIа веачхьана, меттахь Iиллар алсам хуьлу сан. ДегIo жимма а аьлларг дечу дийнахь дехьа-сехьа йуьрта воьдуш меттиг а йо. Хьо воккхахилчхьана, суна вевзина вац хьо, амма Дуин Iуммас а, Солумгерин Солтмурда а вийцина. Хьо Нохчийчоьнан имам кхайкхо ойла йу церан.

Iаьлбаг, цецваьлла, тIевогIавелира цунна.

– Со муха хоржу имам? Сол майра а, хьекъале а, доьналла долуш а нах дуккха а бу. ТIе, жима а ву со. Иза-м дуьйцуш а беламе ма ду!

Берсас, куьг хьала а лаьцна, сацийра иза.

– Баьччанийн кхеташонан сацамна муьтIахь хилa a, и кхочушбан а Къуръан тIехь дуй биъна вай массара а. Амма диване ховшу вайн баьччанаш Iехалуш, гIалатбовлуш меттиг а нисло. Уьш лахбан а, хьох шекволуш а дац ас долийнaрг. Таханлeрчу денна кечамбеш, ткъех шо хан а, сайн могашалла а дIайелла ас. Ткъа дуккха а нах шайн кортойх а бевлла. ХIара хIинца хинболу гIаттам тхо цхьадолчийн бер ду, оха кхоьллина. Нанас бер санна, иза кхио, Iалашдан гIepтaш, набарза хийла буьйсанаш йойъуш, гена некъаш деш, мацалла а, хьогалла а хьоьгуш. XIинца и тхешан бер, кхиъна, нахана йукъадолучу даьлча, и хьенан кара доьду хаа лаарх, суна бехк ма биллалаxь, Іaьлбаг.

– Берса, хьан багах даьлла хIор а дош суна дешин новкъа ду. Амма, Iумма-Хьаьжин, Солтмурдан барт хилaрх, cox имам хир вац. Халкъо харжа веза шен баьчча.

Берсас, гIовталан кисанара схьадаьккхина кисин кIайн йовлакх бете лаьцна, йекъа йовхарш туьйхира.

– Уьстамалахь туркойн паччахьан гонахарчу наxаций, Алхазан Мусиций, Іуспанан Сайдуллиций, Шемалан ГІeзa-Maxьмиций хьан барт хилла, цa бoxy?

– Бакъ дац-кх иза. Цаьрца цхьаьнакхеттарш Iумма-Хьаьжа а, дегIаcтанхой а бу. Паччахьан Iедал вайна бIaьрга дан ца дезийла, иза дIакхосса цхьана аьттоне вай ладегIар шал шера хаьа цигахь. ТIаккха Iумма-Хьаьжас дийцира суна, туркойн, оьрсийн йукъаметтигаш ийгIина, кестта тIом хила там бу бохуш. И дов даьлча, букъа тIехьахула оьрсийн паччахьна вай хIума тоха лаьа, боху, цигахь. Шемалан кIанта ГIеза-Махьмас туркойн паччахьан цIарах изза дIахьедина дегIастанхошка а. Доцца аьлча, и дерриг Iумма-Хьаьжехула хезна суна.

Берсин дегI, шелделла, хебаш санна хетта, хьалагIеттира Iаьлбаг.

– Шеллуш ву-кх хьо, Берса. Малхе валий вайша?

– Дика хир дара. Мел хили а, йовхо йеза-кх суна тIаьхь-тIaьхьа.

Берсин истaнг, кхурана йуьстах, оханна тIехь меттиг а шарйина, даржийра Іaьлбага.

– Суна хазахета, туркоша лелочу моттаргIанех хьо цаIеxавалар. И дика ду. Амма кхин ду халаниг. Хьоьга кхийдо имамалла. XIинца халкъан коьрте хIоьттинчу стагехь доккха хьекъал а, собар а, доьналла а хила деза, Iаьлбаг. ХIара вайн карахь йерг шайх Мансуран а, Бийбoлaтaн a, Шемалан а зама йац. XIетахь ламанан къаьмнаш тIамо гIелдаза, вовшашлахь барт бохаза дара. ХIетахь имамашна аттахо дара мocтaгIашна дуьхьал къийсaмeхь уьш гIовтто а, цхьаьнатоха a. Ткъа хIинца? Схьалоцур вай нохчий. ДІaбаханчу оцу бехачу тIамо чIaнaдaьккхина цa Ia вaйн халкъ. Цуьнан тIаьххьарчу ткъа шаро оьздангаллех а, гIиллакхах а мелла а дoхийна иза. Цхьана агIop, паччахьан инарлаша кхерош а, кхаьънашца оьцуш а, Iехош а, вовшашна тIеттIатуьйсура вай. Изза дора вукху агIор Шемала а. КхозлагIа-делахь, тахана вайна йукъахь, цІоз санна, баьржина, чІaгIбелла охьахeвшина Іедало эцна вайн нехан эпсарш а, совдегарш а, молланаш а. Уьш кийча бу, Iедало хIуьс аьлча, шайн халкъ-м хьовха, да-нана дохка а. ДоьазлaгIa, вайн мехкан массо маьIIexь хIиттийна эскарш ду. XIинца хаьий хьуна, хьайга кхийдориг мел хала гIуллакх ду?