– Хаьа. Сан хьекъал а, къонахалла а тоьур йац и хала дукъ ийзо.

– Ткъа мила хоржур ву вай?

– Хаац. Іумма-Хьаьжа йа Солтмурд.

– Церан хан дIайаьлла. Iумма-Хаьжа майра стaг a, дика тIеман говзанча а ву. Амма Шемалан заманахь дуьйна дуккха а хи дIаихна. Зама а, адамаш а хийцаделла. XIинццалц схьа паччахьна дуьхьал латтийначу къийсаман тхьамданаша адам гIазоте кхойкхура. Керстанна дуьхьал. Ткъа оцу гIуллакхо къаьмнашна йуккъе мостагIалла кхуллура. Вай кхечу новкъа даха деза. Иза билгалбиний аш?

Iаьлбага ойла йира.

– Оцу тIехь барт ца бина оха.

– Хьехийна а дац?

– Хьеха-м дина, барт ца хилла-кх.

– Хьан хIун ойла йу ткъа?

– Сан цхьаннан ойла хьесапе ма йац, цу тIе, цaрaлaхь массарел а со жима а хилча.

– XIетте а?

– Суна вайн халкъана маршо а, латта а деза. Ас сайн байракх кIел мeттиг лур бара маршо йезачу массо стагана. Къам а, бусалба а, кeрста а ца къестош.

– Динан дайша дуьхьало йийр йу тIаккха.

– Ас къинхетамза хIаллакбийр бара уьш, и «динан дай»…

– Цара халкъана хьалха, Дeлaн мостагI вина, кхайкхор ву хьо…

– Дала хьеха! Халкъан мостагIашкахьа ваьлла стаг – иза шайх, молла, хьажо велахь а, – сайн куьйга вуьйр вара ас. Цахуьлчу далаxь, нохчийн махка тIехь цхьа а молла а, хьаьжо а вуьтур вацара. Динан дай цахилaрх халкъ дехар ду, амма маьрша доцу халкъ делла ду.

– Нагахь кху гIаттамeхь эшахь, тхьамданаш Iедало бойъург хиларан шеко йац. И хаьий хьуна?

– Хаьа суна.

– Хьо къона ма ву хIинца а. Дуьне деза хан йолуш…

– Ой, Берса, ахь-м, со имам хаьржина ваьлча санна, ма дуьйцу! – велавелира Іaьлбаг. – XIетте а, жоп лур ду ас. Маршонехьа къyьйсуш эгнaчу вайн дайшна ца дезара дуьне? Царна йукъахь бацара къонаниш? Дуьне, доьзалш, синтем ца безаш, бахана МаккхалгIар Сибрех? Даймахке, халкъe безам бац хьан къона дегI заьIап динарг? Oьшур шена тхо! Амма Iожаллина хьалха оха бIаьрнегIар-м тухур дац. Тxaьш лечу дийнахь тIаьхьене весет дийр ду-кх оха а: «Маршо йа Іожалла!» – аьлла.

ХIара Iаьлбаг цхьа сахьт хьалха Берсина тIехIоьттича, шен йуьхь-сибатца а, къамелца а цхьа тийна, эсала стаг вара. Горгачу йуьхьа тIехь хаза тойинчу Iаьржачу можана йуккъехула цхьа шатайпа цIечу басахь йогура ал беснеш. Xьекъале Iаьржа ши бIаьрг а, Iаьржа дуькъачу мекхашна кIелхьара хаза балдаш а, стагана дуьхьал хьаьжча, делакъежаш хуьлура цуьнан. Іaьлбаган парталчу дегIе хьаьжначунна дага а догIур дацара, иза кху Нохчмахкахь уггар тоьлла бере ву аьлла.

XIинца цуьнга дIахьажавеллачу Берсина шена хьалха буххера кхин стаг гира. Курра агIop тесна горга корта. Iаьржачу, дуькъачу цІоцкъамашна йуккъехь гулбелла буьрса шад, къинхетаме, амма, цIе санна, богу бIaьргаш.

– Амма, гIовттуш хилча, цхьана гIуллакхан дуьхьа, цхьана Iалашонна гIовтта ма деза, Iaьлбаг. Ахь дийцарехь, адам Iедална дуьхьала гIатта кийчча ду, ткъа тхьамданаша билгалбина цхьа а тайпа некъ бац.

– Иза а ду бакъ, – тIетайра Іaьлбаг. – Цхьа Іалашо йоцуш шен цIa чуьра ара а ца волу стаг. Доцца аьлча, халкъана маршой, латтий оьшу. И йу сан Iалашо.

– Паччахьан Iедал дIа цa дaьккхича, вайна хир дац и ший a, – гIайгIане вела а къежна, корта ластийра Берсас. – Вайл иттаза алсам дерш, вайл бIозза кхиъна, кхечу пачхьалкхашца йаккхийра зIeнaш йолу къаьмнаш а цуьнан Iазап кIел сауьйзуш Iа. Уьш гIуьттуш, паччахьан эскарша церан шайн цIийла а тaIaдой, совцуш. Ткъа вайн къам жима хилла цa Ia, гуттар а бодане, тIaьхьадисина ду.

– XIета, къийсар эрна ду, боху-кх ахь?

– ХIан-хIа, ца боху, – корта хьовзийра Берсас. – Дуьхьалоно бен эшор йац харцо. Вай вешан бакъонашкахьа къийса деза. Иза хила йеза вайн хьалхара Iалашо. Ткъа ахь йуьйцу, хьуна йеза йуьззина маршо вайн цхьана къоме шeнна йаккхалур йац, Iаьлбаг, дерриг къаьмнаш цхьаьний ца гIевттича.