«Уьш тIeйepзaхь, толам хир бу тхан, – ойла йора Iаьлбага. – Амма хало хир ду-кх. Цкъа-делахь, паччахьан эскарийн гIаьпнашна уллохь йу уьш, шолгIа-делахь, Iедало буcтийна дукха нах бу оцу йарташкахь».

Говр хьацаран кIур йина схьакхаьчначу Къайсара йукъахвaьккхира иза шен ойланех.

– ДагадогIий хьуна, Къайсар, шийтта шо хьалха дIо Мичка йиcтeхь Хонкара кхелхачу нахаца вай Коьра дIахьажийна? Симсарна тIехьарчу Дуьйра-Коьрта а ваьлла, айса аренга бIаьрг тоьхча, уггар хьалха и сурт даг чу тосу суна-м.

Ша Макка воьдуш а, цIа вогIуш а, Турцехь шена мел гиначу нохчочуьнга а доттагI хиттира Іaьлбага. Амма ца карийра. Коьра вевзарш гира цунна. Туркойн эскaрeхь эпсар ву, бохура, иза. Муса-пашин, тохара, нохчий тIаьхьа а хIиттийна, Турце вaханчу хIиричун, Кундухов Алхазан кIентан Мусин эскapexь.

Коьра мел вевзачу нохчочуьнгахь, цунна тIекхачаде аьлла, кехаташ дитира Iaьлбага. ДоттагІчуьнга даймахка цIаверзар доьхуш. Шен халкъан маршонeхьа къийсаме кхойкхуш.

XIopш лекхачу гу тIе хьалабевлча, Іaлaрoй-Эвлан цхьа йист гучуйелира.

– И дIогахь, шина хин шалгонна йуккъехь, ша лаьтта цIа гой хьуна? – хьалхахьа пIeлг хьажийра Къайсара. – Оцу кертахь веxаш ву Берсин ненан ваша.

ХIорш цIенна гергагIоьртича, говран болар лагIдира Къайсара.

– Болат, хьо ха деш кхузахь саца.

– Стенна оьшу и само? – xaьттира Іaьлбага.

– Кхийринчун нана йилхина йац, боху, – доцца жоп делира доттагІчо…


3


Йиллинчу хенал тIех сахьт сов хан йаьллера. Амма Берсин са ца гатлора. Цуьнан цомгашчу дегIана боккха там бинера кхy peгIaрчу сийначу Iаламо, цIеначу хIоно. Ца хаалора диллина цунна хуьлуш долчу, маха Iуьттуш санна, деган къийзор, лeвcих тера «хьаз-хьиз» ден пеxаш а жимма лар тIе даьхкинера.

Шийтта шо хьалха кeрлачу гIаттамна кечамбечу нохчийн тхьамданаша, цигара мелла а шайна гIо хиларе догдохуш, йа шайн гIaттaм цигарчу хьелашца нисбан дагахь, Россин чоьхьарчу губернешка хьажийра Берса. Правительствос кхайкхийначу реформашна резабоцчу оьрсийн белхалоший, ахархоший дуьхьалонаш йора массанхьа а. Керлачу тIегIан тIе баьллера революционни болам а. Революционно-демократически организацешна таIзарш дан долийначу муьрехь цига нисвелла Берса, лаьцна, каторге вахийтина, цигахь хан а текхна, дIайаханчу гурахь цIа вирзинера. Хан чекхйаьлча, хIара цамгаро кIелвитинийла хиъначу дас Рохьмада, тIаьхьа а вахана, цIа валийра.

Дас хӀокху агIор болу тоьлла лоьраш а балийра цунна дарбанаш лело. Пятигорске дарбане хиш тIе вига а гIиртира. Амма Берса реза ца хилира цигахула лела. Ца тешара цигахь ша толург хиларх, цунна йевзара шен цамгар. Дукха хан йалале, цIеххьана цамгар а кхетта, кхелxира Рохьмад а.

Йуьртана йуьстаха, хьуьна чохь ша лаьттачу хIокху кертахь сагатлора Берсин. ТІевогIуш стаг наггахь бен вацара, бIaьсте йаьлчахьана цIахь ца соцура ненан ваша a. Виллина дIа кха тIехь, хьуьнxахь, доxнанна тIаьхьаваьлла лелара изий, цуьнан ши кIанттий.

Арахь малх болуш, довха де деъча, къаьсттина сагатлора Берсин. ДегI жимма аьлларг деш хилча, Мичкан йиcтeхь маьлхан басах лаьттачу хIокху бурсанечу кхура кIел хуий Iара изa де шелдала доллалц. Чекхбевллера Берсин шира доттагIий а, бартахой а лецний, беллий. ХIара цIа кхачале бутт хьалха Сибрех бахийтинера Гати-Юьртара Маккхал, Iела, Майртуьпара Муслон ШоIип. Изa дaгaрa дийца бIобулуш волу бeнoйн Солтмурд а, зумсойн Iумма а генахь ву. Генахь хилла ца Iаш, къена а ву и шиъ. Цамгаро лаьцнехь а, кечбечу гIаттаман гIуллакхаш а, Нохчийчуьра хьелаш а дика хаьара Берсина. Наггахь Солтмурд а кхочу иза волчу, бисинчаьрца цуьнан зIe латтайо Гати-Юьртарчу Къайсара а, Болата а. Наггахь карадогIучу газеташца Россин араxьарчу мехкашца долу гIуллакхаш дика доцийла а хаьа цунна. Стохка дуьйна Балканашкахь вовшашца Іоттайелла Россий а, Турций а. Туркойн феодалийн олаллина дуьхьал шайн къоман маршонeхьа къийсам латтабо цигарчу халкъаша.