– Дика ду ша дерриге а. Сан да-нана а, тхан гергара нах а Каспийн уллохь бехачу ногIийн тойне бахана. ЦIахь цхьа а вац. – Сююмбике къаьхьачу къурдашца сецо гIертара бIаьрхиш, амма кхин са ца тохаделла, мелачу догIанца охьайилхира зуда.

– Хилларг хIун ду? Тхоьгара гIо оьший? – хаьттира Мисоста. Цхьа а вист хуьлуш вацара. Эххар а тийналла йохош, Хьапагожа элира зудчунга:

– Царна иза ишта а хуур ду, цундела дIаала мегар ду хьуна.

Сююмбикен совнаха дош ала а ницкъ ца хуьлура, амма хIете а йелхаран къурдашца долийра цо шен къамел:

– Да-нана цIахь доцуш, хIусаман терго йан йаханера со ден цIа, ма-дарра аьлча жимох волчу вешин терго йан. Цуьнан вуьрхIитта шо ду. Кхин бер хир дац аьлла дог диллинчу хенахь, Дала совгIатна велла ву иза сан дена а, нанна а. Цхьаъ бен воцу кIант йоI-бIаьрг санна ларвеш ву дас-нанас. Цара-м иза тойне а ца вигна, новкъахь цхьаъ хиларна кхоьруш. Сан ден а, ненан а дахаран маьIна ду сан жимох волу ваша. Цунна цхьаъ хилахь, цаьрга лалур дац иза. – йуха а йелхайолайелира Сююмбике, тIаккха йистинчу йуьхьтIехула бIаьрхиш дIасахоькхуш, кхин дIа дийцира зудчо шайна тIехIоьттинчу киртигах лаьцна:

– Армавирехь аьчка некъ буьллучохь болх беш бу цхьа болу ногIий. Йуьхьанцара лур ду аьлла долу алапа луш дацахь а, амма кхин болчу белхашкахьчул совнаха хуьлу церан алапа. ТIаьхьарчу кхаа баттахь алапа делла а дац царна. Шаьш къахьегна даьккхина рицкъа деха вахана хилла цига масех стаг. Царна йиттина, ткъа цхьаъ дIалаьцна. Цунах лаьцна сийсара хиънера сан вешина. НогIийн тобанца цхьаьна, тхан махкахо маьрша ваккха Армавире вахана иза. Уьш цига кхочур буй хууш, цаьрга хьоьжуш хиллера бухахь берш. Гуо лаьцна, къиза йиттина царна. Сан вашас герз тоьхна. Цунна а кхетта герз. Цунна чевнаш йина хила тарло, йа иза-м дуьнен чохь вуй а ца хаьа! – шийлачу маьхьарца дехьа чу дIайедира Хьапагожан зуда. Тийналло дIалецира чоь. Кхузахь чергизочун зуда схьайалош веана ураковски масех ногIи а вара.

– Шуна йукъахь цхьа а вуй Армавирехь царна кIело йинарг мила ву хууш? – хаьттира ногIийшка Кутас. Царех цхьаммо жоп делира, Кута а, Мисост а волчу агIор дIавоьрзуш:

– Со вара цаьрца Армавирехь. Тхаьш болх беш хилла эрмало волчу доьлхуш дара тхо, амма тхо йуьрта чоьхьадовллушшехь, тхуна гуо а лоцуш, шед йетта йолийра. Цара дойура дара тхо, нагахь санна Сююмбикен вашас Мухарбис герз ца тоьхнехь. Герзан тата хезча, дIасабевдира уьш. Тхайн гIуллакх хир доций кхеттачу оха, говраш йухайерзийра, амма цара тхуна тIаьхьа герз детта долийра. Чов хилла Мухарби говрара охьавуьйжира. Цо омра дира тхоьга орца даккха аьлла. Тхуна йукъара цхьа накъост цуьнца виссира, ткъа тхо Мухарбис делла омра кхочуш деш, гIо деха арадевлла. – бехказала вахана, дийцира шайна хиллачу бохамах лаьцна къона ногIийчо.

– Нийса арадевлла. Шу массо а дойур дара цара, тIаккха хиллачунна тIаьхьа а кхууьр вацара цхьа а – элира Хьапагожа.

– Муха йу хьан цIе? – хаьттира Кутас, шен керла ногIийн накъостий бовза лууш.

– Сан цIе Калибек йу, ткъа хIара Хьасан ву – вовзийтира шаьшиъ къона ногIийчо.

– Кхолладеллачу хьолах вай кхеташ ду. Бохам мичахь хилла а вайна хууш ду. НогIийшна дика бевза цига боьду некъ. Эрмалой болчохь латтош а хир ву цара шаьш йийсаре лаьцна кIант. – ойланашка вахара Кута.

– ТIаккха? Аралелхий вай? – хетарехь Тембот сатесна вара кхераме некъ йуьхьарлаца.

– Шу ГIебарта дIагIо. Кхузахь, Хьапагож волчохь шортта адам ду. НогIийшна йукъахь а бу дика къонахий. Адам оьшуш хьал дац вайгахь – элира Кутас Мисосте, ткъа гIебарто-м шен буйнахь топ а къуьйлуш, велакъежира:

– Кута, цу къамелашна хан ма йайа. И гIуллакх къасто вай цхьаьна доьлху, ткъа вайца кхин а мила вига веза хьуна а, Хьапагожна а дикох хуур ду. Оха цкъа а буьтур бац ногIийн вежарий де доьхначу дийнахь тесна! – элира Мисоста.