НогIийн коьрта къано Эзин доттагIа вара, кест-кеста чIинхой болчохь хьошалгIахь хуьлуш а, цара чIогIа лоруш стаг а вара. Амма хала хеташ делахь а, Эзин аьтто ца белира тхо долчу ван, ткъа шен метта цо шен вешин кIант, хIинцале Кавказехь дика вевхаш волу обарг Кута ваийтира. Цо Бесленей Эзера кехат деара. – дегайовхонца Куте хьаьжира чергизо. – ХIетахь цо Эзера кехат ногIийн Ураковски тайпанера къаночунна а деара. Суна-м хIетахь моьттура кху жима стаге муха дерзалур ду Бесленейра элийшка а ца дерзалуш долу дов. Кута-м Кавказехь вевзаш вара, адыгийн йукъараллехь къаьсттина чIогIа ларам болуш а вара, амма хIете а уьш дахарехь зеделларг долуш, дуьне диъна къаной бара. Амма со гIалатваьлла хиллера. НогIийшца барт барал совнаха, Кутин аьтто белира цаьрга тхан къоначу доьзална латта билгалдайта а. – доккхачу баркаллица, дегайовхонца шен дуй биъначу вешин бIаьра хьоьжура хIинцалц къовламе а, буьрса а амалца къаьсташ хилла чергизойн обарг.
– Ас-м доккха дакъа ца диллинера цу гIуллакхехь. Сан девашас Эзис къастийнера и дов. Заманан йохалла ногIийшца доттагIалла лелийна вара иза, цундела цуьнца ларам латтош, шайн сий лардира ногIийша. – жоп делира Кутас.
Накъостийша шуьнехь дуккха а хан йаьккхира, дIаэхна зама дагалецамашкахь луьстуш. Шортта дара ламанхой дийца. Кавказехь цхьаьна а къоман дахар цкъа а ца хилла атта. Ломара охьахецаделла догIу дистина хи санна буьрса а, чехка а бу кавказхойн кхолламаш…
Пхьуйра ламаз а дина, дIасабахара накъостий, хIусамдега а, иштта кхана Iуьйранна новкъабовла безаш болчу гIебартошка а садаIийта…
II
Ахбуьйса йаьллачу хенахь, нохчийн обаргана хезира кертахь йаьлла гIовгIа. Меллаша шен топ караоьцуш, кора йисте вахара иза. Керта веара масех бере, царна йукъахь цхьаъ хиллера Хьапагожан зуда Сююмбике. Цу мIаьргонехь Кута волчу IиндагIа санна меллаша чоьхьа велира Мисост:
– Кута, и хIун гIовгIа йу арахь йаьлларг? – гIебарточун карахь а йара дIатоха кийча топ.
– Со суо а вац цкъачуна кхеташ. Хьапагожин зуда цIа йеана, амма со кхеташ вац буьйсанна стенна баьхкина уьш, цул совнаха говраш а йу церан гIора дайна. – лерина корах ара а хьоьжуш, жоп делира Кутас.
– Хьапагоже хатта дезара вай – элира кхолладеллачу хьолах сагатдеш волчу гIебарточо.
– Собар де. Нагахь санна вай оьшуш хилахь, Хьапагож ца олуш Iийр вац. – Кута ша а вара собар кхачийна, хилларг хаьа лууш, амма ламанхойн гIиллакхехь дац хьеший буьйса йуккъе йаьллачу хенахь доьзалийн гIуллакхашна йукъагIерта.
Дукха хан йалале къона ламанхочо Хьапагож волчу дIакхайкхира Кута а, Мисост а, ишта церан накъостий – Тан а, Тембот а. Чергизо воьхна вара, амма хьешашка шен дагара ца хаийта гIертара иза.
– Хьапагож, муха ду хьоьгара хьал? Чевно сагатдеш-м вац хьо? – хаьттира хилларг хIун ду хаьа сатесна волчу Кутас.
– Сингаттаме хIумма а дац. ХIусамнана цIа кхаьчна. – шега делла хаттар тергал ца дан гIертара Хьапагож.
– Дика ду тIаккха, сингаттаме хIума ца хилчхьана, амма нагахь санна цхьаъ хиллехь, тхоьх лечкъо ца оьшу хьуна. – элира Кутас, ткъа цо аьллачух реза хилла, кортош теIош бара гIебартой.
Накъосташа къамел дечу хенахь, чоьхьайелира Сююмбике. Шен хIусамден накъосташна тIейахара иза:
– Кута, марша вогIийла хьо! Хазахета хьо а, хьан накъостий а тхан хIусамехь гуш. Со цIахь ца хиллехь а, шуна дика хьошалла дина хир ду аьлла тешна йу со. – дукха йилхина, цIийделла бIаьргаш лечкъо гIерташ, йуьхь тIе йовлакх уьйзура зудчо.
– Хьо а йогIийла маьрша, сан йиша. Хьапагожа элира тхоьга хьо ден цIа йаханера аьлла. Муха Iаш бу вайн гергара нах? ХIун ду ногIийн арахь? – хаьттира обарга, зудчун бIаьра а ца хьожуш.