– Тхайна тIаьхьабевлларш тило гIерташ, балкхархошца цхьаьна Майски станица йолчу агIор дIадуьйладелира тхо, цигара уьш Лаккхарчу Балкхаре гIур бара, ткъа тхо Исламейхула Чергиза дехьадевр дара. Майски станицина го баьккхина, оха кхин дIа некъ беш, тхуна тIаьхьайелира гIлагIазкхийн тоба. Со, сайци кхин виъ ламанхо а волуш, царна кIело йан сецира, уьш совцо. Уьш тхуна улло кхаьчча, оха тIе герз долийра царна, масех стаг говрара вожош. Уьш боьхна, баьржина боллушшехь, оха сихонца тхайчарна тIаьхьа хехкира говраш. Тхуна тIаьхьа герзаш детта долийра гIалгIазкхиша. Суна аьрру белшах кхийтира даьндарг. Жимма лахахь кхеттехь, дагах чекхйер йара, амма цкъачунна висси со – элира Хьапагожа.

– Вайх хIоранна а Дала билгалйина хан йу, цундела цхьа а тIаьхьа а вуьссур вац, йа хьалха а вер вац! – элира Хьапагожан белшах куьйг тухуш, гIебарточо.

– Кута, шуна стол мичахь кечйича нийса хир дара теша? – хаьттира Хьапагожа.

– Стол хьо волчу чохь кечйича нийса хир ду. Хьуна а луур ма ду, хьайн хьешашца цхьаьна кхачанах кхеташ марзо иэца! – хьехар дира Мисоста.

– ХIумма а дац! Цхьа ши де даьлча, сан хIусамнана цIа йогIур йу, тIаккха цо дика лелор ду вай. Шен ден цIа йахана йу иза! – элира чергизочо.

– Кута! Хьапагож! Тхо хIинца меца а дац, садаIа аьтто а баьлла, цундела ГIебарта дIадахча нийса хир ду. ХIинца тхан ваша Кута шух тешна а вуьтуш, майрра дIадаха мегар ду тхо шун пурбанца! – элира Мисоста.

– И санна дерг дийца а ца оьшу! И хIун къамел ду? Ас шаьш дIадохуьйтур доций ца хууш ду шу? – реза воцуш цкъа цаьрга, йуха Куте хьоьжура Хьапагож.

– Мисост! Хьапагож нийса луьйш ву! Суна ца лаьа шуьгара сан доттагIчунна вас хилийта. Шу дуьххьара хьошалгIахь ду цуьнан хIусамехь, цундела буьйса ца йоккхуш, новкъадовлар гIиллакхехь хир дац. – элира Кутас, хьалагIаьттина хилла гIебарто, белша тIе куьйг диллина охьахаавеш.

– Дер тхуна дагахь ма дацара хьан доттагIчунна а, хьуна а вас йар. Цундела къинтIера довла тхуна! – элира Мисоста, Хьапагожан хьошалла а, цо кховдийна довха вошалла а хазахетарца тIеоьцуш. – Амма цхьа хаттар кхолладелла тхан. Хьапагож дуй биъна ваша хIунда ву, ткъа тхо уллера доттагIий бен дац? – лерина Куте хьаьжира Мисост. Цу хаттаро самукъадаьккхина буьйлура ламанхой.

– ХIусамден бакъонаш лоруш, Хьапагоже дийцийта деза иза, цул совнаха иза ша ву со шен дуй биъна ваша ву аьлларг, оцу кепара тхан йукъаметтигаш жоьпаллин лаккхарчу тIегIане а йохуш! – элира Кутас.

Хьапагож велакъежира. Гуш дара мел беза а, сирла а бу цунна тахана ша Iора баха безаш болу дагалецамаш.

– Иза сан дахарера шатайпа хилам бара. Цуьнан орамехь Кавказан къаьмнийн доттагIаллин гIиллакх ду. И гIиллакх лело а, ларда а деза вай массара а! – элира Хьапагожа, маьнги тIехь хьалахууш.

– Пхийттара ваьллачу дийнахь дуьйна вайн мостагIашца къиссам латтош ву со. ВуьрхIитта шо долчу хенахь, голех чов йинера суна. ХIетахь дуьйна виссина со астагIа. Цундела олуш ду соьх халкълахь астагIа Хьапагож – велавелира чергизойн обарг, ткъа йуха лерина хьешашка а хьаьжна, дIадолийра цо шен къамел.

– ХIетахь Кавказехь со дика вевзаш жима стаг вара. Цхьаьна дийнахь, Бесленейхь Iаш болчу сайн ненахойн тойнехь суна йевзира исбаьхьа хаза йоI. Иза хиллера ногIийн эланан йоI. Ханна чIогIа жима йара иза, амма цуьнан хазалло бен доцуш ца вуьтура цхьа а. Цу тойнехь со вуй хиъча, со шена гайта аьлла дехара дина хиллера цо. Соьга сиха хаам бира Ураковски ногIийн эланан йоI, хазаллица цIейаххана йолу Сююмбике йу аьлла со ган лууш. Цу дийнахь девзира тхойшиъ. Цул тIаьхьа наг-нагахь цхьацца тойнашкахь гар нислора. Ма-дарра аьлча, тхан дегнаш вовшашка кхийдара. Цунах лаьцна хиъначу Сююмбикен дас дIахьединера шен йоI элийшка бен маре йаха мегар дац аьлла, ткъа со-м шуна хууш ма хиллара маьрша чергизо ву. Сан тайпанна йукъахь цкъа а ца хилла йа элий а, йа леш а. Со-м дог диллина Iаш вара, амма Сююмбике ца хиллера йухайер йолуш. НогIийн арахь хьоькху мох санна чехка йара йоьIан амал. – велавелира Хьапагож. Цуьнан бIаьргийн лепарехь хIинца а гуш бара хIусамнене болу безам. – Тхойшиъ тIаьххьара гиначу хенахь, Сююмбикес суна эхь дуьллуш, эли-кх – Кавказехь цIейаххана обарг вац хьо? Хьайга луш ца хилча, йадийна йаккха йеза-кх! Ас сайн накъосташца йадийра Сююмбике. ХIетахь доладелира ша дерриге а. ЙоьIан лаамца, иза Хьапагожана йалийна аьлла хаам эцна бахийтина геланчаш, ногIийша лелхийнера, ткъа тхуна мостагIалла кхайкхийнера. Сан ненахой – Бесленеера элий а гIоьртира суна гIо дан, амма церан а гIуллакх ца хилира. НогIийша шайн йоI цIа йалайе бохура, ткъа Сююмбике цIа йаха туьгуш йацара. НогIийшца барт бан аьтто бео боций хиъча, Бесленейра къаночо сацам бира нохчашка гIо деха. Цо кехатаца геланча вахийтира Имам Шемалан наиб хилла волу Довта-МартантIера Эза волчу.