ИбрахIимал а чIогIа самукъадаьлла вогIура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вогIура иза урамехула сих-сиха сигнал йетташ, адамийн тидам тIе а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн цIеношчуьра, хилларг хIун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.
Эххар а ИбрахIиман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхайаьлла йогIура нана – ИбрахIиман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат. Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а ИбрахIим ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен цIа вохуьйтур волуш. ИбрахIиман агIонера машенан неI дIа а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:
– Аш шина шарахь ган сатийссина волу кIант Соьлжа-ГIалара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, хIара эскарера вогIуш ву, тIеман духара-м дац кхунна тIехь бакъдерг дийцича, амма шун бIаьра хьаьжча а гуш ду хIара харц луьйш воций, амма хIете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!
Хеда шен кIант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма хIете а таксистан забарна тIетайра. Цо элира ша муьлха а хIума дIадала кийча йу, къизачу таксиста шен кIант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстагIан метта ИбрахIим волчарга дIавала. Цу тIехь сихонца барт а хилира. УьстагI таксистан багажникана чубуьллушшехь ИбрахIим машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа гIуллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене кIур эккхийтина дIавахара.
Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо гIертар. Цунах кхеттачу ИбрахIима сихонца маракъевлира шен да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа йукъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан чIагIдала гIертачу дагна тешнабехк беш – бIаьрг буьзнера хин тIадамех.
Ма гуш дара Заурбекана шен кIант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.
– Йа АллахI Дела, Iалашве ахь сан кIант! – шен дагахь элира Заурбека.
ТасуевгIеран хIусамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а тIедеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш тIелаца кийча хилар. Ма доккха маьIна ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам бIешерашкахь дуьйна йа кхолламе а, йа мостагIашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа тIехь шен сий долу меттиг дIалаьцна лаьтташ.
Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, тIеман кIурлахь шен доьналла а гайтина цIа вирзина цуьнан жимох волу кIант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и гIиллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.
Шен кIант могуш-маьрша цIа верзарна Далла хастам беш, хIусамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа йуха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маьIна долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна хIинцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.
Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза йеттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа йуха нохчийн мукъамо ира-кара хIиттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.