Iуьйранна итт даьлча билгалдина дара Ленинан цIарах йолчу гIалин коьрта майданехь тIеман парад дIайахьар а, иштта къинхьегамхойн дуьйладалар а.
III
Iуьйранна Хьалхарчу Майхь арахь серсаш догIа долушшехь, парад хилира.
Сарахь тIеман декъан хьаьрмахь, эпсарийн Культуран ЦIийнахь тIеман гIуллакххошна ма-деззара къеггина даздаран цхьаьнакхетар хилира. Цуьнан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, тIеман декъан ансамбла а, иштта меттигера эстрадин артисташа а дакъа а лоцуш концерт хилира.
Концерта бакъ долуш массеран а самукъадаьккхира. Къаьсттина хазахеташ бара арахецархой, хIунда аьлча масех де даьлча царех командираш хир бу, ткъа иза йоккха жоьпалла йу, хIунда аьлча церан корматаллех доьзна хир ду церан куьйгкIелахь болчеран эскарера дахар.
Ткъа хIинца тIеман дешаран йалх бутт чекхбаьллачул тIаьхьа, цхьажимма садаIа аьтто баларна самукъадаьллера церан. Цул совнаха концертехь дIаолу иллеш а дара дог ира-кара хIиттош.
И тайпа цхьаьнакхетаршка эхар тIемалойн доьзалийн ламаст дара. Кхи болчу эпсарийн доьзалшца цхьаьна даздаршка йеанера тIеман декъан командиран политически белхан гIовсан хIусамнана Вера Степановна а шен йоI Ольга цхьаьна а йолуш. Царна тIаьхьатассавелла веанера капитан Литвинов а. Кхи болчу лахара эпсаршка а, взводийн командирашка а хьаьжча, Литвинов хIинца а зуда йалонза вара.
ТIеман декъан замполитан, подполковникан Тарасовн йоI чIогIа хазахеташ вара иза. Цундела лаьара Литвиновна муьлха а бахьана даьлча цуьнан де-ненан дог дика дан а, шен ма хуьллу цаьрца йукъаметтиг нисъйан а.
Литвинов гIеметтахIоьттина стаг вара. Ши шо хьалха цо лаккхара кхиамашца чекхйаьккхира тIеман училище. Цуьнан да генеральни штабехь лаккхарчу даржехь вара, цундела Литвинов училищера аравелира лаккхара лейтенантан цIе а йолуш, ткъа кхин а ши шо далале хенал хьалха цунна капитанан цIе йелира. Билгалдаккха деза, капитан хазачу аматехь вара, оцу хазаллица нийсса шен хьолах дозалла дар а дацара цуьнгахь хIуммаъ кIезиг. Москван уггаре а тоьллачу школашкахь дешар, лаккхарчу даржашкахь долу да-нана, тIеман хаарш – цу дерригено а кур ваьккхина Литвинов массарна а ца вешаш тIехула хьоьжура. Цунна хетарехь курсанташа а, сержаташа а, эпсараша цо аьлларг дан дезаш дара дуьхьал дош ца олуш.
Оццул хьекъал а, хазалла а шеца доллушшехь, тIеман накъосташна йукъахь капитанан доттагIий кIезиг бара. Ткъа бу бохуш лелаш берш а, дукха хьолахь шайна пайда лоьхуш бара. Литвиновс дукха ойла ца йора цу гIуллакхан, хIунда аьлча цунна ша хIинцале инарлин даржехь гора. Буьззинчу барамехь ирс хилийта оьшург Тарасова Ольга санна хаза нускал дара.
Доьзалехь цхьаъ бен а йоцуш, Ольга ша дуьненчу йаьллачу дийнахь дуьйна де-ненан безамах а, йовхонах а хьулйина йара. Цхьаъ бен йоцу йоI церан дахаран дерриге а маьIна дара. Дас-нанас шайн ницкъ кхочург дора йоI цхьаьна а хIумантIехь эшна ца хилийта. Ольгас чекхйаьккхира мукъамийн школа а, иштта хазахетарца теннисах а ловзура, нека дан а Iеминера. Школехь доьшуш хуьлу кхачамбацарш дас-нанас сиха къастадора репиторийн гIоьнца. Оцу дерригено а ишта а хьекъал долуш а йолчу йоьIана аьтто белира лаккхара кхиамашца школа чекх а йоккхуш, Хабаровски университетан экономически факультете деша хIотта. Башха чIогIа хаза йацахь а, амма тайначу аматехь, дегIаца товш йолу йоI божарийн бIаьрг тIе ца хIуттуш ца йуьссура.
Ткъа иза йистхиларца гуш хуьлура йоьIан самукъне амалца нийсса, кийрахь цIена дог дуйла а. Хууш ма-хиллара дукха тIех Iуьналла деш лелийна бер сов коча хуьлу, амма Ольга иштта йацара, цо мелхо а дас-нанас шена кховдийначу безаман хIу кийрахь даржош, кхиийра шегахь эсала амал а, адамащца йолу уьйр а.