Шен хоршехь дIадоьдуш дара ИбрахIиман эскарера дахар. Йа командирашца а йа тIеман накъосташца а йолу йукъаметтигаш эскаро тIедожийначу барамал сов ца йевллера ИбрахIиман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма ИбрахIиман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а гIо даккха.
Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма хIорш а ца буьссура декхарийлахь.
Иштта, цхьаьна дийнахь тактически Iаморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха ИбрахIим охьатаIо. Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу йукъаметтиг.
ТIеман уставаш дагахь шаръйар, даима хуьлу Iаморш, дегIан ницкъан кечамаш – атта ца хиллера эскарера дахар, амма массо а агIонехула цунна кийча волчу ИбрахIимана дацара иза хала. Эскарера халонаш бахьана долуш, цуьнан доьналла де дийне мел долу чIагIлуш дара. Шен сица а цIийца а ийна йолу йаьхь даима хуьлура цуьнан коьрта герз командираша а, цу ишколан сержанташа а хIуьттарена ког туьссучу хенахь. Хеталора командираша дийнахь а, буса а бIаьрг тIера ца боккху къоначу курсанташна, мел кIезиг долчу гIалатна а геч ца деш.
Йуьхьанцара ИбрахIим ца кхетара стенна бала хуьлу командирашна дIатассаза йиссинчу нуьйдаца а, ишта кхин долчу бенбашхалла йоцучу хIуманца а. Сержантийн ишколехь тайп-тайпана къаьмнашкара кегий нах бара. Нохчо цхьа ИбрахIим бен вацара. Цхьаьна махкара эскаре кхайкхинарш вовше гIо доккхуш, даима цхьаьна хуьлура. Хьайн къомах накъост кхузахь мел чIогIа оьшу ИбрахIим кхийтира эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлеттачу хенахь.
Церан дов даларан бахьана дара Арсен цIе йолу азербайджана хьаштагIа цIанъйан дуьхьало йар. Арсенна хетарехь иза Самвел цIе йолчу эрмалочо леррина кхуьнга хIуьттаренна цIанъйойтуш йара, эрмалойшна хьалха азербайджанаш охьатаIо Iалашонца. Арсен шена дуьхьал ваьлча, Самвела цунна йуьхьтIе буй туьйхира. Ткъа шайн махкахочун гIо а даьккхина азербайджанаша Самвелана йиттира. Ши саьлтий тассавалар шина къомана йукъахь даьллачу девне дирзира. Эпсараш йукъагIоьртинчул тIаьхьа, дов къастийра, амма шина а агIоно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а дIадекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот йаьллехь цIий Iаназа делира цигахь. Амма шина а агIона оцу халчу хьолахь кIелхьараволийла ИбрахIимана карийра. Цо шина довхочуьнга элира шаьшшиъ дуьхь духьал хIотта аьлла. Иза массо а агIо дустича нийса а, къонахашца догIуш а дара.
Сержант Самвел эскарехь волу цхьа шо а, кхо бутт а бара, ткъа Арсена тIеман декхара дIакхоьхьу кхо бутт бен бацара. Кху девнехь иза бакъ хилар ИбрахIимана гуш дара.
Муьлхха а мах белла, шен бакъо къовса кийча волу Арсен дикка кхераме вара Самвелана, амма цунна иза гуш дацара, хIунда аьлча Самвела дог дохура ша мел харц велахь а, эскарехь алсам хан йаьккхинчара шен гIо доккхур хилар. Мел халахеташ делахь а, Советан эскарехь «дедовщина» олу харцо вуно чIогIа йаьржина йара. Цхьа шо а сов эскарехь хан йаьккхинчара тIебаьхкинчу къоначу саьлтишна тIехь инзаре къизалла латтайора, ткъа иза эпсарша мага а дора.
Ша мелла а ницкъ болуш воллушшехь, Арсен хIете а чIогIа кхеравеллера ИбрахIима кховдийначух. Латарехь, спортехь шортта зеделларг долчу ИбрахIиман бIаьрг тIехIоьттира Арсен доьналла долуш хиларан, цундела иза цунах тешара, йа иза эрна а ца хиллера. Арсенан бIаьргаш чохь йогу цIе а, Самвелехь йолу дегазалла а дукхах болчарна гуш йара, цундела массеран а Арсенаца озабезам бара.
Сарахь массо а дIавижинчул тIаьхьа виъ стаг йуьхь-куьйг дуьлучу чоьхьабевлира. Арсена шен теш ИбрахIим лаьцнера, ткъа Самвелан теш ТолгIан цIе йолу узбек вара. И чоь нийсса ши довхо дIасахьовззал йара. Латар массо а бакъенаш ларъйаш дIадахьа дезаш дара – дегIана тIе буйнаш а, мираш а бетта мегаш ду, амма охьавоьжначух лата мегар дац.