Куралло вахийна Литвинов ма-варра ца вовззал Iовдал а йацара йоI, цундела цо гIиллакхехь йухатухура капитана шега кхийдо безам.

Капитан шен йоI йезаш вуй ца гуш ца диссира Ольги нанна а. Иза цу гIуллакхах йоккхайеш а йара. Нанна лаьара шен йоьIан кхане сирла хуьлийла, хIунда аьлча Литвинов гIеметтахIоьттина, массо а агIор аьтто болуш стаг вара. Кху даздаре а Ольга нанна хала ца хетийта йеанера. Кху цхьаьнакхетарах башха самукъадаьлла а йацара йоI ма-дарра аьлча. Цуьнан йерриге а ойла дIалецира даздаран цхьаьнакхетар долалуш шена гиначу цхьаьна сержанта. Цуьнан бIаьра хьожжушшехь кхийтира Ольга ишта кIант шена цкъа а гина воций. Ольгас тидаме лаьцнарг дара и кIант массарел а цхьа шатайпа къаьсташ хилар а, оццул хаза, зоьртала дегIехь ша воллушшехь хIумма а кур ца хилар а. Ларамза цIаьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоьIан ойланехь шина кIентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.

– Леккха хиларца а, дегIаца а цхьаьна вогIуш ву и шиъ – ойла йора йоьIа, амма кхи дIа-м башхалла ша стигланна а, латтана а йукъахь санна йара. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна бIаьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду. Цуьнан сирла амат нуьре до син-оьздангаллас а, кийрара дуьйна схьайогIучу цIеналлас а, ткъа бIаьргаш чохь кхерста доьналлин алу. Цуьнан дерриге а васт лерина диллина сурт санна ду. Ткъа кIант ша и ца гуш вац, амма хIете а мел лела хаьа цунна, мел оьзда йу цо дIайоккху хIора а гIулч. Концерт дIайаьлла аьлла биначу хаамо йукъах йехира йоьIан ойланаш.

Подполковник Тарасовс ша кхин а цхьаьна сахьтана тIаьхьа саца веза аьлла хезначу Литвиновс хазахетарца шена тIелецира Ольга а, цуьнан нана а цIа кхето.

Цу бехачу некъахь Ольгин ладогIа дийзира Литвиновн цу дегаза къамелашка. Ма хазахийтира йоьIана шаьш цIа а кхаьчна, капитан дIавахча.

Цу дерриге а кIирнахь Ольгин берриге а кхетам дIалаьцнера сержантан цу шатайпа васта. Иза кхайкхаза хьаша санна хIоьттира цуьнан деган неIаре. Къастаран мIаьрго тIехIоьттича бен ца кхийтира йоI ишта хиллий кхолламан некъаш. Кхолламо валийнера иза цуьнан ойланашка, амма боккъалла а долчу ирсана йелла хан кIезиг хуьлуш хиллера-кх.

Дешаран декъан куьйгаллас ИбрахIиме школехь висса элира, къона саьлтишца болх а беш. Юрийна а лаьара накъост шен уллохь хилийта. ИбрахIим хазахетарца реза а хилира. Къона сержант взводан командиран гIовс хIоттийра. Эскаран дахар шен тийначу хоршехь дIадоьдуш дара.

Кестта, ИбрахIиман а, Ольган а довзар хилира. Церан дахарехь иза боккъалла а цхьа исбаьхьа хаза а, маьIне а хилам а бара.

IV

ТIекхечира хьаьттан бутт (август). Масех де дара стиглахь цхьа а марха гучу ца йолуш, йекхна лаьтта. Дуьне лало санна кхеттачу малхана арахь лаьтташ тов йара. ГIалара дитташ а, зезагаш а адамаш санна гIелдинера аьхкенан йовхоно. Некъаш тIера ченаш ловзош баьллачу мохо а гIо ца дора, хIунда аьлча иза бовха бара. ГIалин паркан шийлачу Iома йистошкахь карайора бахархошна аьхкенан товнах кIелхьарабовлийла.

Иштта, кIиранан дийнахь делкъал тIаьхьа, Ольгина а лиира шен доттагIчуьнца Галиница цхьаьна а кхетта, паркехь жимма хан йаьккха. И шиъ сих-сиха йогIура кхуза. Мехкарийн дийца хIума шорта хуьлура. Коьрте хьийза шортта ойланаш, сирлачу кханенга болу сатийсам… маржа-йаI ма хаза хан йу-кх жималла, дахаро ца Iовжош иза чекхйаьлла дагалецамашкахь ша ма йарра цIена а, хаза а йиссар хилла-кх дуй ца хууш, боккъалла а доккха ирс. Паркехула лелаш, мацъйелла ши йоI кафе йахара хIума кхалла дагахь, амма маларх кхеттачу кегий нехан тидам шаьшиммо тIеберзор бахьана долуш, шина йоьIан цу чуьра сиха дIайаха дийзира.