ИбраIхим чоьхьаваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.

– ИбрахIим! – Заурбек хьалагIаьттира. – Со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат йазда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.

– Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.

ИбрахIим йуьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Йуьхьанцара хеталора ма шийла йара кIентан а, ден а Iодика йар, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.

Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…

Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.

Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам дIаболийра тIеман оркестра. Вотанан гIовгIанца хезаш дара «Прощание славянки» цIейаххана илли.

Ткъа цул тIаьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Аргун-ГIала дIабахара – ЧИАССРан йукъарралийн гуларийн пункте.

Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца йуьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна йукъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и тIеман а, машаран а дуьненнна йукъахь долу доза.

Шатайпа йара хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла йацахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш йара нанойн гIийла хьежарехь. ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-йаI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссайала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй. Ткъа и кIохцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагел а.

ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу йухатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза йала хьаьхначу Афганистанехь йаьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара кIентан бIаьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма ИбрахIимана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. ГIиллакхах ца йоха, ша дахарехь сел кIезиг хьистина волу кIант, цо доIанехь набарна тевжаш хьоьстур вуй.

Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, йуха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла йеш, иза Деле доьхуш. Ненан бIаьргийн йоза деша ма дика хаьара кIантана. Цунна хаьара нана шен дог ца Iовжо, бIаьрхийн и боккха хIорд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.