Арайаьллачу Хедас тIебеанчу баланах иза дIалачкъо геIрташ санна маара къуьйлура шена нехан йоI.

– Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина хIуммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша дIалелчхьана… – йоьлхура йоI.

– Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр йац хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша йу, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан цIе тховса сийлахь йу хьуна.

Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йоI а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу йеа зудчун бIаьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна тIебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, хIунда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.

ХIуммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза йан шайн йоI йалош баьхкинарш, корта хьалаайа йуьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – ТасуевгIар хиллачун деган Iижамца маьIна деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара бIаьрхиш а лечкъош. ХIоранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла хIара тайпа эхь шайна тIедеана ца хиларна. ХIоранна а ойла йан бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен тIаьхьенна а хIара санна дерг тIе ца кхачийта. Йукъараллехь шен цIе ларъйархьама, шен сих йаьлла, шен хьоме йоI сийзайан нехан кара дIайеллачу дас, цу мIаьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца гIатто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу хIора а стеган коьртехь цхьа ойла йара – шен йоьIан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар?

Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йоI ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.

Заурбека шен тайпанера къаноче Асбин Ахьмудан кIанте Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло дIа а бигна элира:

– ДIагIо! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.

Минот а ца йелира «хьеший» шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, йуьртара къайла бовла. Йуха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестара. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу йаьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла йара цара йелхош йерг. Кхузахь, таханна хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта дьоьналлица толам а баьккхира. Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан йаьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.