– Х1ун хилла, Ваха? – хаьттира Виситас.

Куьйгашца корта а лаьцна хьуьна юккъе д1аволавелира Ваха, дуьхьала х1ума а ца олуш.

– Зударий, х1ун ду кхузахь хилларг? – алан кхиъира Висита, зударий д1аса хилира сихха.

Доккхачу наж диттана бухахь юькъачу бецана т1ехь 1уьллура куьйгаш д1аса а тесина вуьрх1ийтта шо хир долуш йо1. Цуьнан г1ода юккъехь озийна йихкина шаршу хилла к1адийн кесаг яра. Оцу юккъехула х1инца а охьаледаш ц1ийн т1адамаш дара йоь1ан аг1онца. Висита кхийтира хилларг х1ун ду, йо1 садоь1уш яцара.

– Йоккхачу тоьпан х1оъанан гериг кхетта вон чов яра цуьнан, кхуза а дика схьакхаьчна и, – элира зударех цхьамма.

– Гергара стаг вуй цуьнан кхузахь? – хаьттира Виситас.

– Со ю цуьнан нус, Зулай… Иза тхан юьртан эчиган пхьеран йо1 ю… Сецира жима зуда, шен майрачуьна йишин, марден а ц1е яккхан ца лиира цунна.

Уллохь лаьттачу баккхийрачу зударша т1етуьйхира:

– Малика ю оцу йоь1ан ц1е…

– Идалан йо1 ю и.

Висита юьстаха а кхайкхина Зулайс цхьанна а ца хозийтуш хаъийтира Виситина:

– Гуьйранна Вахина хан йиллина яра Хаза йо1.

Висита ца кхетта хетадела т1етуьйхира цо, йистехьуо хьуьна юккъехь лаьтташ волчу т1емлочунна т1е п1елг а хьажош. – Д1о лаьтташ ву иза.

Х1инца Висита кхийтира, Ваха юьстаха валаран бахьанах. Цхьажимма витина а иза ша вуьтуш лаха охьаволавелира х1ара. Массо меттехь, гобаьккхина а бара чевнаш йина зударий, кхин а инзарениг – бераш! Дехьо лаьтташ болчу шен накъосташна т1евахана дагавелира Висита:

– Вахин т1ехьийза йоь1ан дакъа ду д1о зударшкахь… Цаьрга и юьрта кхачалур дац…

– Т1аьхьа кешнашка д1адуллура долуш, х1инца лаьтте далан деза дакъа, – элира х1окхарел воккха волчу Цадас.

– Мегар ду… делахь, к1ентий, сихо ян деза вай. Шу кхоъ кхузхь висина йо1ана кашна ор даьккхина и д1анийса йина, тхуна т1аьхьа ван деза делахь, – аьлла Цадин кхин шинна т1едиллира Висас и г1улкх.

Схьагарехь, х1окху адамашна юккъехь чов янза, дагна чов йина-м х1етте а, висина цхьа а стаг вацара, жима а, воккха а. Дог 1овжадинера жимчу стеган, гуш долчу суьрто. Виситас б1аьргашца лехира Ваха. И дитташна юккъехь къевла ваьллачу аг1ора д1аволавелча, цунна гира куьйга пепан диттах г1оьртина, воьхна лаьтташ волу шен накъост:

– Ваха, Делана вайначулла а алсама езаш хилла Малика… Йирзина меттиг Дала декъала йойла цуьнан! – улло вахана жима стаг маракъевлира цо.

– Дела реза хуьлда хьуна, Висита, – догэцарна баркаллица белшна т1е куьйг а тухуш жоп делира Вахас.

– Х1инца вай мостаг1чуьнга доьхура ду жоп! Сихлолахь, Ваха! – олуш шен говра йолчу аг1ора д1аволавелира Висита.

– Доьхура ду! – ша-шега олуш, церг хьакхийра Вахас, шен говрана т1е а хьодуш.

– К1ентий! Говрашка ховша! Оцу делан мостаг1ашна т1екхочур вай! – мохь элира Виситас говра а волуш.

Говрийн бергаша х1инца декадора латта! Геннахь а хезира долуш, бог1уш бериг б1о буйла. Гонахара хьаннаша и г1овг1а дуккхаза а алсама йоккхуш генна хьалха д1ахьош яра.


Шена хьалха д1аоьхуш болу дошлой севцина а хаъабелла, Зараъ динара а йоьссина тебина улло г1оьртира царнна. Диттийн дуькъа г1аьнашна, коьллашна юккъехь хьулъелла 1ийра и дикка хьоьжуш а, ладуг1уш а. Болатас жима йолуш дуьйна дика 1амийнера йо1, и теббина гуттар а улло еънера т1емлошна а, мух1ажаршна а. Цара олуш долу х1ора дош а хезира цунна, доь1уш са а т1ехь хезира. Кестта йо1 кхийтира, т1емлой т1ебоьлхуш йолчу юьртахь боккха бохам хилла хиларах. Иза кхин хьиэм ца беш, цхьа г1а а меттах ца доккхуш, текхина йистаха а яьлла, тешамен доттаг1 санна шега хьоьжуш лаьттачу Сирдинна т1ейеира. Шена х1инца гинчу зударийн миска яххьаш яра йоь1ан б1аьргашна хьалха лаьтташ, кхераделлачу берийн белхарш дара лергаш къардеш санна декаш. Даръелла, оьг1азен шед х1оьттинера йоь1ан хазачу хьаьжана юккъе. «Ас х1ун дича нийса хир дара техьа?» – ойла хьийзара Зараъин коьрта. Сихонца елира йо1 шен говра… Ткъа кхин д1а дериг-м дагахь а доцучу кепехь дийцира хьекъален говро. И когбайбина елира новкъа, амма новкъахь ца соцуш и едира бердана йистте. Берд ломахь санна лекха бацара, амма чувосса луъчунна кхин лоха а ца хетара и. Бердана а, хинна а юккъехь г1амарна т1ехь нилхха яьлла буц а йолуш шуьйра тог1и яра. Говра бердана йисттехула цкъа цхьана аг1ора хьаьдира, т1аккха вукху аг1ора. Ткъа Сирдин ша а ч1ог1а сиха йолучух тера дара, цундела и кхин хьиэм ца беш бердат1ера хина чукхоссалуш санна г1амаршна т1е кхоссаелира. Зараъ ша а ч1ог1а цецъяьллера оцу Сирдинах даьллачу хьуьнарах а, майраллах а. Амма говра-м яцара ойланаш енчохь, и тог1и чухула бергашна бухара леккха ирх г1амарийн цинцаш а кхуьйсуш хина охьанехьа лаллаелла йоьдуш яра. Дикка гена д1аихира говра, хино гола тухучохь тог1и а ц1аьххьана готта елира. Говрана х1инца-м шортта хан яра йоьдуш лаьтташехь бердах хьалаялан меттиг лахан. Иштта дуьххьара шена карийначу меттигехь иза хьалхара ши ког кхоссалуш говза д1а а тосуш бердана т1еелира. Юьртабоьду некъ бердана оцу меттехь кхин гена а бацара, цундела Зараъас говра некъана т1е хьовзийра. Сирдин цкъа юхаг1оьртира, амма йо1ана лууш дериг дан лийра а йолуш ма яра и. Юьртана улло ма г1оьрттина некъана дехьа-сехьара дитташ мелла а нилха дара, иштта дитташ к1езига долучохь д1ахьаьжича гена йоцуш юрт хааелира йо1ана. И юрт хааелла Сирдин а маса ког боккхуш, тохаелира. Дукха хан ялале говр а д1анийсаелира юькъа коканийн куллашца. Ткъа и коканеш кхачалуш доккха диъ-пхиъ талла дара ул-уллохь лаьтташ. Говра ц1аьххьана «хр-р-р!» олуш сецира, амма Зараъан лаамца хьалха д1айолаелира. Оцу хенахь стаммийчу таллашна т1ехьара говрана мерк1еллахь, борг1алаш санна къорза духар а дуьйхина волу, шиъ салтий дуьхьала велира. Салтийн карахь яра ехан мажаран тоьпаш, амма оцу тоьпанелла а деха х1унда дац аьлла хеташ буьххьехь ира кхоъ литта а долуш цхьамзанаш дара. Хьаьрса охкаделла ц1оцкъамаш а царна бухахь хьакхийн санна горга б1аьргаш а, босбоцуш б1аьрганег1арш а долуш, дукха онда волуш букар а хьаьвзина волу салтий хьалха чухьаьдира Зараина, шалгу санна шина куьйга топ хьалха а лаьцна. Шолг1аниг-м лохуо дег1ахь деха дуткъа охкаделла ши мекх а долуш волу, шелла а еха топ хьажош воллура. Амма цунна, стелахьаьштига санна малхехь серло а тухуш, накха кхача а белла лаган шед болучу хир долуш, йо1а ластийна кхоьссина шаьлта яхара мукъ бен гуш а ца буьсуш. Ц1енчу ц1ийн чопаш ара а тухуш д1акерчина цкъа-шозза когаш хьокхуш тоха а велла д1асецира салти. Амма чухьаьддарг-м говрана хьалхара когийн болата т1ехь ленаш долчу бергашна т1е1оттавелира! Топ цхьана аг1ора а южуш, ша аркъала д1акерчира онда салтий. Говра улло а яхийтина лохачу салтийчуьна са эцна йолу шаьлта, говрана т1ера ца юссуш, чукхевдина схьа а яьккхина, цуьнан къорза барзакъах хьаькхина ц1ийх ц1ан а еш шен батта йиллира йо1а. Зараъин хьаьжаюккъера шад-м ца баьллера х1инца а д1а. Говра д1аса а йолаялийтина, кхин цкъа а охьакхевдина кара ийцира цо, метта ван г1ерташ, узарш деш 1уьллучу ондачу салтийчуьнан еха топ. «Иштта герз долчу эскарца т1ом муха бан деза шаьлтанашца? Муьлхачу махкахь хаькхарчий санна деба техьа х1ара бакъйолу хьакхарчий!» – ойланаш йора йо1а, цкъа тоьпе хьожуш, т1аккха хьаьрсачу салтийчуьнга хьожуш. Оцу хенахь шен горга хьаькхийн хуьрсийн санна болу ши б1аьрг схьабиллира узарш а деш салтийчо. Уьш-м ца биллинехь а х1умма а дацара! Буйнахь, буьхьиг лепаш цхьамза болу топ а йолуш, говра т1ехь т1евог1авелла жима стаг ламанхо вара суркуй а тиллина. Амма аьрон куьйга жимачу стага шен хазчу коьртара баьккхира куй. Салтийчуьна горга кегийра ши б1аьрг цецдеъина боккха хилан г1оьртира, амма Дала ца делларг хилан йиш яц-кх! Зараъас месаш бухахь къайлайохуш т1етиллира куй. Йоь1ан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьуьнхахь доьлхуш хиллачу берийн сурт, 1адаяллал ч1ог1а хезира церан аьзнаш… Салтий х1инца а вара цецваларх ца валалуш бухахь 1уьллуш: