Сатосучу седанца Сирдинас улло а еъна самаяьккхира йо1, и эрна а ца хиллера. Гена доцуш лахахь 1инчохь, лерг ира долчу йо1ана хезира, халла бен ца къаьсташ йолу дуккха а говрийн бергийн тата, т1улгенийн г1овг1ано ч1ог1а г1елдинехь а. Дукха хьиэм ца беш, сиха кечам бина, оцу говрийн бергийн лараца т1аьхьа йолаялийтира йо1а шен Сирдин а. Дукха хан юкъа ца юлуш, хьалаг1аьттира ц1ен малх а, сатосу седана серло ц1аьххьана лахъеш. Яккхий хьаннаш да1аса а тоьттуш, резадоцуш г1овг1ане хьаьдда йоьдучу хин тулг1енаш бахьана дика ца къаьстира хьалха д1аоьхучеран татанаш, аьзнаш, цундела Сирдин а йоьдура ког байбина. Схьахетарехь, аренга д1акхачан ши-кхоъ арц бен ца дисинера. Эххара а хина тулг1енаш хьалха санна ч1ог1а дера йоцуш парг1атъевллера, иза яра, хи аренга дала кечлуш хиларна билгало. Аренца лелан 1емина Сирдин а яра мелла а самукъадаьлла, хьекъален говрана а хаъаделлера сийна аре генайоцуш хилар.
Де делкъанехьа г1оьртира, ц1аьххьана т1аьххьара арц букъна т1ехьа а дуьсуш, хьалха д1аоьху б1аьхой а, царнна ца тусалуш йог1у Сирдин а аренца д1абуьйлалуш. Мелла а шорделла, парг1ата дог1учу хина бердана йистехула бара х1инца а хьалхалерачу заманан шира некъ. Аренгахь лахбеллачу бердах тулг1е тийсалуш дог1у хина йисттехь лахахь 1уьллуш йолчу нохчийн юьрта кхачан дагахь д1аг1ертара Висита хьалха а волуш кхо б1е сов хир волуш дошло. Ломахь санна лекха яцахь а, гонаха луьста хьун 1уьллура. Х1инца, дехьа-сехьа тог1еш йолуш шорделлачу хина бердана йисттехула дитташна юккъехула боьдура шира некъ. Мог1а бахбина, шиъ говра улло нислуш бог1ура дошлой. Х1орш д1акхачан беза юрт Теркана а, паччахьан эскаран коьрта г1опана дукха генахь яра. Цундела оцу юьртахь геннара некъ бина б1аьхой, жимма садо1ур шаьш, аьлла дагахь бара. Бевза-безарш а бара цхьаболчу дошлойн оцу хьалхахь 1уьллуш йолчу юьртахь. Виситина уллохь лекхачу дег1ехь волчу, 1аьржачу динахь вог1учу Вахина-м цу юьртахь, т1ехьийза дикка хан йолуш, хаза сирла месаш а йолуш, цхьа йо1 яра, ша санна хаза Малика бохуш шен ц1е а йолуш. Ваха Висител ши шо жима вара, делахь а, г1еххьа доттаг1алла дара цу шинна юккъехь. Виситица Теркал дехьа даьхни далон х1орш оьхучу хенахь а Виситина уллохь хуьлуш вара жима зудаберийн санна хаза юткъа юьхь йолу Ваха. Дуккха а шегара хьуьнарш гайтинера Вахас г1алг1азкхашца алссама хиллачу тасадаларшкахь а. Цуьнан расха дин а бара г1алг1азкхийн а, г1алмкхойн а аренашка боьду некъ дика бевзаш.
Мостаг1ий шайна генахь хиларе терра шайн бегаш беш, вовшийн хабарш а дуьйцуш, шайн дайх бисина махкахь шаьш хиларе терра майрра схьабог1ура ламанхой. Х1инца-м оцу юьртана улло а г1оьртинера дошлойн тоба. Ц1аьххьана Виситас аьтто куьйг айбира леккха нийсдеш. Дошлой мостаг1чунна т1елата кечаман санна говран нуьйрахь нийслуш, кечам бира, и куьйг шайна гушшехь. Хабарш а, беларш а цкъа а ца дийцича санна д1атийра. Мостаг1-м хуьлийла дацара кхузара майра к1ентий бехачу хьаннашка юккъехь, делахь а, т1емло массо а заманчохь ву тасавалан кийча хила дезаш. И-м ламанхойн к1антана бер долуш дуьйна хаара нохчийн лаьмнашкахь.
Виситас ша айбина куьйг охьадахийтира, дуьхьала вог1уш, тобана хьалха х1ун-мила ду хьожуш волу шиъ жимха дошлой а гина. Уьш бара Аьрзуй, Лечий бохуш, ч1ог1а каде, маса вуьрх1ийтта-берх1ийтта шераш долуш, кегирхой. Эскарна хьалха бевлла даима а хилан беза иштта хьалхахьажархой. Мостаг1 стенгахь ву, мелла ницкъа болуш а ву баьччина б1аьргаш хуьлий, хоийтура цара.
Шайна гина мостаг1ийн тоба мел онда елахьа а, баьччина хаам беш Аьрзу даима а хуьлура велакъежина, шена хаза к1айн цергаш а гойтуш. Леча-м оццул къона волушехь, хуьлура даима а хьаьжюккъе шед а беш, ша волучулла а воккха хетийта г1ерташ.