– Георгий! То-о-лам-хо! – дара цунан т1аьххьара дешнаш, шена дог лоцуш хьажийна цхьамза а болуш говрахь дошло шена т1ех1оьттина гуш.
– Сан ц1е Зараъ ю! Со вац Герги! Амма аса сайн ницкъа ма-кхоччу йойура-м ю шу боьхалаш! – элира ша-шега йо1а, дин т1ехьарачу когашна т1е а х1оттош, д1а а оьккхийтуш.
Х1инца кхийтира йо1 Сирдина лелош хиллачу кепах. Х1окхарна хьалхахь волу мостаг1 шеначулла а хьалха говрана хаъалойла а кхийтира йо1. Йоьдуш лаьтташехь вортанах куьйг а хьокхуш, хьаьстира цо шен Сирдин:
– Х1инцачул т1аьхьа аса ахьа бохург дийр ду!
Цхьажимма некъаца д1а а яхана, ког тасалуш санна хилла, болар лахдира Сирдинас. Хьалха хьажадеш лергаш меттах а даьхна и некъана т1ера юьстаха елира. Х1инца говра хьуьна юккъехула х1ора дитт дагардеш санна йоьдура. Лекхачу таллана диттана к1елахь нисъелча, говра сацийна, тасаелла диттана буьххье елира Зараъ. Шен ден баьччан хилла, озийча яхлуш йолу турмал баттара а яьккхина, гонаха а хьалха а хьаьжира йо1. Некъаца хьала а, охьа а цхьа а т1ехь б1аьрг соцуш х1ума ца гира йо1ана. Х1инца хьалха цуьнан шина сатлийчунна т1е1оттаялар хиллачу меттигера д1а юьрта т1екхаччалца хаъалуш кхерамен х1ума дацара. Амма юьртана чувуллучохь некъана т1еерзийна йиъ йоккха топ яра. Уьш-м яцара кхин хьулъйина къайлаяьккхина а. Г1ароле вахийтинчу шина салтийчух дегайовхо йолуш хилан тарлора церан кхузара накъостий. Яккхий тоьпашна уллохь г1арол деш а вацара ц1е ягош верг, йоккха топ кхуссуш т1е1уттуш долу хаьштиг а буйнахь. Салтий-м урамаш хьаладуьззина 1оьхкучу адамийн даккъашна т1ехула когаш бохуш д1а схьа лелаш бара: цхьаберш нехан бунна чуьра х1оъаш гулдеш, котамаш луьйцуш, урс хьакхар доцуш церан кортош хьийзош сацар доцуш уьш йойъуш, бежнаш, уьстаг1ий дойъуш, ц1ийх а буьзина бара. Шайна «г1алх!» аьлла ж1аьлина-м цара йа топ тухура, йа тоьпана цхьамза, 1уттий чекхбоккхуш, садоккхура церан.
Кхоъалг1анарш бара юьртахула буьйлабелла лелаш, къаьркъано хьерадаьхна б1аьргаш а къерзош юрт юьззина 1охку юьртахошна юккъехь стагга а дийна вуй хьоьжура уьш, тоьпан цхьамзанаш 1уьттуш чекхдохуш. Кортош дохуш, леррина оцу г1уллакхана лелош долчу, галешна чу нийсдора. Буьрсачу г1опехь оцу х1ора коьртах дукха ахча лора х1ора салташна. Оцу т1аьххьарчара, шайна аганахь 1уьллуш доьлхуш дийна бер карийча, и, цхьа т1ам а лоций, ирх а кхуссий, к1ела цхьамза хьалха а болуш топ лоцура. Ирх кхоьссина кхераделла бер, шийла мохь а олуш, тоьпана цхьамзийна т1едог1алора, амма кестта чуьра са д1адолий, д1атуьйра и Делан малик.
– Акхароша аккхарой кхуллу! Х1у дайъан деза х1окху аккаройн! – бохуш маьхьарий дара юьртана т1ехула хьийзаш йилбазан мохь санна.
Лекхачу талла буьххьехь 1аш йолу Зараъин чуьра ц1ог делира, б1аьргех хин татолаш а хьодуш:
– Ва, Везан дела! Хьуна гуш дац х1ара! Х1окху дуьненах жоьжаг1ате ма йина оцу хаьаькханех схьадаьллачу тайпано!
Ша муха юссу ца хууш, ларъялар дицделла, кегийн гаьннаш а кегдеш, г1овг1анца чуйоьссира Зараъ лаха. Коьртара куй божош, шина лергана т1е куьйгаш а дехкина гуонаха цхьа х1ума ца гуш ехха 1ийра и, кегийн татолаш санна беснешна т1ехула охьаоьхуш хиш а долуш. Эххара а Сирдин еъара йо1ана улло, кхуьнан дог оьцуш белшах батт 1уьттура цо. Оцу говрана адамийн мотт ца хууш хилар тамашена х1ума дара. Ша хьайба делахь а, цуьнан ц1еначу дагца, цуьнгахь яра бакъйолу адамалла! Мелла а ша, дукхаха дериг Сирдин бахьана, метта йеъча, уггаре хьалха йо1ана дагадеънарг дара: «Висита! Дошлой! Уьш-м бог1уш лаьтташехь гурана кара доьду экха санна, х1окху боьхалашна кара г1ур бу!» Йо1а ч1ог1а нийса ойла йора, х1окху юьртахь гулвелларг хир вара кхоъ сов эзар мостаг1. «Нагахь санна юьртана ламанхоша т1елатар дахь!» – аьлла юьртана массо а аг1ора д1ах1иттийна йаккхийн тоьпаш а яра. Къаьсттина дукха, йиъ йоккха топ, йара Виситин дошлой т1ебог1учу, лаьмнашкахьа йолчу аг1ора!» Со орцаха ца ялахь, дошлой х1аллак хир бу-кх!» – ойла тесира Зараъин коьрта чу. Ягийча санна, т1ехьа ши куьйг тоьхна хьалаиккхира йо1. Катоьхна схьаэцна сира басахь суркуй а, 1аьржа месаш буха а нисъеш, т1еозийра цо шен хазчу горгачу коьртана. Ц1окъбергана санна, чохь суй лепаш, ч1аг1алонах буьзина бара йоь1ан сира ши б1аьрг. Яккхийн тоьпаш! Яккхийн тоьпаш!» – коьрта хьийзара йо1ана. «Со яккхийн тоьпашна улло цхьа а салтий ца вита хьажан еза, Виситин дошлой т1елетича!» – бохура цо ша-шега. «Салтий-м дукха бу зингатий санна! Ларалур яц со суо цхьаъ! Х1ун дийр дара?» – т1аьхьах1оьттина Сирдин а йолуш, тебаш юьртана улло г1ерташ яра йо1 хьуьна юккъехь хьулъелла. Кестта дитташ кхачийра, гена-м яцара юкъаметтиг йо1аний яккхийчу тоьпашний.