Х1умма а ца элира йо1а шега динчу хаттарна дуьхьала. К1ант кхийтира, йо1ана ала бег1ийла ца хетийла, дас шега аьлларг. Кхин иштта хаттар ца дира Виситас Зараъига.

Уггаре а б1аьстенан денош хазделлачу хенахь кхечира лаьмнашка ирча къаъ! Паччахаьн эскарш г1оьртинера нохчийн аренца йолчу ярташна чу. Яккхий тоьпашца сийна ц1е тосуш йохаеш яра б1еннаш цхьанна а новкъа боцуш эзарнаш шарашкахь х1окху аренашца бехаш болчу нохчийн ярташ. «Аккхарой бу уьш!» – ц1е кхоьллина х1аллакдеш дара машарен Делан адамаш, аганахь 1оьхку бераш а цхьаьна. Лаьмнашкара яхь йолу к1ентий, шайн тобанаш гулъеш, буьйлира аренгара вежаршна г1о-накъостала дан лаха бийса. Тамаш бойла дара оцу майрачу к1ентийн тобана юккъехь Висита а ца хилчи. Ша новкъа валале Зараъ йолчу кхечира и, алан дешнаш-м ца карадора:

– Вашас санна аса а хьо цхьаъ юьту-кх хьо, сан хьоме йиша! – бохура цо.

Амма йоь1ан б1аьргах хин т1адам а ца буьйжира х1инца, к1ант цец а воккхуш.

– Хьан некъ оцу везчу Делан карахь бу-кх! Т1емана юккъехь ког ницкъала, куьйг маса хуьлийтийла хьан оцу Везчу Дала! – олуш новкъаваьккхира йо1а жима стаг.


Виситин б1аьхойн, дошлойн тоба 1уьйрана новкъа йоккхуш нахаца а хилла, чуеъна йо1 сарралца яьллира кертахь даьхни д1а1алашдеш, кертахь ирзон т1ехь болх беш а. Суьйрана юххерачу лулахойх чекхъелира и, шен ц1енон а, даьхнин а 1уьналла дар царнна т1едуьллуш. Ша х1ун дагахь ю, мелла ханна хьовса деза шен бахаме, цунах дерг-м ца дийцира йо1а шен лулахошка. Лулахой дика хиларе терра, цара и санна долу хаттар дана а ца дира.

Буьйсана, лула-кулара нах набарна д1абийшинчу хенахь, Зараъас, нускал санна хаза кечбира шен маса Сирдин. Тоьллачех шена т1е озийра божарийн берзакъ. Герз а кечдира йо1а жима йолуш дуьйна шена дадас ма-1аммора. Т1уьналла т1екхочура йоцуш топ-молха, ирдина кечдина терс-маймал тур, дарг1ойн шаьлта, ц1елатон мокхаз а, Болатас мехкадаьттанах даьккхина сихадогу молха чу доьттина масех кхаба а. Кхинболу т1емалоша ца лоруш дицдина 1ад, деха-доца пхерчий чохь долу ботт а д1анисйира йо1а Сирдинан букъна т1ехь, нуьйрана уллохь. Дин кечбина, ша кечъелла, оьзда дина а яьлла, халлий бен бергийн тата ца лацалуш, юьртаха елира жима Зараъ.

Ма-торру хьуьннаха доьттинчу лаьмнашца, арцашна т1ехула, лахъелла, кадечу мохо ядийна хьош йолчу сирачу мархех тера, дукъделла техкаш лаьттачу диттийн баххьашна бухахула маса лахенгахьа охьашершаш яра Зараъин Сирдин. Керла сийна г1а даьллачу диттийн баххьаш дуьззина даьллачу зазийн яйн хазчу хьожаца ийна даьржинера, лаьмнашкахь бен кхин цхьана а меттехь ца хуьлуш долу, ц1ена х1аваъ!

Рог1енчу лекхачу арце Сирдин хьалаяьлча, диттийн жимма нилхалла йолучохь геннара гора аре. Хьаннаша техкош долу аьрцийн даккъаш сийна аренга охьахьаьддера. Арцашна юккъехула, 1инна чухула инзаре боккха лаьхьа санна хьийзаш, йоккхачу г1овг1анца лахенга хаьддера сирла тулг1е йолу доккха хи. Лайх, шанех дуьззина мархашна юккъехула ирх дахана, стиглах а г1оьртина лаьттачу лаьмнашкара охьахьаьдда дог1ура и хи. Моьттура и маса, сиха, девнен тулг1еш а ю, аренгахь дукха герзах доьттина чудеъначу паччахьан эскарна т1екхача сихделла. Оцу хин йисттехула ширчу некъаца охьайоьдура жима Зараъ шен Сирдинна т1ехь. Х1окхулла хьалха 1уьйрана охьабаханчу Виситин дошлойн говрийн ларанаш а яра хаъалуш, дас 1амийначу йо1ана. Гарехь, Сирдин аьрха хилар бахьана а, говр ша цхьаъ хиларна а мелла а, хьалха д1абаханчарна герга г1оьртинера йо1.

Буьйсана Виситеран б1аьхойн тоба мелла а делахь а, садо1ан дезаш яра. Царнна т1е1оттаялан 1алашо йолуш яцара йо1, цундела цо шен Сирдин а юхаозийра к1езига. И эрна а ца хиллера, буьйса юкъала т1ехъиккхинчу хенахь, йо1ана гена йоцуш хьалха к1уран хьожа кхийтира. Сирдинан бергийн тата хезардоцуш, говрана болар лах а дина, меллаша хьалха охьанехьа яхара Зараъ. Гена боцуш садо1ан д1анийсабеллачу дошлошна ша хаъалур йоцуш улло а яхана, Сирдин сацийра йо1а. Говрана т1ера нуьйра а яьккхина, и яжан д1ахийцира цо. Жимма х1ума кхоллуш пхьор а дина, нуьйра коьрте а йиллина, верта т1е а тесина садо1ан д1анисъелира Зараъ ша а.