Амма оцу зударшна юккъехь, Киса ц1е а йолуш, цхьа зуда йара, ишколехь къаьсттини литератураца гергарло хилла. Шен ишколехь а къаьстина езаш хилла йолчу «Евгений Онегинах» анекдот а хезина, и хьанна дуьйцура ду ца хууш сак1амделла йара и балха йог1уш. Шен накъостий зударш гича, кхин собар а ца тоьина, царна дийцира цо:
– Цхьана ишколехь хьехархочо хаьттина хиллера берашка:
– «Хьан йазъйина роман «Евгений Онегин»?
– Аса-м ца йазъйина и, валлай, ца йазъйина-кх! – хьала иккхира цхьа дешархо.
– Аса а ца йазйина и! – шолг1а дешархо а бехказа йелира.
Кисийн накъостий, хьекъален йоьххьаш а йина, ойлане бевллера. Кийса кхийтира, ша хьашт доцуш долийна хиларх х1ара къамел.
Цхьана х1окхуьнан накъоста зудчо, х1умма а ца олуш ца 1ен, хаьттира:
– Т1аккха, карийний хьехархочунна, хьан йазйина хиллера и?
– Дела дуьхьа ца хаьа-кх, цигара д1а суна дага-м ца дог1у! – к1елхьара елира Киса.
26.10.22шо
Ибрах1иман 1абдулхьамидан к1ентан доца дийцар.
Цхьа зуда йара даима а шен кхиъна вог1у к1ант улло а воккхий, цхьаннийн чу йоьдуш, вукхеран чу йоьдуш, цкъа арайаьлча ц1а ерзан ца кхеташ лелаш.
Иштта шен к1антаца арайаьлла буьйса гена йаллалца масеха нахехь а
1ийна, хан йаьлча, шен к1анте элира нанас:
– Х1а! Вало, к1ант, ц1а г1ой вай?
– Стенга ц1а доьлху вай х1инца? – хоьттура к1анта.
13.10.2022
№8 ишколин учиталски чохь.
Шайн, буьйса юккъе яхалца, кечйина паланашна т1ехь, оцу «ийман доцучу» берашна урокаш а елла, уьйча лилхина, оцу берийн ц1озний г1овг1ана юккъехула учиталски чу а лилхина, доккха садаккха дагахь бара учиталаш. Не1 т1екъевлича тоьий, оцу «хьерадевллачу» берийн г1овг1анаш х1окху чохь а хезиш хилчи!
Цхьацца йолчу ишколехь хуьлу-кх, берашан а, ишколехь кхин ца хилчи а, сагатталур доцуш хьехархо.
– Лида Вахитовна, оцу уьйча а йалий, йист хилахьа оцу берашка, цхьа жимма доккха са доккхура дара-кх, кхин цкъа а урокашка аралелхалий, – дийхира цхьамма-м учиталски чохь.
– Лида Вахитовна, йиста-м ца хилича а х1умма а дац хьуна, уьйча ара хьажахьа! – бохура, Лида Вахитовна йевзаш йолучо.
13.10.2022 шо.
Кхин цхьаъ №8 ишколера доца дийцар.
– Оцу газах, светах ахча д1адала к1ордийна-кх суна! – учиталски чоьхьа елира цхьа майрачех йолу хьехархо. Эцца Г1аламкхойн махкахь учиталаша луш а дац-кх и ахча, цу т1е далахь!
Вуьйш болу хьехархой а бацара кхин дог к1едачех, цара а элира шайна хеташ дериг:
– Эцца и мацала бала бохкуш болчу «газовикашка», схьа а балабай, д1ахадайайта! – хьехар дира цхьамма-м.
– Цулле а дика хира ду, хьо, и хьайн г1овг1ане батт а эцна, оцу «Калмыке» д1а йаг1ача, – эцца х1умма а ца олуш ца 1ен, шен ойла йовзийтира кхин цхьамма а.
13.10.2022 шо.
Лоьмар №8 йолучу ишколан дирехторан г1оьнчин кхочуш хилан тарлуш йолу ойла!
– Вайн дирехторас Зураъас аьлларг хаьий шуна? – т1аьхьа а йисина чоьхьа елира цхьа хьехархо.
Х1инцалца ша олуш дериг элирий цо:
– Кхин т1аьхьа а висина цхьа хьехархо ишколехь гучу валахь, ша и балхара, шен лаамца, ц1ахь вуьтура ву! – хаьттира дирехторан г1оьнчас Раисас.
– Делахьа и хьехархо балхара д1а а ца воккхуш, оцу 8«Б» классе цхьа ши урок йалан вахийтахьара оцу вайн дирехторас! – ойланен элира дирехторан кхин цхьана г1оьнчас.
13.10.2022 шо.
Ибрагимов Хьасанан бераллин доттаг1чунах дош.
– Кхин оцу ишколера ц1а вог1уш ма гайталахь, деъаннала лахара «оценка» а яккхий! – омра дира Сосийн Салман олуш волчу тхан лулахочо шен к1антана Ибрах1имна мацаха мелла а хьалха заманачхь.
Оцу дийнахь Ибрах1имас, ишколехь «аьтто» а баьлла, химина а, биологина а ши шиъ даьккхира!
Ша и лом санна ц1ахь буха хиъна 1аш вара Ибрах1иман да Сосин Салман.
– Масса даьккхира ахьа тахана ишколехь, Ибрах1им? – хаьттира дас к1анте.