– Ткъа хьо ц1а ма вог1у?

– Сайнарш йевлла чекх!

– Муха хьайнарш! Шун классан урокаш йевлла чекх? – ца кхетара нана.

– Ца йевла классанарш а! Сайнарш йевлла чекх!

13.09.22


Автобусна чохь жима йо1.

Арахь тов хьийзош йовха яра. Нохчийн пешана чохь чулла жимма бен шийла йоцучу «Газелан» салона чу елира цхьа зуда х1инцца кога яг1ана хир йолуш жима йоь1ан куьг а лаьцна. Йо1-м воккха стаг санна шен, сирлачу б1аьргашца чохь 1аш болучу нахе а хьаьжина десса лаьттачу г1анта т1еяг1ана д1ах1оьттира. Г1антана т1ехаа хьалаялан х1инца а жима яра и. Т1ехьайог1учу нанас, ша хьалха охьа а хууш, шен кера хаийра керахь хаза буьрка а йолуш йолу йо1 а. Хьацаран т1адамаш дара йоь1ан хьаьжт1ехь тоьхна, зезагана 1уьйренца т1едиллина долу тхи санна. Нанас-м киснара жима йовлакх схьадаьккхина, цу т1ера берийн суьрташ а гойтуш даржийна йоь1ан хьаьжт1е хьаькхира и. Йо1 цецъяьлча санна шега хьаьжича, нанас элира:

– Хьуна хьацар даьлла, сан йо1. Вайшимма иштта жима йовлакх а хьаькхина д1адоккхур ду иза.

– На-н, соьга ло зим йовлак, – дийхира йо1а нене.

– Хьо х1ун да йоллу цунах? Аса хьокхур ду хьуна, – элира нанас.

– Буьркана хьакха йоллу со. Цунна а даьлла хьацар, – кхетийра йо1а шен нана.


Ши к1ант-дешархо.

Ишколан шуьйрачу, ехачу уьйченаш екош, маьхьарий Хьоькхуш, ловзуш, 1ункар-берташ кхийсалуш, кхоалг1ачу г1ате хьаьвзина хьалабоьдучу ламин аг1онна т1ехула чухехкалуш, каде хьийзара ши дешархо.

– Шу цирке х1унда ца доьлху, кхузахь харцхьа а ца лелаш? – хаьттира эццахь гучуваьллачу хьехархочо-воккхачу стага.

– Ваша, тхоьгахь ахча дац цирке даг1ан! Ахьа лохьа тхуна «шай-кай», тхойшиъ-м хаза а хеташ г1ур вара цирке, – дехарашка велира ши к1ант.

– Аса-м цирке балха х1унда ца воьду шу шиъ, боху, – ши к1ант кхетон г1оьртира хьехархо.

– Ой, цо х1ун дуьйцу? Оха х1ун болх бийра бу циркехь? – ца кхетара ши к1ант.

– Х1ун болх бийра бу бохург и х1ун ду? Маймалийн метта хир ву-кх шу шиъ! – кхетийра хьехархочо аьрха ши к1ант.


Жима к1ант Сайхан.

Цхьа а уллохь воцуш балл диттан буьххье ваьлла 3—4 шо долу жима к1ант Сайхан. Ког а шершина чухецавелла вог1уш, цхьа аьтту а хилла дуткъа гаьннах тасавелла и шина а куьйга къевлина 1ункар чукхозуш хилла, ерриг юкъ 1адош хьоькхуш мохь а болуш.

Мохь хезна, ведда т1евеъначу воккхахволчу вашас Халидас, чукхозуш волу жима воша хьалакхевдина схьалоцуш, аьлла Сайхане:

– Д1ахеца баллан га! Ас схьалаьцна хьо!

– Ма хецийта-а-а! – бохуш воьлхуш хилла Сайхан.

– Х1унда?! – цецваьлла хаьттина Халидас.

– Ас д1ахецахь, дитт охьадужуш ду! – жоп делла дериг дуьне бертал даьлла моьттуш кхеравеллачу жимчу к1анта.


Сайхан а, лулахойн котам а.

Шен дай санна даима а меца цхьа котам яра тхан уьйт1а эхан марзъелла. Пхи шо кхаьчначу вешин к1анте олура аса:

– Д1аэккхае и котам, хьо х1ун деш лаьтта?

Амма котам-м къар ца ялучух тера дара цуьнга. Т1аккха и яхье ваккхан дагахь аса элира:

– Сайхан, и лулахойн котам вайн уьйт1ахь шен ден ц1ахь санна лелар яцар хьуна, хьо стаг велахьара!

– Ваша, сан цуьнан санна ира з1ок ма яц! – бехказа велира хьекъален жима к1ант.


Доьналла долуш волу завхоз Казбек а, дешархо Товсари а.

Урок йара йолалуш, учитал Фатима кечлуш йара шен эшарийн урокана нотийн хьаьркаш д1аязъян.

– Мел стенгахь бу? Сиха г1о мел бан! – дехар дира учаталас.

Товсари бохуш йолу йо1, ша и мох санна сиха араиккхира мел бан. Завхоз волчу Казбекана т1е кхечира йо1. Йедда йеъна, са а кхачийна, ц1ог1 туьйхира Товсарис:

– Мел буй?

– Мел беза хьуна?

– Мел беза суна!

– Собар дехьа! Мел беза хьуна?

– Собар до аса-м! Мел беза!

– И ма дийцахьа! Мел беза хьуна?

– Мел беза!

– Мел беза хьуна! – бохий аса-м, собар кхачалуш дара завхозан.