– Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена долуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь! – соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар доьхуш не1арах къевлабелира Иван Архиповичан корта.

Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Малижин парта йолчу аг1ора со хьаьжича. Йо1ана уллохь, даима а цигахь ша 1ийча санна д1атарвеллера 1умар. Губани со санна урокана т1аьхьайисина аьлла тарделира суна, амма иза 1умаран меттехь Майрбекца 1аш яра.

– Охьахаа хьайн метте… Ванах, к1ант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна! – шозлаг1а элира соьга нохчийн меттан хьехархочо Шарип Мадаровичас, со метта ца вог1уш.

1умар-м хан эрна д1айохийтуш вацара, Малижина улло таь1ина цхьа шабар-шибарш деш вара цуьнга. Шен лерг к1анте оьхьуш леррина ладуг1уш яра Малижа а, наггахь къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, я со царнна массарна а декхар вара. Со т1оьрмиг чуьра киншка схьаэцна ца вьллера Шерип Мадаровичас соьга хаттар деш. Кестта журналана т1е кхин цхьа шиъ а дуьйжира сан ц1арах.

Амма суна т1аьххье хаттар деш 1умар а г1аттийра хьехархочо. Цхьа беламе х1ума а аьлла, Шерип Мадарович вела а къажийтина, цхьа т1ехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира 1умарас-м.

– Шерип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттаде! – бохуш реза а вацара 1умар т1ехула т1е.

Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.

«Деллахь сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м яц х1умма а гучохь а», – ойланаш хьийзара сан коьрте.

Урок чекхъялар хоийтуш горгали бекарца аратасавелира со уггар а хьалха. Сан садукъделлера классана чохь, сайн ницкъа хилча со-м ведда дуьнена йистте а г1урволуш вара. Со-м ца кхетара со ведда к1елхьара валан г1ертачу йоь1ан сибат сан коьртана чохь, дагна чохь дуй, сайн сих а иза д1аийний. Со мел ведда гена валарх оцу йоь1ан б1аьргийн стигалбос аса сайн дагчохь лелор буй х1инца дуьйна д1айолчу хенахь даиман а! Со ца кхетара и б1аьргаш дуй сайн цамгар а, оцу цамгарна х1окху доккхачу дуьненахь цхьа а дарба доций а.

Урокаш чекхъевлича, со тахана-м ларвеш вара сан ши накъост.

– Селхана санна ма вадалахь тхох. Я вай цхьана дахийта цига! – ишколан уьйт1е екаеш ч1ог1ачу озаца геннара схьахьедира 1арбис, суна т1аьхьа ишколана чуьра ара а хьаьдаш.

– Стенга дахийта? – доттаг1 улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.

– Селхана «суьйре» хиллалца ма 1ийна сой Турпалханний хьоьга хьожуш! Дицделла хьуна? – реза воцучу озаца, шаьш со воцуш ц1аг1ур доций хаийтира 1арбис а, т1евеъначу Турпалханас а.

– Вай ц1а доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанхьа а шух ведда вахан г1ерташ а, вахан меттиг болуш а, – аьлла сапарг1ат даьккхира аса накъостийн.

Тхо 1аш долу юрт 1ашхой-Марта йоккха еха яра кхо-йиъ чаккхарма хир йолуш шен йохаллехь. Со 1енчура Малижаьрга кхачан мел к1езига а кхаоъ чаккхарма некъ бара. Аса ц1акхоччушехь, кхин т1ера х1ума хийцар доцуш, араяьккхира вилспет. «Х1ума кхалла!» – бохуш нанас т1аьхьа мохь а тухуш кевнах аратилира со. Стенга воьду? Х1унда воьду? Со кхеташ вацара, амма стенгга вахана а цхьанхьа ца ваг1ча сатуьйрдолуш вацара. Вилспет сиха хахкарна дуьхьала детталучу механ х1уоно мелла а г1оле йора суна, амма синпарг1ато ца лора. Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха деза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца ч1ургаш аса хьийзош елахь а, вилспетан т1ам сан синкхетаман карахь бацара. Вилспетан сиха яхаро лерга уллохь махе шок йоьттийтура, к1адвалар х1ун ду ца хаьара суна.