– Ахьа х1ун до, хьераваьлла стаг! Оцу пленкин т1е суьрташ дахан г1ерташ вай дийнна де ма дайъина! – чоьхьаволлушехь суна т1ечевхира 1арби. Амма соьга хьаьжча, сан оьг1азен юьхь гича цецваьлла кхин шен «дов» ца деш вахана пленка кара оьцуш и талхиний хьаьжира и.
– Сайд1али! – олуш цецдеина сецира Турпалхан а.
Со сихха меттавеира, дукхах дериг накъостий сайн дагахь болучу къийсамах кхетарна кхеравелла.
– Дика ца яьлла и пленка, – 1ехийра аса ши накъост.
– Х1умма а дац. Цхьа х1ума ца къаьсташ хир дац суьрташ фотокехатна т1едаьхча! – суьрташ дахар таханенна аса д1акхоссарна кхеравелла суна т1е1аткъам бира 1арбис.
– Х1ун хилла? Суьрташ фотокехатна т1е ца доху вай тховса? – догдоьхна ша цакхетар гайтира Турпалханас а.
– Муха ца доху? Х1инццалца вай яьхначу пленкел ледара ма яц х1ара! – чиркхе уьйхьира пленка 1арбис.
К1ентийн аса догдохорна сайна резавацара со х1инца.
– Доху! Дукха дика хира дац, цундела догдаьтт1ера сан, – сапарг1ат-ваьккхира аса ши доттаг1.
Кет1ахула д1асайоьдучу машенийн чиркхах ларалуш корашка х1ума уллуш, кечам бан дуьйлира тхо. Кестта, доккхачу хедарна чуйоьттинчу кочачу проявителна чукхийссан долийначу фотокехатана т1ехь гучуйийлан юьйлира тхан классера, ишколера берийн а, тхан а яххьаш. Мел къона самукъане, цхьа а дуьненан бала коьртехь боцуш хаза ирсен яххьаш яра уьш. Фотокехатана т1ехь цхьа бозбуончаллан ницкъаца гучудуьйлура суьрташ. Суна а, сан шина накъостана а хетара тхайх а бозбуончаш. Тамашена х1ума дан а дара иза, тхан аьтто бара тхайн къоналле йисттехара хьажа. Х1ун ойланаш хьийзара сан накъостийн коьрташка? Хьанна хаьа. Амма х1оьттинчу тийналлехь тхо массо а дара тхайн ойланийн карахь. Аса санна церан къуоначу б1аьргаша а лоьхуш хила тарлора шайна хьомен хеташ йолу яххьаш. Ткъа аса-м Малижин сибат лоьхура. Кестта фотокехатан т1ехь гучуелира елакъежина Малижин юьхь а. Йо1 тхо долучу кхаьчнача санна тарделла висира со. Шайн ойланаша кхаьллина ца хиллехь, сан накъосташна-м гура дара Малижин сурт гича, сан вохар. Гуш а болуш, т1екхачан йиш йоцу седа санна яра суртат1ехь суна къежаш йолу йо1. Суртат1ехь, классехь ган йиш яра сан Малижа, амма сан йиш яцара цуьнга алан 1умарас санна: «Хьажал, Малижа, и д1о кибарчигийн ц1ено чохь ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!»
Даима а санна 1арбис г1олехьа девлла суьрташ шена д1а а хьош, д1асакъаьстира тхо буьйса т1ехъиккхинчу хенахь.
Ишколе жимма т1аьхьавуьсуш кхечира со шолг1ачу дийнахь. Классе со чоьхьавьлча хьехархо шен меттахь вара. Шен декхар хиларе терра, цо-м суна хьехаран хьолехь жима дов ден кеп а х1оттийра, амма суна ца хезара цо дуьйцург. Ницкъа ма кхоччу со дуьхьала г1ертахь а б1аьргаш Малижина т1ехь сецинера сан. Йо1-м сан аг1ора шен стигал басахь хьажар кхин хьен ца деш шен киншка т1е йог1аеллера. Классера бераш а дара къайлах-къулах соьга йишмаь1ашца суьрташ доьхуш. Тамаш а бацара, 1арбий, Турпалханний классехь 1аш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.
Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганаш т1ехула хьожуш шен цецвалар, реза ца хилар гойтуш б1аьргашца д1авигира со хьехархочо сайн партина т1екхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаьахьара-м вер вацара иза кхин цец а.
Со сайн метте охьахиина ца ваьллера соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классера бераша хоийтуш. Классехь яьлла г1овг1а новкъахиллачу хьехархочо шен г1анта т1ера г1оттуш чухула волалуш совцийра и дехарш.
– Х1ун урок ю вайн? – хаьттира аса партийна т1ехь сайна уллохь 1енчу 1исага, цуьнга цецдоийтуш.
– Хьан корта дика буй, накъост? Иван Архипович х1ун деш ву классехь? – меттавалийра со 1исас.