– Ишкола чекхяккха дагахь вац хьо? – шега дуьйцучу къамелах билггал самукъадолуш къежира сан «хьомениг».
– Ой, ишкола-м чекхйоккхур ю вайшимма. Амма, кхин д1а-м сатохалур долуш дац-кх х1ара сан безамах доьттина дазделла жима дог. Хьуна муха хета и? Цхьа а институташ-минституташ юьцура яц вай.
– Тракторт1е балха ваг1ан-м ца воллу хьо? – к1елд1ашкахула малхадуьхьала санна к1анте хьаьжира Малижа, т1аккха – шен накъосташка Зараига, Губанига.
– Ой, вац дера со-м тракторан т1е а, вордана т1е а балха х1уттур волуш. Заочно-о! – йо1 шен къайленах кхетийра 1умарс.
– Тхан да-м ву трактор т1ехь болх беш. Цунах ца вашар-м дац хьан и? – дегбаам бен кеп х1оттийра Бусана ц1е йолчу т1ехьуо схьаг1ертачу ворх1алг1а классерачу йо1а.
– Шун да-м, Бусана, тхан ден вешин доттаг1 ма ву. Иза-м цхьа борз ю. Вац дера со-м цунах цавешаш, иза-м шен бежнаш кхобуш дика воллуш ву. Со ву-кх ч1ог1а юрист хилан дог долуш. Т1ехула т1е, со дешна валален шайолу трактораш юккъера д1аевра ю, – шен лулахо-йо1 д1атиэйира 1умарс.
– 1ума, тракторш юккъера д1аевлича церан метта болх хьан бийр бу ткъа? – хаьттира Бусанас шен дегбаам чекхбаьллий хоийтуш, ша жима йолуш дуьйна ма яккхар 1умаран ц1е а йоккхуш.
– Бусашка, х1инцлерчу тракторийн метта робот-тракторш хира ю, программашца шаьш болх а беш. Со захло дуьйцуш воллуш новкъарло ма ехьа суна, – йо1 хьостуш дехар дира 1умарас шен лулхочунга.
– Хьох-м прокурор хуьлу, ткъа сан ойла йин ахьа? – ша 1умаран х1усамнана хиллаяьлча санна хоьттура Малижас.
Со муха воьду а ца кхеташ, дешархошна юккъахь хьулвелла жимма т1ехьуо вуьсуш т1ехьавоьдура со а. Х1умма а нахах къевле йина доцу 1умаран къамел-м берриге а урамехь хезаш дара. Цо-м хаъал дозалла деш кест-кестта шен коча сирла-сийна б1аьрг а та1абора улло схьаг1ертачу накъосте Майрбеке. Хьалххе барт бича санна, Майрбека а т1етадора 1умаран дешнаш:
– Дера, Малижа, х1ара-м цхьа бож ю хьуна. 1уьргара лаьхьа а боккхурболуш ву. Х1окхуо бохург ахьа ца дахь елла д1аяллалца дохко яьлла лелар ю хьо!
– Эшшай! Ахьа т1етадича-м ца теашара со, – къежира Малижа.
– Хьо теша-м ма теша, сан дош-м къонахчун дош ду хьуна, йо1! – ша хастон ца дицдира Майрбекас.
1умаран ц1енна т1екхечира дешархойн тобанаш оцу юкъана. Амма 1умар шайн дика товш ц1ен кибарчигах динчу ц1ено аг1ора ког а ца баьккхира. Цхьа пайда ца оьцуш-м ца 1ийра иза шайн ц1енох а.
– Хьажал, Малижа, и д1о сехьара йоккха ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх. Малхана аг1о, сирла аг1о ю-кх вайна дадас схьалура йолуш, лекха т1улгех бухбоьттинчу ц1енойх дозалла дира цо.
Уьш мелла а гена бевлича со а кхечира 1умар чохь 1ен ц1енна т1е. Тхайн миска бахам, сайн кегийра вежарий, т1ехь да воцуш, тхо когаирах1иттон г1ерташ къахьоьгуш йоллу тхайн миска нана дуьхьалтесира суна… Со сецира т1аккха… вухавирзира. Суна кхин ца хезира 1умаран ч1ег1ардиган къамел а, Малижин елалуш дека аз а. Генадовлуш хезира, амма сан кхин бала бацара оцу къамелаца. Делкъана т1ехбаьлла малх нийсса дуьхьала бирзина бара суна со ц1ехьавирзича. Цо со кхин ца хьожийтура стиглан басе: йоь1ан б1аьргашца и бос бустуш, оцу стиглахь йоь1ан сибат гуш. Малхо со ца кхетийча а, со-м х1инца суо а кхеттера стиглара лаьтта воьссина сайн вахан дезарх. Некъан 1индаг1 долчу йисттехула сихха ц1ехьа волавелира со. Х1инццалца ма хиллара мерза хаза хьожа етталора кемсийн хорханаш санна зазах дуьзинчу акказин охкаделлачу гаьннех. Сирень а даьржинера акказийца къовсаделча санна. Семаг1ан хеталора сайна гуонаха мел гушдерг а. Ч1ог1а беза болх бичасанна дег1 ч1ог1а к1адделла х1оьттинера.
– Накъост, хьо стенга ваханера? Хьо лоьхуш охашимма шайолу ишкола ма теллина! – чухахкавелира суна доттаг1 1арби, даима санна массо а дуьненна везавеш.