Масала: Чай, сок, чорп, жижган чорп, коктель, пепси-кола, лимонад, стоьми сок, квас, иштта хинах йина муьлха коча х1ума, ша яа я мала а ц1ена елахь а, 1ибадатехь лело мегар яц уьш, х1унда аьлча, адамо ша Дала кхоьллинчу шен суьртера хийцина уьш, 1аламан бахьанца хийцаелла а йоцуш.


Амма ц1ена долчу хи т1е ц1ена х1ума тоьхна цхьа жиммал бен хи хийца цаделлех, шех «хи» олучур д1ацадоккхуш кхи ц1е цунаха яккхал хийцина доцуш, т1аккха и хи ша ма хилар ц1ена хуьлу, 1ибадатехь лело мегаш ду, ц1енчу х1уманца жиммал иза хийцаделла далахь а. Иза 1ибадатехь лело мегар ду. Амма дукха хийцаделлехь, т1аккха т1ох1у́р ца хуьлу иза, т1о́х1ир хуьлу, т1аккха иза 1ибадатехь лело мегар дац.


– Т1ох1у́ра хих кхи йолу шен чам, бос, хьож яйна йолу х1ума иэелча, цо т1ох1у́р хийцина гуш дацахь а, (х1унда аьлча цунах иеллачу х1уми бос, чам, хьож боцун дела) хьожура ву, нагахь санна хица иеллачу х1уми чам я хьож я бос балхьари цо хи хийцина хира далхьара, цунах деккъа хи ала йиш йоцуш, т1аккха и хи хийцаделла лору, 1ибадатехь лело мегар доцуш.

Амма хих кхеттачу ц1ена х1умано хи цхьа къезиг бен хийцина хир дацахь, т1аккха и хи 1ибадатан лело ц1ена ду.

3-МУСТА1МАЛ8

Фарз-ламаз оьцуш я фарз-лийчаран луьйчуш я нажас д1айоккхуш лелийна т1ох1у́р хи керла фарз-ламаз эца я фарз-лийчаран лийча я нажас д1аяккха мегар дац, х1унда аьлча т1ох1у́р долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах, х1унда аьлча иза фарз 1амалехь лелийна дера. Боьха дац иза, делахь а шеца ламаз эцале я фарз лийчале я нажас д1аяккхли ма хиллар ц1ена хи дац иза, х1унда аьлча фарзан ц1анонгахь лелийна дера, вуьшта а меже ц1ан еш цуьнан къинош д1аэцна цо шеца. Цундела, т1о́х1ур долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах.

Амма ламаз оьцуш шозлаг1а я кхозлаг1а меже юьлуш лелина хи, я суннат лийчаран лелина хи – цуьнца фарз-ламаз эца а, фарз-лийчар т1ера даккха а мегаш ду, х1унда аьлча, фарзан меже ца йилина цу хица суннатан меже йилина, цундела фарзан меже юьлуш9 лелийна хи суннат я фарз долу х1умангахь лело мегаш дац, амма суннат долу х1умангахь10 лелийна хи – фарз меже я суннат-меже юьлуш лело мега.

– Амма Ламаз оьцуш я луьйчуш волчо хи куьйгаца пхьег1ан чуьра схьаоьцуш далахь, хи схьаэца дагахь волуш пхьег1а чу куьг 1оттахь хи ц1ена ду. Амма хи чу куьг 1уттуш хи схьаэцар дагахь доцуш куьг дилар дагахь хиллехь, т1аккха хи леладина хуьлу, кхин фарз-меже йила мегаш ца хуьлу цу хица, амма суннат меже. Цу т1ехь тидаме хила веза пхьег1а чуьра хица ламаз оьцуш я луьйчуш верг. Х1ара ду нагахь санна куьг чу 1утту хи 200 литр дацахь. Амма 200 литр далахь, куьг дила ниятац цу 200 литр йолчу хи чу 1оьттича х1умма дац.

Фарз меже юьлуш лелийначу хица нажас д1аяккха мегаш дац.

4-НАЖАС ХИ

Нажас хи – иза шена чу йоьжначу нажасо11 хин бос я чам я хьожа хийцина хи ду, иза дукха далахь я къезиг далахь башхалла яц. Иштта башхалла яц, цу нажасац хин бос а, чам а, хьожа а хийцаелча я царех12 цхьаъ я шиъ я кхоий хийцаелча а. Хин басах, чомах, хьожах муьлха цхьаъ нажасац хийцалахь и хи нажас хи ду, иза к1езиг далахь а я дукха далахь а. Нажас хи цхьанни х1умангахь лело мегар дац.


Амма ц1ена хи чу нажас йоьжнехь, делахь а цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, ишттачу хин ши хьал ду:


1-Хи ши б1е (200) литр дацахь цунна чу нажас йоьжнехь и хи нажас ду, нажасо цу хин бос я чам я хьожа хийца ца хийцнехь а, х1унда аьлча ши б1е (200) литр доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.


Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.