АЛЛАХ1АНА Г1УЛЛАКХ ДАРАН ПАЙДА

Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.

И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:


«Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»


Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.

шоллаГ1А ДАКЪА: ХИШ

Шарий1атехь хи деъ кепара хуьлу:


– Т1ох1у́р

– Т1о́х1ир

– Нажисун

– Муста1мал

1-Т1ОХ1У́Р

Т1ох1у́р хи, – иза Дала ша ма кхоллара долу хи ду цуьнан муьлха бос а, чам а балахь, муьлха хьожа а ялахь. Иза ша ц1ена ду, кхийолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. И хи бен 1ибадатехь5 лело магийна дац шарий1атехь, х1унда аьлча и хи ша ц1ена ду, кхи йолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. Цундела иза кхечу хих къасто хаа деза бусалба стагна.


Масала: Дог1ан хи, х1ордан хи, татолан хи, г1у чуьра хи, шовдан хи, луонах я шанах даьккхина хи, – церан муьлха хьожа я чам я бос хилахь а. Иштта Дала кхоьллина долу муьлха хи 1ибадатан ц1ена ду, иза Дала ша ма кхоллара далахь.

Амма т1ох1у́р хи йовхо лаьттачу бовхачу махкахь, эчигах я ц1естах6 йолу пхьег1а чохь малхехь дохделла долуш леладар дика дац, х1унда аьлча, цунах ч1оьран лазар долун дера. Амма шел делча лело мегар ду иза.

2-Т1О́Х1ИР

Т1ох1у́р хи, – иза Дала ша кхоьллинчу куьцера ц1еначу х1уманца хийцаделларг ду. Ц1ена хи ду иза, делахь а шех кхеттачу ц1еначу х1умано хийцина ду. Дала кхоьллина ц1ена хи шен куьцера д1адалар хуьлу, цунах кхеттачу ц1ена х1ума бахьна Дала ша кхоьллинчу басах я чомах я хьожах цхьаъ хийцадаларца. И хийцадалар шина кепара хуьлу цуьнан:

1—1аламан бахьанца7 хийцадалар.

2-Цхьам хийцар.


1—1аламан бахьанца хийцаделла хи:


Адамо я кхийолу чохь са долчу х1умано хийцина а доцуш, 1аламан бахьанца ша хийца делла хи ц1ена ду, т1ох1у́р ду иза, 1ибадатехь лело мегар ду.

Масала:


– Дукха лаьттина шен хьожа хийцаелла я чам хийцабелла я бос хийцабелла хи, – и хи т1ох́ур ду. И бохург, кху тайпа хи 1ибадатехь лело мегаш ду.


2-Шех муьлха латта эдаларца хийцаделла хи ц1ена ду. Латта хи чу ша доьжна далахь я цхьам кхоьссина далахь а башхалла яц, т1ох1у́р хи ду иза.


3-Шена чу г1аш легна, я хица хуьлучу буц я т1улг бахьана долуш хийцаделла хи т1ох1у́р ду.


4-Хи охь дог1уш цхьан метте кхаьчна, цу меттигаца хийцаделлехь, и хи ц1ена ду. Масала: Охь дог1у хи кибрит латтах хьакхаделла, кибрит хьожа йолуш далахь, и хи т1ох1у́р ду.

Я охь дог1у хи латтанах хьакхаделла хийцалахь, цу хино цу латтин бос схьаэцахь а и хи т1ох1у́р ду.


Иштта муьлха хи т1ох1у́р ду иза Дала ша ма кхоллар далахь хийцаделла а доцуш, я 1аламан бахьнаца хийцаделла далахь а.


1аламан бахьнаца хийцаделла х1ара хиш ламаз эца а, фарз я суннат лийча а, ц1ано я а, бедар йитта а, меттиг ц1ан я а, нажас д1аяккха а, муьлха 1ибадатехь а, муьлхачу х1умангахь а лело мегаш ду, х1унда аьлча, иза т1ох1у́р хи ду.


Амма 1аламан бахьнаца хийцаделла хи яах1умангахь леладар я и малар цунах могшална зе хиларх я ца хиларх доьзна ду. Зе хуьлуш далахь мегар дац, зе хуьлуш дацахь мегар ду.


2-Цхьам хийцина хи:


Т1ох1у́р ц1ена хи 1аламан бахьнаца хийцаделла доцуш, адам я кхи йолу са долу х1ума бахьан долуш хийцаделлехь, цунаха хи ала йиш йоцуш кхи цхьа х1ума хиллехь, т1аккха цу хинаха хи ца олу, цунах хилчу х1умане хьаьжина ц1е йоккху цунах. Иза 1ибадатехь лело мегар дац.