– Борзак! – мохь белира цуьнга! Багош шен динна шед тоьхна, цуьнга чабол болар оьцуьйтуш, дIахаьхкира цо иза бохам баьллачу меттиге. Цунна тIаьхьахIиттира накъостий а. Борз лаца шайн аьтто баьлла, баккхийбеш болчу ламанхоша тидам а ца бира, Маьхьдин. ГIора дайна, йерриге а цIийх йуьзна Iуьллура Борзак, амма хIете а ша къарйелла ца хилар гойтуш, цергаш хьекхайора цуо.

– Борзак! – мохь туьйхира Маьхьдис, адамийн тобанна йукъаэккхаш. Хьоме аз девзина, къона борз тохайелира. Иза лаьттара хьалагIатта гIертара, амма гIора дацара цуьнгахь.

– Совцаде шайн жIаьлеш! – оьгIазе мохь туьйхира Маьхьдин накъоста Кучука. Маьхьди меллаша барзана улло охьалахвелира. Цо сихонца теллира берзан дегI, хиллачу чевнийн йозаллин барам буста гIерташ.

– ХIун хиллера кхузахь? ХIунда йина аш цунна и гIело? Жима ма йу иза.



ХIун зен динера цо шуна? – оьгIазе хаьттира адамашка Кучука.

– Сийсара йуьрта йистехь жIаьлешна тоссайеллера иза. Ши жIаьла этIийнера цо. Тхо цецдевллера борз ишта йуьртана улло кхачарна. Иза сиха йедда хьуьнха дIагIур йу моьттура тхуна. Амма тахана Iуьйранна сатоссуш, жIаьлейн летаро йерриге а йурт гIаттийнера. Цундела барзана кIело йан арадевллера тхо массо а. Тхуна-м иза шортта ламанца лелла гила борз йу моьттура, ткъа хIара-м цхьа кIеза хилла. – бехказала вахана жоп делира ламанхошна йукъара цхьаммо.

Кучука куьйг кховдийра цуьнга:

– ХIумма а дац. Шу бехке дац. Шуна хала ца хетахь, тхайца дIайуьгур йара оха иза – элира цо.

– Вай дер хетар дац тхуна-м хала – реза хилира гIебарто.

Халла садоьIуш йара Борзак. Цуьнан чевнийн йозалле хьаьжча, иза дийна йуьссур хиларан жимма а догдохийла йацара. Бехчалга йукъа а хьарчийна, говрахь Iаш волчу Маьхьдига дIакховдийра ламанхоша чевнаша гIелйина къона борз. Жима бер санна шен мара къевлира дагна хьоме и ларча Маьхьдис.

– Кхоьлиначу бIаьргашца хьоьжура борз Маьхьдига.

– ХIинца кхетар йу хьо соьх, Борзак. ХIинца цхьаьнахьаьрчи вайшинан дахаран некъаш. Ишта ас а Iевшина хьуна къизачу дахаран къаьхьо. Тахана хьо санна хийлозза мецачу жIаьлейн гуонехь цхьалха виссинера хьуна со дала орца доцуш. Цундела оьшура суна хьоьгара гIо, амма хьо соьх ца кхийтира. Хьо дукха къона йара, хьуна маршо йезара, хьуо ас йийсаре латтош йу моьттура хьуна, цундела сан кийра шийла ша буьллуш угIура хьо, тIаккха ас хьо кхин тоха са ца хилла маьрша йитира, амма кхолламна лиъна хилла вайшиъ йуха а заманан майданехь цхьаьна нисдан. Варийлахь, хьан йала йиш йац хьуна, хьайн ма-хуьллу тассалолахь кху мекара дахарах. Хьо лийр йац суна хаьа, хьо талур йу. Хьо бекхам иэца безаш ма йу, ша со санна, ткъа бекхам бан, чIир эца хуьлу лаам ду хьуна кху дуьнен чохь уггаре а тоьлла молха. Цо кошан бисте вахнарг а йухаверзаво хьуна – барзе адаме санна къамел дора Маьхьдис, ткъа хетарехь иза цунах кхетара…

Маьхьдис лерина лелор бахьана долуш, масех бутт балале тайелира борз, амма цунна хIинца а ца хаьара берзан дагахь дерг – йуха а йист йоцу маршо хоржур йу цо йа Маьхьдин накъост хир йу. Йуха а гулбелира Маьхьдин кертахь ламанхой. Борзак массеран а лерина бIаьра хьоьжура, боккъалла а цхьа мехала сацам тIеэца ша кечйелла йолуш санна.

Маьхьдис йуха а схьадиллира ога.

– Борзак, дIагIо хьайна лаахь. Ас маьрша йуьту хьо! – элира цо йуха а.

Борз меллаша оган чуьра ара а йаьлла, лерина Маьхьдига хьожуш, цуьнан когах муцIар а Iуттуш, охьахиира. Массо а кхийтира – барзо Маьхьди хаьржина. Нохчо шен тешаме доттагIчунна улло охьалахвелира, цуьнан месала корта шен мара а къовлуш:

– Шек ма йала хьо, Борзак! Хийла мостагIчун дог перпош, толлур ду вайшиммо кху лаьмнийн некъаш. Со а ву хьуна хьо санна маьрша! – элира Маьхьдис.