– Мичахь ву шун нохчо? Берзан кIеза йеана ас цунна.

Массо а арахьедира. Маьхьди а чохь хиллера. Балкхархо забар йеш йа шаьш Iехош ву моьттира ламанхошна, амма цуьнан карахь долчу гали чуьра кIоршаме массеран а бIаьра хьоьжуш, гIигI деш боккъалла а берзан кIеза йара. Цо шех куьйг Iотта а ца вуьтура цхьа а.

– Тхан ломахь догIанаш бахьана долуш дистинчу хис йохийна хиллачух тера ду кхеран Iуьрг. Ша цхьалха карийнера хIара хи йистехь. Леррина хьуна хIара йалош веана со. ХIара кхио а, кхунах хьайна гIуллакх хуьлий а хьажа. Борз барзах кхетар йу – элира балкхархочо Маьхьдига кIеза дIакховдош. – Дуьнен чохь цхьанна а хиъна дац борз караIамо, йа хьоьга а Iамалур йац иза, амма цхьа хIума ду, хьоьх берзан амал шена гича, иза кхетар йу хьо шех лай йан гIерташ воций, цундела хьуна накъост хир йу цунах, ткъа хьо нохчо хиларе терра цкъа а гIертар вац барзах лай йан.

Маьхьдис меллаша караийцира берзан кIеза. Иза лерина хьоьжура цуьнан бIаьра – гIо дехьа суна бехк боцуш Iанийна нохчийн цIих чIир иэца бохуш санна. Дуьнен чохь ша цхьалха виссинчу Маьхьдин дерриге а дахаран маьIна хилира Борзак аьлла цIе тиллинчу берзан кIезах. Нанас бер санна лерина лелош йара цо кIорни. Маьхьдис цкъа а човха ца дора берзан кIеза, хIунда аьлча цунна хаьара борз иза жIаьла дац, цо цкъа а дуьтур дац шена динарг. Бешахь кхобуш, лелош дара цо берзан кIеза. ХIора а буса цуьнан гIийла угIаро шатайпа гIайгIа йоссайора Маьхьдин кийра. ДIаделира цхьа шо. Де дийне долуш, кIезанах къона борз кхиира. Маьхьдина чIогIа тIера йара иза. Иза цIера ваьлча йуучух ца кхеташ, сингаттамо хьовзайора Борзак. Хан мел йоьду, боккхачу балехь вара Маьхьди. Дукха ойланаш йора цо Борзаках. Дала маьрша кхоьллина долу и экха тахана йийсаре хиларна шен бехк хетара цунна. Эххар а сацам бира цо Борзак дIахеца. Iуьйранна сатоссуш, Кушмэзыкъуей йуьртара ламанхошца цхьаьна новкъавелира иза Борзак лаьмнашка дIахеца. Лаьмнийн когашкахь Iуьллучу хьаннийн хотешка кхечира уьш, вордан чохь къона борз а йалош. Маьхьдис меллаша схьадиллира ога:

– ДIагIо, Борзак… хьо маьрша йу хIинца. КъинтIера йалалахь суна.

Борз оган чуьра ара а йаьлла, акха дIасхьахьоьжура, ша боккъалла а маьрша йаларах ца кхеташ, луьстачу хьаннийн цIеначу хIаваах ца Iебаш, хийлозза замано зийначу Кавказан лаьмнийн муьлха дуьткъа тача ша хоржур те ца хууш.

– ДIагIо, Борзак! Маьрша хуьлда хьо лела некъаш! – гIайгIане элира Маьхьдис, ша дагна гергара накъостаца къаьсташ волуш санна.

Борз меллаша хьуьнан йисте дIайолайелира, амма масех гIулч а йаьккхина, йуха хьаьжира иза.

– ДIагIо, Борзак! ДIагIо – йуха а элира Маьхьдис. Борз хьаннийн хотехь къайлайелира. Вехха цунна тIаьхьа хьоьжура Маьхьди. Ма дукха йара цуьнан коьртехь хьере ойланаш. Иза хьоьгура къоначу экханах, цуьнан маьршачу сих а, дегIах а, ткъа хIара-м бекхаман гураша лаьцна ма вара.

Къона ламанхой ворда йоьжначу говраца цIехьа а бахийтина Маьхьди а, Кучук а кхузара гена воцуш Iаш волу шайн хьаша волчу вахара. Иза волчохь дууш-молуш хан а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна Кушмэзыкъуей цIа вогIуш вара Маьхьди шен накъостаца. Кавказан ламастехь ма-хиллара хIусамда хьеший новкъабаха вахара. Йуьрта йисте кхаччалц уьш новкъа бехира цо. Вовшийн Iадика йеш лаьттачу царна цIеххьана хезира адамийн маьхьарий а, жIаьлейн летар а цхьаьна ийна йоккха гIовгIа. Дукха ойла ца йеш цу агIор дIахехкира ламанхоша шайн дой. Дукха хан йалале царна гира ведда вогIу жима кIант, хетарехь иза йуьрта вогIуш вара. – ХIун хилла цигахь аьлла шега деллачу хаттарна бен доцуш жоп делира кIанта – борз лаьцна.

Ловв аьлла цIе летира Маьхьдин кийра.